![]() |
|
|
#431 |
|
Вес репутации: 3 |
Нене
Нана, аса-м хьан хебарийн Къахьа-дуьра йоза тидда. ГIеххьа хан ю сан даго и-м Хала гочдина. Хьаьжаюккъех доьду харш – Сан некъ бу кхерам болчу идда. Цунна уллехь – харш – сан гIалат, Ахьа гечдина… Шийла маьIна долуш ду-кха Бесни тIера кхин цхьа харш а: Со цкъа мацах, цомгаш хилла, Меттахь Iиллина. Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а – ХIинца уьш а хершнийн куьцехь Го сан иллина… …КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…. КIант хьайх дIакъаьстичахьана Ахь ловш йолу хIара хан а КIоргга балдийн сенаш охкуш, Къиза хьерча хьиэх… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#432 |
|
Вес репутации: 3 |
НОХЧИЙЧОЬ
(сонетийн кочар) Сулаев Мохьмад дагалоцуш 1. Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен, Оьшу хьан гергарло сан кхиэлан цIенна. Чкъураца хьоькх йоцу хьан сибат бен Хир дац сан оьмаран марчонал цIена. Хьан анайистан бос ма ховха бу, Со цуьнах сайн деган ботт ялла, хьаьгна. Маьлхан сир дилли цо сан бIаьргаш чу Iуьйренца, суьйренца шен коьртехь даьгна. ЦIа доцчун ваша ву хьан маьрша мох, Керт къахьъян тIера ду хьан доцу доза… Хьан беттан бIаьрга кIел текхадеш нох, Дешна ас сурт кхуллу хьан мархийн йоза… Башломан дохк ду - хьан гаьнгали цIина Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина… 2. Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина Зил бу сан юьхькIоман са хьоьстуш берг. Суна и доьналлин бесни тIехь гина – И бу-кха сан иллин боцуш ца терг. И зил бу Урартун йозанаш тIера, ХIинца а лаьтташ хьан къайленийн хехь. Доькъу цо вар-валар гойту ши терахь Хьан лаьттахь дийгIинчу тхан чарташ тIехь. Чекхволуш дахаран тIаьххьарчу зилах, Ас маракъовлур бу сайн къоман зил: Воккхавеш сайн каш а хьан кертахь хиларх, И коьрта хъетарна массо а сийл. Сан деден бIов ю хьо ас пусар ден, Сан дагна ха деш бу хьан горга пен. 3. Сан дагна хадеш бу хьан горга пен, Кечамбеш сан дог шен Iаьнарлахь дашон. Суна хьан Iуналло ца тохахь пе, Хьоьх лаьцна иллеш а хир ду сан дашо… Элпа тIе элп тухуш, дашна тIе – дош, Шо-шаре гулби ас цхьа зевне бахам. Iазраил малико сан са дIахьош, Шатайпа хир ду сан верасийн сагIа-м. Луур ду и сагIа ахь къобалдан, Даггара дарца хьайн мукъамийн доIа. И совгIат лорур ду къомана дан Хьан иэсан паналле ваханчу воIа. Сан кийра Iена хьан гуьйренан гIина, Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина. 4. Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина, Iаламо йоьхку сан маршонан юкъ. Сайн лазар карчадеш бух боцчу Iина, Хьан гIоьнца кагбо ас Iожаллин букъ. ТIаьхь-тIаьхьа эхь дайна сан шерийн базар Соь хетта яьллехь а оьмаран мах, Сан деган хесара сиркхонийн асар ДIадаккха гулбо ахь тешаме нах. Мацца а дууш сан каш-лаьттан хьовла, Ахь бетах хьоькхур ду хьайн иэсан пхьош, Иллешна аьхна еш лензаллин гIовла, Ахь самсадоккхур ду сан хIора дош. Хьаштхилла сайна хьан ялйоцу гIо, Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со. 5. Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со, Кхочушдеш азаллехь мел гина гIенаш. Хьоьца ас даьккхина муьлхха а шо Даздан хьакъ ю хьуна уьншеран хенаш. Ширачу хьадисийн керт йоцу урд Дай лоьруш, даьккхи ас сайн иэсан дола. Цундела бийр бу ас тIаьххьара къурд, ТIеэца деза каш ца хеташ дола. Векалдеш сайн уьйрех дисина доь Абадехь биллина мотт лара лахьта, Ас хьуна чIагIо йо, сан Нохчийчоь, Осалла Iеттийна, дуьне ца къахьдан… Баркалла хIуьтту сан пхенашкахь аьлча, Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча… 6. Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча, Коьшкала боккху ас сайн ненан мотт. Нахана жимма а пайда сох баьлча, Туху ахь сихха сан гIуллакхийн чот. Ахь до-кха ас дечу диканийн жамIаш, Сих ца луш кхайкхо ас баьккхина мэл… Иллеш сан къобалдеш сох тешна къам Iаш, Хаац хьан лаьттахь со лелар ву мел. Шен барам къайленах тешийна рицкъ а, Хаац хьан текхахь ас мел дуур ду-м… Цкъа хIинца-м аьтто бац цхьана а ницкъан Якъо сан кхолламан даьIахкийн тIум. Цундела ас хьоьга цхьа хаттар ло: Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го? 7. Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го: Месалчу орццал я пиллигал жима? Хьан лаьмнийн бIаьрсинах дозалла до И муьйлуш, малхо а, батто а – шимма. Со-м хаа лууш ву сатуьйсуш дуй Сан деган татане хьан варшан лерса. Со-м баа кийчча ву ахь бохху дуй Хьо бен сайн дац аьлла дош оза терза. Дуьххьара гуш яц хьан стигалан Iарш Ас дуьлуш бIаьрхишца хьан лаьттан даьIнаш… Дийцахьа, муха ду дIакхаьчна Iаш КIенташа сий даран турпала кхаьънаш? Суна а-м тарло сайх дуьненан баьчча, Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча…. 8. Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча, Лоллу ас йийсарехь хьарчийна къа. Куьг лазош, къуьйлу ас къоламан баьлча, Ойлане охуш сайн кехатан кха. Цул тIаьхьа боккхуш сан шеконо мекха, МогIанийн зIийдигаш чолакх а еш, Дарбане хьан малх сан оханах бекха – Ялта сан мацца а дебаран теш. Гойту ахь хьайн лаам хилар а ботта Могашчу гIоранах сан байтан кан: Ахь лома дIавоьху со хьажахIотта Ас мел ен ойланаш юххера ган… Сан некъан таж ду хьан лечанан тIам, Сан къена верас бу хьан акха лам. 9. Сан къена верас бу хьан акха лам. И-м лаьтта, охкийна чухчарийн кхесаш. Дохийна, хьан кхерчах даьккхича къам, Дас санна, кхаьбна цо хIолламийн иэсаш. Гихь лелош обарган мажъяьлла хьун, Кавказехь Iалашъеш сан къоман хьожа, БIаьвнех ца кхетийта мостагIийн ун, Хьун кхиош тIорказахь шен хIора чIожан. И лам бу ахь доьгIна шатайпа чурт Cан къоман кешнашна ГIум-Азехь долчу. Хьо ганза беллачийн хIораннан сурт ТIулгашна гIенах гуш, хьо-м хIуьтту холчу. Хьоьх лезна ойланаш хир яц сан хьаре, Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре. 10. Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре, Шена тIехь хенаша боршамаш беш. Шар-шарахь йоьду и бIаьстене маре ТIаьххьара лайн чимаш хIаваэхь леш. Шен кийра хьаьвзича татолийн болам, Со воккхуш ойланийн косказаш тIе, Куьйгана байбо сан лехамийн къолам, Иллига тохийта сан дагна це. Кхиайо суна шен зезагийн тоба Бацалахь бес-бесар доIанаш дан, Механ хьу кхетта сан сатийсам туобан Сан бIаьрса хьерчадеш зазашла хьан. Ша мерза бацахь а, беш суна там, Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам. 11. Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам. Мацца а беза и лахьтичу бахьа. БIаьрхиша хIоттор бу сан кийра Iам, Кхачадахь суна хьан марзонан лахьа. Сан токхе напха ду – хьо денна гар, Кхаъ бу и баккха сан хьо езачаьрга. Хьан новкъахь дIаяйча сан коган лар, Шан пардо лоцур ду хьан маьлхан бIаьрга. Лур бац-кха сан цхьа а синхаам аз Со худуш мел ву хьан буьйсанийн кIора. Хьан лере дIакхачахь сан довха аз, Хир яц сан байташ а лергашна къора… Даго деш хьан васте лераме даре, Ас сица дору хьан стигалан даре… 12. Ас сица дору хьан стигалан даре, Ойланца бетташ хьан мархашна лол. Хьан шовда хьоьжу со суьйренца варе, Цинцашца лийчаеш бIаьстенан кол. Белшаш тIе кхоьллина дахкаран оба, Ларйи ас хийла цу шовданан йист. Ас цигахь аьлла сайн ирсана оба, Дуьххьара хуьлуш сайн езаче вист… Луларчу варшара диттийн цхьа доьзал ХIинца а синтаршка со вуьйцуш Iа… Хьан Iалам мел деха, вовр вац со доьза, Кхин юха ца ван со водахь а дIа… Лоруш шех валарна со кхерар хийла, Суна а лаьа хьан са ийлуш хила… 13. Суна а лаьа хьан са ийлуш хила, Кховдадан цуьнга сайн байракхан дарж. Хьанала яц ала хIуттур ву мила Хьан маршо лоьхуш, ас мел йина харж? Ца гIерта баккха со хьан цIарах пайда, Хьан киса кегадеш, ца лоьху сом. Цхьабакъду, лууш верг ас динарг дайдан НеIалтах дIавехка кийча ву со-м. Ца тоьъча осалчийн нахартийн гIора Механа билгалдан хьан бIаьрла хьал, Дуьненна хьо хестош, ас иллеш дора, Лехьаеш дашочу хьан дешнийн сал, Мархаша кхоладеш хьан бIаьргийн лила, Ас чехка хаьхкича заманан гила… 14. Ас чехка хаьхкича заманан гила, Иймано боккху сан оьмарна барт. ГIолда со гIийлачу буоберан къила, Малбахь сайн иллица ас бина барт. Хьан кIайнчу тIулгаш тIехь ламаз дан лууш, Къилбехьа йирзина сан къоман яхь… Лакъийла сан илли, дош дашо дууш, Харцо а хастийна вас хьуна яхь. Тахана хьан маршо декъалъеш лаьтта, Тешаман гIоьнча хьан – гIазотан дин. Хуьлда сох Iесаллин чиркхара даьтта, ЦIунан лай лелла дош ас яздахь кхин. Лойла со, лелахь хьо ца хеташ бен, Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен… 15. Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен, Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина. Сан дагна хадеш бу хьан горга пен, Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина. Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со, Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча, Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча? Сан къена верас бу хьан акха лам, Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре, Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам, Ас сица дору хьан стигалан даре. Суна а лаьа хьан са ийлуш хила, Ас чехка хаьхкича заманан гила, Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#433 | |
|
Вес репутации: 0 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#434 |
|
Вес репутации: 0 |
Газель
Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла. Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла? Стигалахь хьан васто йитинчу лорах Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла. Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш, Лара со иллица хьайн дола ваьлла. Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош, Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла. Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла. Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь, Iилмана ша дуьне дуьтур ду аьлла... Iилман Юсупов __________________ |
|
|
|
#435 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#436 |
|
Вес репутации: 3 |
Саллар
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа - Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха. И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла - Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна... Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла: Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна. ...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа. Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша... Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла, Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а, Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#437 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Маршонан бIов латтош турпалчу къийсамна хехь, ГIазотан дин кхайкхо дутту ас доьналлин маьждиг. Нохчийчоь ларъяр а цундела ду суна тIехь, Бекхаман биргIане лоьцуьйтуш мостагIчун бIаьштиг. Дайн иэсан гоьрга тIехь даьккхина назманийн дос, Син кхерча тохкуш, ас бохбина сайн суьпа кхетам. ХIора сайн доIане эцийти ас дашо бос, Оьмаран йохаллехь хестабеш Делан къинхетам, Хьаьрка тIе, элпа тIе хьоькх лаца ларийна стих, Бакъдолчун хих йоккхуш, вийлла со даим а хене. Дош гал ца далийта, со цкъа а ца велла сих Байташца къамел деш Даймахке, нене, дуьнене… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#438 |
|
Вес репутации: 3 |
Пеш
Буьйса ю тийналлин юргIа тIеийзош, Сан цхьалха кор детта седано-хьешо. Дос догуш тесна кIур шен багахь сийсош, Оти чохь хинкIаш йо поппаран пешо. Сатаса дисина сахьташ а лоьруш, Йоьлху и, кIуьрзаш а хьоькхуш шен бетах. Бода шен пилтано багорна кхоьруш, Хета и дIо сонехь хьуьйш санна меттах. Шех йогIу хьожанаш ю моьттуш къаьхьа, ХIусаман садеIар къинтIера дохуш, Ма-хетта шовкъе и-м яга ца яьхьа, Со - адам - доллушехь шен цIарехь дохлуш. Алуне ша эриг шабарца олуш, Пеш цIийза сов тийна, кIезанах тарлуш. Сан мерза наб йохарх шен бехк а болуш Со кхетта хIунда ю и иштта ларлуш: Сан пеш ю хьоьх йина, Даймехкан латта, Цундела гур вац со вегавеш милла. Лууш сан оти чохь со вохвеш латта Кху Iаьнан буьйсанна хьо бен ца хилла. Туьнкалг ю цхьа меже хьох йинчу пешан. Тхов тIехь цо шен ха до, кIур лестош сийна, Iаьнаре нур хьоьстуш седарчех лешан, Дуьнене хоуьйтуш со хилар дийна... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#439 |
|
Вес репутации: 2 |
Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано.
Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и. И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло, Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий… ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин, Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа. БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу cийналлин, Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а. Мархаш ю — билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш. Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха. Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха, Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа. Дехкаша нох дохуш санна ду шур-щур дар дерзано… Дохк муьйлу лаьтто — ша лам оьзна, яьккхина шура. Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано, Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура. Хьан хIуонехь хIун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа, ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам? Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа, Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан б1аьргийн тIалам… Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран, Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина. Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина. Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло, Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш… Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано, Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш… |
|
|
|
#440 |
|
Вес репутации: 3 |
Дахаре
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон, Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|