Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 15.02.2008, 20:17   #311
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Сийсара сахиллалц догIано пийсак а хьоькхуш,
Лаьттан жарж ца кхоош, дина ду кIетара худар.
Селхана син когаш берзина ас бахар доькхуш,
ГIайгIано тIедожий суна шен ши кало тудар.


Уьш а ю шайна чохь ца тоьаш, сан дакъазалла,
Уггар а кIедачу ойланах яьккхина утаркх.
Цундела шелло со, делахь а, садетта халла –
Кху тайпа хоршане гIайгIа а ца хирий гуттар-х…

Цкъа хIинца-м къора бу сан корехь цо боьзна маша.
Амма сайн иллешца маьлхан кIайн буька-яй хестош,
ДогIанан хударо ген пIаьлдиг совсийна хьаша
ДIаэккхор ю аса, шен калош тIаьхьа а лестош…
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 01:07   #312
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Энигма, Sojarisam, Весы, Додам, баркалла шуна сан темин тидам барна. Т1аьхьарчу ханчохь со ларош яц кху чуян. Амма Дала мукълахь тема йицьелла 1аш яц. Ларамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 01:11   #313
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Буьйсанехь олхазарш

Цхьацца бен ца девлла шу тIома, жатташ ян кхоьруш.
Буьйса бен яц шуна хIаваэхь нека дан маьрша.
Бухахь бу, тоьпаш а етташ, шу чуэго лоьруш,
Тебна Iаш иччархой, дуьйлина шайн дегнаш Iаьржа.

Ткъа аша-м некъ бо шайн, тIемашца мархаш дIатуьттуш,
Шайн ховха легнаш а дахдина генарчу ана.
Мохк хийца дийзи шун, шайн баннаш дIатесна дуьтуш,
Царах шайн доглазар даьккхина шайцанна пана…

Стигалан аренца язделла хилла шун некъаш,
Седарчийн буьртигаш хилла шун нур догу кхача.
Шу дайъа Iалашо иччархойн мел хиларх хьекъаш,
Тоьар дац-техьа шун гIора шайн ирсе дIакхача?

Дахкаро салоьцу, зIакарш тIе шийла Iаь етташ.
ХIиттинчу догIмашна аьхна бац хIаваан маьнга.
Бодашлахь доьлху шу, гIелделла тIемаш а детташ,
Ца хууш, тIома кIел даш кхетта мохь болу хьаьнга…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 15:45   #314
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
* *
Вайн лулахь сийсара сахиллалц уьгIира жIаьла.
«Цхьаъ лийр ву», - аларца дIайижа яхара хьо.
«Хьо угIа хьайн сина», - меллаша сайн дагахь аьлла,
Стаг валар аьттехьа ца дита гIоьртира со.

Берашна и жIаьла Iуьйранна делла карийра,
Цуьнан чарх тIеоьцуш, ярашлахь дилхира Iин...
Сан сардам боьссина хилла-те цу жIаьлин кийра,
Цхьанна а ца хезаш боьллина хиллашехь и?..

Дика а, вон а цхьа бIостане ду кху дуьненан,
Цецваьлла оцуьнан ойлаеш, со вехха Iий:
Адамна хьалхара леш, жIаьло мел баьккхи шена,
Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 15:54   #315
vesy
 
Вес репутации: 0
Адамна хьалхара леш, жIаьло мел баьккхи шена,
Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий...
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 16:08   #316
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го.
ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа.
Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со
Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа.

Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо,
Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш.
Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа йиц ма-елли со,
Стиглахь гой-те хьоьжур вуй хьо мархийн къоьжа месаш?.....
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 16:17   #317
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Сообщение от AMAZONKA2
***
Шелбелла бутт 1уьллу мархашлахь хебаш,
Белхаме хьоьжу и сан корах чу.
Г1айг1а ю сан деган не1саг1ехь дебаш —
Сан дагахьбалламан г1орасиз 1у.

Седарчийн тоба а, цхьа г1ийла лепаш,
Къарздеш ю стигалан босбаьхьна у.
Хьан сирла аматаш ойланна тебаш,
Тховса а наб ца ян со кийча ву.

Сурт х1уьтту: саьрмиках хьан дагах хьерча
Багах а, мерах а ц1е кхуьйсу вас.
Чов хилла лу санна, сан син т1ехь керча
Ас дашца букъ бойна хьан тийна аз.

Сих ца лахь хьо суна къинт1ера яла
Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала


1илман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 16:23   #318
vesy
 
Вес репутации: 0
Сих ца лахь хьо суна къинт1ера яла
Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала…

Сояра баркал,я читаю твои выборки и мне ето помогает лучше ознакомиться с его творчеством,так как ты копируешь самое характерное
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 16:32   #319
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Сатасар даьржича стигалан Иаршахь,
Сендели лаьттарчу ИиндагИийн куц.
ХИинца а ах-сема наб ечу варшахь
Шийлачу детийлахь лепаш ю буц.

Мангалхой ларийна ирзешна гуо бан.
Ша юй а хоуьйтуш чИагИлуш ю тов.
Лайн чимийн бос болу кхокхарчийн тоба,
ГИур-гИур деш, корашна кИел меттаххьов.

Малх гИатта цИийбелча, хИуттут а ека,
Басах дИалетта Иа хьун екаеш.
Мархаша стигалахь дуоладо нека,
Хиндолчу догИанна хьурмат а деш.

Шур-шур деш Иаш долчу шовданчу кхета
ЦИеххьана къегинчу зИаьнарийн цИов.
Аьхкено схьадилли аьлла а-м хета
Шен уггар сирлачу хИусаман ков.


Енни,посмотри какое оно красивое,представляешь себе всю ету картину-лес ,трава ,поле,родник,небо....Енни,я хочу домой(((((
Так красиво может быть только дома и нигде больше в мире!!!(((
Счастлив человек,который может передать красоту увиденного,Баркалла хьун
1ильманн,мне очень понравилось!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 16.02.2008, 16:33   #320
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Дехар

Дахделла IиндагIаш. Де даьгна дели.
МIаьргонаш зовъюьйлу некъашкахь шайн.
Сайн гIенийн цIачуьра со аравели,
Са сема хилар сан – дуьненна тайн.

Хьан цIе мел тешаярх хIаваэ матто,
Сан деган гIайренна хьо-м гена ю.
Хьо стиглахь гой хьаьжча – вагаво батто,
Я туху седано шен дато ю.

Йолахьа белша тIехь малх бахьаш можа,
Ламанан торха тIехь сатасар ган.
Сан дагца барт хилла хьан кхиэлан кхожан,
Гайтахьа самах сан тIаьххьара гIан.

Вайшиннах дог лаза хир вац-кха цхьа а,
Дитташ тIехь гуьйренан цIеста гIаш леш.
Дош лохьа суна со виц ца ван цкъа а,
БIаьрзечу кхолламна хьайн хьукма деш...

Iилман Юсупов
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.