![]() |
|
|
#361 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#362 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош, ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#363 |
|
Вес репутации: 9 |
--------------------------------------------------------------------------------
* * * Ас хIинца ца етта эшамийн, толамийн чот, Уьш IаIош таппашкахь оьмаран шуьйрачу четахь. Со хIинца Iамош ву хьан дагна безаман мотт, Тамаша белахь а цуьнах и кесталгIа кхетахь. Хьо дага мел еа, чIагIло сан кийрара цIе, ГIад яхна ойла а дIайолу ерриг а лелий... БIаьргашна хьо ца гуш кхин цхьаъ а дIадели де. Сан дахар кхин цкъа а безамца галморзах дели… Iилман Юсупов |
|
|
|
#364 |
|
Вес репутации: 0 |
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча. Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь, Мел хьуна хетахь а ирча… Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах Шераша даьккхинчу кесе, Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах, Яккха и сан некъан иэсе. ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а, БIаьрсица адамаш лоьIуш. Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а, Хезаш ахь ховха садоьIуш. Стигалан сийна кир берриг а лилхина, Мархаша тIе сизаш хьоькхуш… ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина, Безаман чIир суна йоькхуш… Iилман Юсупов |
|
|
|
#365 |
|
Вес репутации: 0 |
Буьйсанан Iоман
куьзганчу а хьоьжуш, коча сетташ, седарчийн сирлачу ловзарга баха кечлуш бу Iаьржа бода.[/FONT не сдержалась,как мне ето нравится......... |
|
|
|
#366 |
|
Вес репутации: 0 |
Вовшашка хьошалгIа неI тухий ца доьлху синош.
Седано седане дош олий ца босту мотт. Безамо, дагардеш шен махкахь летийна къинош, Хьесапе ца оьцу, къийлалуш, вай етта чот. Ас хьуна диллина латтадо сайн деган кораш, Хьо баттах таръелла царна чу кхетийта кIайн. ХIетте а. син уьйтIахь шершадеш доIанийн нораш, Ас къинойх дIацIанбо хьоь болу синхаам сайн… Iилман Юсупов вот ето тоже..... |
|
|
|
#367 |
|
Вес репутации: 11 |
Красиво.. как всегда..)
Даймехкан дагна гел хьийзайо г1арг1улийн назмано.
Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и. И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло, Набарна оьгу уьш, сан 1алашонаш а юий… Г1аш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин, Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа. Б1аьрг баса баккхарал совнах шен б1аьрлачу cийналлин, Стигало-м хебадо т1ехь маьлхан нур даьгна хьаж а. Мархаш ю — билхина маьлхан б1аьрг бакъабен йовлакхаш. Уьш х1инца б1аьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха. Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха, Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа. Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано… Дохк муьйлу лаьтто — ша лам оьзна, яьккхина шура. Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано, Ду иза сан б1аьргийн нур оза ца дашшал кура. Хьан х1уонехь х1ун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа, Т1аьхь-т1аьхьа шийлачу хаспашка марзделла 1алам? Генна д1а кхийсахьа г1айг1анан герканаш цкъа мукъа, Хьо ч1анадоллушехь горбоьду сан б1аьргийн т1алам… Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран, Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина. Ахь суна т1ехула лаьцначу стигалан четаран Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина. Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло, Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш… Даймехкан дагна гел хьийзайо г1арг1улийн назмано, Сирлачу г1айг1анан хих йохуш адамийн уьйраш…
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#368 |
|
Вес репутации: 11 |
И это тоже..)
Веха со, лелош сайн шерашца гамо,
Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма. Хала ду-кх хебарш а ягарьеш 1амо Доккхачу дуьненан хьесапан 1илма. Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар, Оьмаро качъелча сан даге йина. Цундела т1едоьжна денойх ца1абар Г1еметтах1оьттина долчу сан сина. Дахар ду заманца хьаббарех ловзар, Т1аьххьара б1аьрг беллар валар а долуш… Цкъа х1инца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар — Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш. Азъелла яг1ахь а сан ирсан рузма, Безаман м1аьргонаш — аг1онаш туьлуш, Вог1у со куьг лаьцна сайн къоман узаман, Син т1аьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш. Ткъа дог, д1аладоьг1ча, аре ю т1еман: Цунна т1ехь леташ ю б1остане шовкъаш. Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема, Шена т1е хьерчаеш толамийн къовкъарш. Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь, Когашна аьрха ца хетийта сацар, Эшаман ша башош кхиаман четахь Муьйлу ас доьналлин хьаьж т1ера хьацар. Цкъа-м омра кхочушдеш т1аьххьарчу сахьтан, Д1аг1ур ву абаден х1ордах д1аэн со. Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта Сан чуртах 1аса яхь адамийн иэсо…
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#369 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Аллах1 реза хийла хьуна х1ара болх кху чохь барна!!! Даггара болчу ларамца..)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#370 |
|
Вес репутации: 3 |
Весы, Sojarisam, Додам, мне как всегда понравились ваши посты. Спасибо за поддержку. Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|