Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.02.2008, 19:14   #371
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош,
Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга,
Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош,
Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга…

Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга,
Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас.
Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга,
ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас…

Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара,
ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ?
ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара,
И муха ер яра сан деган цацанах чекх?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:14   #372
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
--------------------------------------------------------------------------------

* * *
Сан г1айг1анан дилха дат1ош, доккхуш дато нур чекх,
Жил-1аламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх.

Стигал ма-ю д1асадаржлш шен з1аьнарийн ч1ораш,
Доьллу цо сан нана чохь 1аш йолчу ц1ийнан кораш.

Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша д1атуьйрриг,
Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг…

Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша –
Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша.

Сатийсамо х1инций-х1инций боху, са ца 1уьйддург,
Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг…

…Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат
Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат,

Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до 1а:
Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доИа.

Сан къоналлин г1ушлакхехь цо дуьйцина ши кара
Дарцо уг1ош йолчу арахь со дожийна вар а

Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш,
Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш…

1алам ахь х1ун барзакъаш сан нене дуца боху?
Оццул боккха г1ирс а бахьаш, хьо-м тхан керта дог1у!

Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла 1енош,
Со г1еметтах1отталц шорта дара ненан денош.

Х1инца-м, ткъа, уьш д1адевллачийл вуно к1еззиг хета –
Тегар бен, кхин х1ума юцар дац-кха ненан, х1ета:

Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш б1аьран меха,
Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха…

1илман Юсупов

Яр байт хета суна ч1ог1а хаза ,Весы. Йеша ,мел хаз дуьцу цо шен дахарех ,шен Ненах а лаьцна...Вспомнила свою бедную Маму,все думала ,вот встану на ноги,вот еще немного и ...,а уже поздно...) Мне кажется, я сейчас люблю всех состарившихся матерей,какую-то особенную нежность испытываю я к ним...Точно так же,как пишет об етом Ильманн,но он пишет об етом по-своему,по-сыновьи ,по-мужскому...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:21   #373
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Весы, Соярисам, Додам, мне как всегда понравились ваши посты. Спасибо за поддержку. Эльмира.
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
* * *


Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара,
Д1агойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ?
Г1айг1а сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара,
И муха ер яра сан деган цацанах чекх?..


1илман Юсупов

Баркалла хьуна,Ельмира....Ахь даима-ъ, уггаре а хазах ёлу Ильмана байт керла ёккху...
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:22   #374
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Поэтан дог

Де-дийне къахета суна хьоьх, поэтан дог:
Адамийн гIийбато туьйсу хьан дилханах мIараш.
Поэтан дахаро мел туьйхи кхераме ног,
МостагIийн тобано детта шен хьараме тIараш.

Дуьненан бендацар – къизалло ловзаден гIулг -
ЦIийх лиэша Iеминчу поэтан дагна тIекъерза,
Шек доцуш диканна вуоно тIеластийча тIулг,
Там хуьлуш кагделча Бакъ оза гIертачун терза.

Адамийн зуламо етташехь шех дера ка,
Поэтан дог кхочу дуьненан массо а маьIIе.
Хьосту цо гIийланиг, мискачух хетарца къа,
Къурд ала кечвелларг гIаттор а лору цо маьIне.

Шегара гIо оьшуш волчуьнан хIусамехь го,
ДIакхачош цунна а шен комаьршаллех цхьа дакъа.
Къар ца луш, поэтан дарбане дог деттало,
Бекабеш дерриг а дуьне чутардина накха…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:29   #375
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сингаттаме ойланаш

Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг:
Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш.
ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг,
Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш.

Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба,
ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан.
Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат,
ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан.

Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта:
ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар.
Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан,
Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:41   #376
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Къаналлех лаьцна ойланаш

Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса.
Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог.
Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса.
И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког.

Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса,
Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ.
Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза,
IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ.

Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта,
Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар.
Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта:
Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар.

КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера,
Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз.
Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран,
Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас.

ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна,
Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг.
Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна,
Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг.

Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах,
Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц,
Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах,
Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:44   #377
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Сингаттаме ойланаш

Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дИабухку меттиг:
Ширачу цхьанна тИе кхетта го итт керла каш.
ДогИмашлахь асар дан кИад ца ло Иожаллин метиг,
Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш.

Мацца а каг ца луш Иийр яц сан кхолламан кхаба,
ЦИеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гИан.
Беллачийн чарташ тИехь Иамадеш Иожаллин абат,
ТИаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан.

Сих-сиха кешнашка вогИий, со ойлаеш лаьтта:
ХИоккхузахь йовр ю-кха дахаран тИаьххьара лар.
Хир ду-кха сан дегИ а - чаьммаза кхача кху лаьттан,
Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар.


Иилман Юсупов

Всему живому на этом свете ,когда-то приходит конец.Тяжело об етом думать,даже страшно...1илман так хорошо ,спокойно говорит об етом,что приходит уверенность ,что все будет именно так ,как он говорит...Что наши души будут спасены,и находится на небесах...Как и каждому истинно веруюшему мусульманину , в нем есть ето убеждение,и потому он передает его нам в своих стихах...
Дала геш дойла массо а адамах!!! Дала къихетам болла вайх!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:47   #378
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Ельмира,для одного вечера -ето много ,столько грустных стихов...Пожалуйста ,разбавь их немного оптимизмом...))
ларамца.
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:51   #379
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сатоссуш

Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта
ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ…
Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта,
ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх.

Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь.
Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа
Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь,
Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 24.02.2008, 19:54   #380
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш,
ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша.
Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш,
Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са.

Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а
Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш.
Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура,
Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш.

Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь,
Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт.
Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь,
Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт.

ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта,
Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий.
Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта,
Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий.

Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а,
ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар.
Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла,
Гуш санна даточу лайтIера массо а лар…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.