![]() |
|
|
#421 |
|
Вес репутации: 3 |
Къиза грамматика
Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш, ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала. Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш, И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала? Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий, Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза. Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий – Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?.. Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош, Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам, Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош, И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?.. Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош, Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина? Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош, Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?.. Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш, Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде: Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш, Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де… Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш? Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!.. Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг, ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг, «Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг, Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#422 |
|
Вес репутации: 3 |
Беттан хьокхам
Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн… Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан. Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю… Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта. Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду. Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш. Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю. Тхайн туьнкалган буйна кIуьран беха гIуркх а буьллуш, Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву… ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера: «ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?! И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера, Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…». Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#423 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан дой
Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь. Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду. ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала, Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу. КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш. Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ. Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета. Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ. Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу. Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас. Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу — Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац. Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла. И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду, Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла, Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, дIакхелхар ву… Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден, Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам, Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам, ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#424 |
|
Вес репутации: 0 |
Поэте
ХIун оьшу бакъволу илланча хила? Хьо а вац и хаттар эзарза зиэза. Дохийна лаьмнаш ду, чевнаш а тиэза, Лууш шайн тIулгаш ахь бIаьрхишца дила. Мел тIома белахь а хьайн кхиэлан гила, И къоман хьашташна дIабожа беза. Хьайн ненан меттан дин ахь даккхахь Iеса, ГIур ву хьо гIазотан назманийн къила. Хьо бен кхин догъэца вогIур ву мила БIаьвнаш чохь кхиъначу хьадисийн иэсан? Тахханехь хилийта Нохчийчоь реза Юьхь ян хьайн къоламан тIаьххьарчу зилан: ТIаккха бен буьрсачу заманан моха Эшалуш хир бац-кха хьан цхьа а могIа… ето мне очень понравилось,если боль своего народа не отозвалась в его душе,цунах т1акх х1у хуьлу..... |
|
|
|
#425 |
|
Вес репутации: 9 |
Лаьхьанан мотт санна, гара цИоьмалг юккъе юьллий,
Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза. Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий – Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?.. Ето точно про меня..Стыдно,но честное слово,когда-то я хорошо писала на родном, а теперь,последние ))))скажем так, годы ,не приходилось ,вот все и забыла...Ето не оправдание,но все же.. |
|
|
|
#426 |
|
Вес репутации: 0 |
На бренной планете тоскуя, страдая, скорбя,
Не век же мне плакать, скитаясь без счастья и крова… Мой маленький ласковый мальчик, я помню тебя! Чтоб жил ты на свете, я с жизнью расстаться готова!… я уже не раз читала ето,но специально обходила стороной,да слишком свежи наши раны....... |
|
|
|
#427 | |
|
Вес репутации: 0 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#428 |
|
Вес репутации: 9 |
Беттан хьокхам
Дарделлачу цИоькъалоьмах дарцо мИараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кИай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кИайн… Весы,суьйре дика хилла хьан!!! Скажи ,что об етом думаешь..Мне напоминает сказку..Зимнюю сказку...И дом напоминает,и детство... Как мама пекла лепешки,как дровами топили печку... Куда ушла вся ета красота из нашей жизни?!!!Ето было такое счастливое время... Когда читаешь стих ,все так реально встает перед глазами, даже дыхание перехватывает... баркалла,1илман,хоть на какое-то время вернул нас в ето счастливое время нашей жизни,моей,так уж точно!!!! |
|
|
|
#429 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
|
|
|
|
|
#430 |
|
Вес репутации: 3 |
Олхазарийн тхьамдане
Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша, Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа. Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа, КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа. Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун. Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца. Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун. Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца. Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча? Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт, Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча? Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо. Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш. Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо: Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш. Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешна тIе, Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна… Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе. Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|