Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 09.01.2009, 08:50   #2591
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***

Къоламан белаца кехат а охкуш,
Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш.
Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш,
МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш.

ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам,
Букарчу цхьалло шен гехь латтабо.
Суждане эгахь а ойланийн бIо,
ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м.

Кхолламан барам бу цкъачунна беса —
Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац:
Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац
Дуьненан лазамо шен Iеса еса.

Шардо ас упханаш массо а байтан,
Воттанан меттана тIехьоькхуш са…
Марчонна лоьру ас хьарчоза къа —
Илланчин оьмаран цIеналла гайта…

Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал,
Массарна хетийла дацахь а дош.
Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош,
Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.01.2009, 08:50   #2592
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Тов

Лаьхьа сана, хи тIе текха тача,
Сетта, кIамлуш морзгал-моьнаш – лараш.
Бецан кийра лаьцна ченан ача
Цестаевли маьлхан зIаьнарш-тарраш.

Болх беш ю аьхкенан йоккха товха,
Доттуш, кхоьрзуш Iаламера синош.
IиндагIаш ду дерриге а довха,
ГIора доцуш дайдан тевнан къинош.

Малхо, мархийн билзиг юккъе хуьйшуш,
Чоьш схьалоьцу церан массо можан,
Нуьре цергаш яош, аре Iуьйшуш,
Гонах яьккхи сагал-бецан хьожа.

Зевнах доккхуш тIемийн жима пиллиг,
ДIо кIайдарган кеда зIуга юьжу.
Тийналла ю дилла гIерташ «бIиллиг»,
Лехна аьзнийн уггар мерза ижу…

Амма син Iаьршашкахь ойла къекъа,
Дагах кхета стелахаьштиг-могIа,
Къинхетаман коьртехь бIаьрхи хьекъа,
ТIедутту сан байтийн дато догIа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.01.2009, 08:51   #2593
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара
Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн Iаса,
Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара,
Сатуьйсуш хиларе кхана хьох сайн деган Iаса…

***
Кийра сирла боггушехь сан беттан бIаьштигал,
Дог ду реза доцуш цуьнан можа гIайгIа молуш.
Дагна шенна езаш хилла йоккха цхьа стигал,
ГIушлакхе а баьлла, богуш ирсан малх а болуш…

***
Дуьненна а барзакъ тега ницкъ болуш ду тай,
Шен цхьа похIма доцуш дац кху лаьттахь цхьа а сиз а…
Адамаша пайда оьцуш дац дIо шира тIай,
Амма шина бердан деха гергарло ду иза…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.01.2009, 08:52   #2594
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Лайн зезаг

Къегинчу беттасин суй санна тIех сирла, бIаьрла,
Аса-м и ловзадо йовхачу кераюккъехь.
Инзаре и зезаг дуьххьара гина сайн бIаьрга,
Цецваьлла лаьтта со хьуьнхарчу дитта юххехь.

Беса, чекх са гуш ду, шен гIодахь мерза мутт IаьIна…
Хаза ду, кIорда ца дала и, мел дукха хьежарх.
И ду-те бехкала яханчу бIаьстенан къежар?
Я ду-те Iодикъен маршалла даханчу Iаьнан?


Генна ю хIинца а ялташа чIожхьовзон хан…
Лайн зезаг, соьх къайле ца лечкъош, делалло ховха:
Я хьо ду баьгна дIабаьллачу безаман совгIат?
Я хьо ду билгало керлачу синхааман?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.01.2009, 23:52   #2595
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа,
Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш.
Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа
Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш.

Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа,
ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас:
БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа,
Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац.

Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна,
Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш.
ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна,
Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.01.2009, 23:52   #2596
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сатоссуш

Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта
ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ…
Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта,
ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх.

Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь.
Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа
Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь,
Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2009, 01:40   #2597
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Дахкаран саьрмико шен беса цIога
Хьовзийна, хIоз бина юьрта тIе дилли.
Дерзано, тхевнаш тIе мотт хьоькхуш шога,
Бошмашка тIадамийн шийла мотт билли.

Диттех дIакъастаро тентак а даьхна,
Можа гIаш хIаваэхь хелхарехь сетта.
Хьоьх лаьцна ойла а яц хIинца аьхна:
Мустбелла бод санна, и хьиэ чу летта.

Стигална лол бетта гIерташ ю гуьйре
ТIуьначу тIаргIулийн Iаьржачу тешца…
ГIайгIано такхийна ялаен суьйре
Ас муха лан еза соьх хьо ца тешча?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2009, 11:18   #2598
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Къаналлех лаьцна ойланаш

Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса.
Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог.
Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса.
И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког.

Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса,
Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ.
Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза,
IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ.


Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта,
Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар.
Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта:
Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар.

КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера,
Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз.
Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран,
Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас.


ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна,
Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг.
Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна,
Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг.


Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах,
Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц,
Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах,
Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2009, 11:19   #2599
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса.
Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехь ламчу тилла.
Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса –
Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла.

Ламанца мустъелла дахкаран етташура.
Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба.
Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш,
Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан.

Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар.
Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла.
Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар,
Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла.

Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш.
Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара.
Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш,
Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонан барам…

Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш
З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий…
Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламна децаш:
И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2009, 11:19   #2600
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дагахьбаллам

Ойла ца еш ас хьан сина дина халахетар
ТIедазделла, балехь бу сан стихийн хIора могIа…
Ма зовдаха тIера дара хьан эсалчу деган хедар
Сан сихаллин моханечу дешнийн чIиркъе догIа.

И дIахудуш, саьхьарбаьлла сан шеконан орам
Гирий хьуна, цIубдар санна, вайн безамах бекхаш?
ХIетахь чIогIа хало ларна, дагна хилла хорам
ДIа ца болуш, дукъделла ду cан синтеман легаш…

Ирс хиллий-цца йокъанехь а таро йолуш хьекъа,
Йочанера гIо ца лоьхуш дегнийн кораш дила…
Лууш ву сайн бIаьргийн стигал даим Iахар къекъа,
ДогIа теран билгалонна хьан стелаIад хила!..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.