![]() |
|
|
#391 | |
|
Вес репутации: 16 |
Цитата:
1илман к1оман к1ант ву, Дал дуккху ваг1 войл из! Докх балкар Ельмирин х1ар тема схьаелларна Ельмира дика ч1ог1 дика йо1 ю, ларам оьздангал г1иллакх шадерриг долуш Дал аьтто бойла хьан Ельмира!
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! |
|
|
|
|
#392 |
|
Вес репутации: 3 |
Газель
Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла. Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла? Стигалахь хьан васто йитинчу лорах Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла. Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш, Лара со иллица хьайн дола ваьлла. Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош, Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла. Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла. Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь, Iилмана ша дуьне дуьтур ду аьлла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#393 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема, Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман, Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч. Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна, Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч, ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш, Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш, Поэзин дитта тIехь кходуш шен га, Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко, Майрра бIобулуш шен иллин аз деко, Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка, Вар-валар гайтаран терахьийн йоза, Кадолуш шен байтийн терзанахь оза, Шен дагалецамаш абаде хьош, Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а, Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#394 |
|
Вес репутации: 0 |
Газель
Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла. Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла? Стигалахь хьан васто йитинчу лорах Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла. Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш, Лара со иллица хьайн дола ваьлла. Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош, Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла. Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла. Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь, Iилмана ша дуьне дуьтур ду аьлла... я даже комментировать не буду,я просто его скопирую еще раз......... |
|
|
|
#395 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха Сан сийна, муттане денош. Сан дагна гергара хиллачу хийистехь Г1аьттина боьмаша шач… Х1ун бала бара хьо дагаян, Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош? Кхолламо биллинчу новкъара юха а Со х1унда вели0те лач? Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла, Кхетаман буйнара ваьлла, Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало Цкъа мацах даьккхина кес? Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна, Ерриг а сирйина яьлла Гилано-къоналло дозалла щех дина 1аьржа варкъ диллина кхес…. Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн Легашкахь хьан сибат лаьтта, Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш, Синтемза 1ийжа сан дог… Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо Сендина б1аьстенан латта, Хийисте вай ший а д1адоьхуш, Бацалахь тачано йиттина ног… …Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь Хьан озан пиллигаш хьедеш, Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира Самалхадаьллачу сих. Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш, Т1етт1а сан дог доккхадедеш, Лалийна к1айн деши иэделла хетара Апари хьоьстучу хих… И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта Тахана со хьаьгна вацахь, Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу Бехкаман буржалийн къа. Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь, Со-м цкъа а вицвина вац ахь. Цундела оху ас, б1аьсте а ялале, Сайн дегайовхонан кха… Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь, Кароре ч1ог1а сатесна, Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено 1аь тухуш, ц1андина х1у. Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта, Даггара цу т1е и тесна, Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба Хьежа а-м со кийча ву… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#396 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина, Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу… ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина, Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву. Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна – Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь, Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь: Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду… …Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#397 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Амазонка,баркалла хьуна!!!Ахь даимна а хаза байт ёккху керл!!! |
|
|
|
|
#398 |
|
Вес репутации: 9 |
СОНЕТ
Хьан мерза т1е1аткъам ас х1аллакби - Тоийта хьайн куьцан чиркх суна багор. Ца аьлча ца волу: ца хьийза кхин Къайллах хьан тидам беш, б1аьргашна б1агор. Букарчу сайн шерийн бодане 1ин Дити ас хьан месийн серлонца къагор, ХИетте а, кхоьруш ахь лачкъорна и Сайн дагна керт йи ас массо а аг1ор. Син 1аьршахь 1алашдеш хьан куьйгийн нур, Ахь кхаьбна г1ан лоь1уш, ца лоьху там ас. Сан иэсах бетташ хьайн аматийн кур, Ма г1ерта галдаккха сан цхьаллин ламаз, Со воьрзуш ца хилча хьайн шовкъан дине, Ма кхийдадехьа соь хьайн дег1ан дуьне... Иилман Юсупов Если сказать , используя не литературный язык : " Отвали ,что прикопалась " -бохург хир дукх х1ар!!)))Ма ца оьшуш коча бе1на бала бу хьо!!! Бехк ма биллахь,Ельмира,за такой "перелив " слов и эмоций.)) |
|
|
|
#399 | |
|
Вес репутации: 0 |
Цитата:
ишт олуш ма ца хуьлу иза,ну что Сояра,что с ним будем делать после етого,обидел он одну из наших сестер (да простит меня 1илман,если увидит ето)
|
|
|
|
|
#400 | |
|
Вес репутации: 9 |
Цитата:
Да простит нас Юсупов,ето мы просто разфилософствовались тут,на ночь глядя!!!))) |
|
|