![]() |
|
|
#411 |
|
Вес репутации: 3 |
Sojarisam, ахь шорта къахьегана хилла х1окху сан темичохь. Дала меле лорийл хьан иза. Хазхета хьо сайн х1усмехь гича. Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#412 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна, Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн, Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина, Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай. Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу? Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м, Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м… Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар… ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала, Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#413 |
|
Вес репутации: 0 |
Лехамашна сутарчу сайн сина
ХIун ду хууш кху дуьненахь товш, Ас сайн ненан бIаьрхих шекъа дина, Даг тIе язди «Даймохк» боху дош… |
|
|
|
#414 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
)))Что-то не ясно мне ,что-то непонятно... |
|
|
|
|
#415 |
|
Вес репутации: 3 |
Газель
Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда, Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда. Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш, ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан. Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш, Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда. Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош – Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда. Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан. Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза, Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#416 |
|
Вес репутации: 9 |
Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда,
Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда. Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш, ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан. Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш, Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда. Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош – Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда. Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан. Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза, Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа… Iилман Юсупов __________________ |
|
|
|
#417 |
|
Вес репутации: 3 |
Буьйсанехь олхазарш
Цхьацца бен ца девлла шу тIома, жатташ ян кхоьруш. Буьйса бен яц шуна хIаваэхь нека дан маьрша. Бухахь бу, тоьпаш а етташ, шу чуэго лоьруш, Тебна Iаш иччархой, дуьйлина шайн дегнаш Iаьржа. Ткъа аша-м некъ бо шайн, тIемашца мархаш дIатуьттуш, Шайн ховха легнаш а дахдина генарчу ана. Мохк хийца дийзи шун, шайн баннаш дIатесна дуьтуш, Царах шайн доглазар даьккхина шайцанна пана… Стигалан аренца язделла хилла шун некъаш, Седарчийн буьртигаш хилла шун нур догу кхача. Шу дайъа Iалашо иччархойн мел хиларх хьекъаш, Тоьар дац-техьа шун гIора шайн ирсе дIакхача? Дахкаро салоьцу, зIакарш тIе шийла Iаь етташ. ХIиттинчу догIмашна аьхна бац хIаваан маьнга. Бодашлахь доьлху шу, гIелделла тIемаш а детташ, Ца хууш, тIома кIел даш кхетта мохь болу хьаьнга… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#418 |
|
Вес репутации: 9 |
Поэте
ХIун оьшу бакъволу илланча хила? Хьо а вац и хаттар эзарза зиэза. Дохийна лаьмнаш ду, чевнаш а тиэза, Лууш шайн тIулгаш ахь бIаьрхишца дила. Мел тIома белахь а хьайн кхиэлан гила, И къоман хьашташна дIабожа беза. Хьайн ненан меттан дин ахь даккхахь Iеса, ГIур ву хьо гIазотан назманийн къила. Хьо бен кхин догъэца вогIур ву мила БIаьвнаш чохь кхиъначу хьадисийн иэсан? Тахханехь хилийта Нохчийчоь реза Юьхь ян хьайн къоламан тIаьххьарчу зилан: ТIаккха бен буьрсачу заманан моха Эшалуш хир бац-кха хьан цхьа а могIа… |
|
|
|
#419 |
|
Вес репутации: 9 |
Яздарче
Илланчин цIе езаш, дарж дина лело, Деса дош вотанах ахь декадо. Сан ненан маттана мел хилла гIело, Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го. Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело, Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо. ХIетте а, сирачу мог1анийн кIело Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо. Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло Пирдовсе буьгур бу масийтта бIо. Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело Тера ду, хетарехь, кхеттачух со: Бакъволу илланча, гIелвелча, вело Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло Вот етот стих мне очень нравится!!!)))Говорит как есть!!!))) |
|
|
|
#420 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца волу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|