![]() |
|
|
#2501 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1аьнан малх меллаша чубузуш бу. Коьллаша вовшашца IиндагIаш къуьйсу. Ца хууш маса де ша хьоькху ду, Лайн чимийн синош тIехь махо пал туьйсу. Когашна кIел тесна кIайн кетар лайн, Суьйрено ламаз до шовданна лулахь. Со лакха кийчча ву син пондар сайн, Хьо яре хьоьжучу ойлано булахь. Иллешна мийладеш дахкаран мутт, Матта тIехь лаладо ас дети байтан. Ас цуьнах бийр бу сайн безаман бутт, Хьо цуьнан серлонгахь сайн дагна гайта. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2502 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2503 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш, Ас и айса тегна дела догуш долчу сица. Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха... Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол, ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха? Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу - Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш... Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?.. ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... 1илман Юсупов Способность любить — такой же небесный дар, как и способность к творчеству. В любовной лирике 1илмана Юсупова проявляется величие его души, благородство, доброта, бескорыстие. Стихи 1илмана отличаются глубокой проникновенностью, философичностью и той искренней сердечностью, которой порой так не хватает людям... Дела реза хуьлийла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2504 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2505 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман лами
Оьздачу хьан дешнех буцу ас безаман лами: Хьан деган Iаьршашка лууш ву со хьалавала. ХIуъа дийций а, со волччохь цхьаъ дийций яла – Хьан къамел кего кечбелла бу сан деган чами… Сан ламин тIегIанаш – мукъамах аьгна хьайн дешнаш – КIадо а ца еш, чуэгаде хьайн балдаш тIера. Хьан дешнийн оьланаш – со гуттаренна шайх тешнарш – Дахаран хазна ю сан ирсан кераюккъера… Сан болх бахийттина мерзачу чаккхенан герга, Там бара цIеххьана хьан дашо къамелаш кхачон? Хьанал ю ламина ас тIегIанашца ен кхачо, Беркате хуьлда ас хаддаза церан бен тергам… Ши тIегIа тIеоьшу со Iалашоне дIакхача. Йист хуьлуш ма яц хьо? Ас хIинца хьаьнга ладегIа? Тийналло мацдина, ирделла сан лерса хьегIа – Хьарам би цунна ахь хьайн балдийн и зевне кхача?.. Хийистехь садайна… Хьан кIудал тIехъеха ели… Ахь, даржехь совдоккхуш лааман кIоршаме собар, Эвхье схьахьажарца эли сан ойланна оба, «Хьо веза» - ши дош а - сайн лами со бина вели… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2506 |
|
Вес репутации: 27 |
Аьхкенан суьрташ
Стигла кхийда лаьмнийн сийна баххьаш, Цаьрга хьежа ца до-кх суна кIорда. Со ирзера вогIу, йол цIа яхьаш, Ченан кIуьро къайлайохуш ворда. ХIоаш санна, горга тIулгаш луьйсуш, Генна боьранашлахь дохк ду къоьжа. Уьду мархаш, хьалхайовларх къуьйсуш. Мара къовла лууш маьлхан гоьжа. ТIеттIа Iеткъаш, малхо IиндагI къийдо, Дийна мел дерг механ «хIуьпах» хьегош. Цаьпцалгаша шовкъе аьзнаш ийдо, ХIара дерриг Керка-дукъ а декош. Дуьне мел ду тевно туьйсу Iеха Верас хилла хьийза гIуш-лакхенан. Некъа йистехь бецийн къужалш еха Евзар йоцчу яьхна варкъо ченан. Хьоме Даймохк! Муьлха ву сан къомах Хьо карийнарг кхузахь уггар хьалха? Ма дезийла хада сан хьан чомах, Гуттаренна хьоьх а ваьлла, кхалха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2507 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2508 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ЖIаьлех къаьхкий, буьйса Iаьнан Эвла йистехь гош тIе лахло. Беттан серло лайла Iаьнна, Цуьнца куьйгаш дохдо махо. Сихвелла ша йолчу кхача КIант цIа вогIуш нанна гIан го - ХIинццалц и цIа лелла тача Ненан даго лайх дIацIандо... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2509 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа, Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш. Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш. Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа, ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас: БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа, Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац. Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна, Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш. ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна, Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2510 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Къоьжаллин канаша гиччош тIе хьорсур ду, ца кхоош, дама. Литтане йиллинчу элах денош а маргIал ду лур. Къоналлин бIарлагIа хьистина, кIадвелла, со воккхуш сама, Кхочур бу, Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур. ХIун хир ду сан шерийн сайра чохь совгIат деш, цунна дIадала? Сан дагалецам-цIеркема хьийзар-те ца карош берд, Ас динчу диканех боьттинарг, тIалам беш, айбинарг хьала? Хир ю-те вонаша сийсош, адамаш къехкош сан керт? Ткъа, эрна хихкина карабахь къоналлин хIу цIена гила? Хьуьнарш сан дорах а хетта, уьш бакъдан ца хIоттахь теш? Хилахь, ткъа, вахана цкъа мацах бехкбоцчу аламан къила? Къухо дIахьулйина хир-те ас динчу гIуллакхийн беш? Цкъа хIинца-м зоьрталчу лаамийн, уьдучу хенан бо хама. Хиндолчу диканийн закъалт ду лекхачу ойланийн сур… Хууш ву, цIеххьана гIевланга хIуттур бу, со воккхуш сама, Шен турсан Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур… 1илман Юсупов В этом стихотворении 1илмана Юсупова звучит мотив грусти, сожаления об ушедшей молодости, растраченных силах. В нем еще отразились и личные переживания, как мне кажется. И все же, несмотря на чувство грусти, пронизывающее многие стихотворения поэта, они не звучат пессимистически: их согревает вера в душевные силы. Я думаю, что 1илман обладает необыкновенным личным обаянием, а его стихи - магической силой и в этом тайна удивительного воздействия его стихов на меня лично. Но о чем бы не писал 1илман Юсупов, здесь, на этих страницах не сухие факты и образы этого необыкновенного художника слова, а его чувства, переживания, грусть и преодоление невзгод, целый художественно-философский мир поэта. Баркалла хьуна,1илман, за эти прекрасные произведения!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|