Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 20.01.2008, 03:03   #241
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Деган маргИалш хено кхадар суна-м сане даьлла:

Велавалар зевне дуьйлу, ойла сирла ю.

Деба амал лаьцна долчу шерийн гу тИе ваьлла,

Со-м Иа, бИаьргийн йийсар йина сийна анаюх…



Ца гуш хИун ду хИоккхузара! Гу ца хилар боккха

Эшам бу я толам бу сан хууш вац-кха со:

Буьххье ваьлча, мархаш юккъехь садаккхалац доккха,

Гу лахенехь паргИатваьлча, анаюх ца го…



Баххьийн хИуно садукъдарх а, анаюх ган хьаьгна,

Къарбан лууш шерийн тИеттИа лаккхабуьйлу гу.

Аьчган мИараш туьйсуш, шерийн букар басеш аьгна,

Шерийн гунан когашкара вог1уш верг со ву!..

Очень,очень красиво,не нужны никакие комментарии!!! No....?!!!
Все очень сложно и безумно понятно,...странно!!!Как ето можно сочетать !Сложно-Понятно ......Огонь-Лед, можно такое сочетать- нет!!!
А он смог!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 20.01.2008, 16:04   #242
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Со яра иза-м, Додам, Латинка, Аьрзо! Аша-м шортта болх бина хилла х1окху сан теми чохь. Дела реза хуьлда шуна сан г1олацарна. Хазахета шу долуш. Дала дукхадахадойла шу!
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 20.01.2008, 16:09   #243
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий,
Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий.

Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин,
Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади.

ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса,
ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса.

КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега,
Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега.

Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца,
Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца.

КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха,
Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха.

Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш,
Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш.

Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш,
Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш.

Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна,
Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна.

Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа.
Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа.

Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха,
Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 20.01.2008, 19:17   #244
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
1илмaн, мa эрнa дoвр дaц-кх aхь дaхaрeхь динa тoьгун... Дaлa дукхa вaхaвoйлa хьo, Дaлa эшa мa бoйлa хьo сaннa к1eнтий нoхчийн k"omana...
  Ответить с цитированием
Старый 20.01.2008, 19:34   #245
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Эльмирa, хьунa a хийлa Дeлa рeзa.. мa бoккхa бoлх бу-кх aхь бeш бeрг.. Дaлa дикaнцa бeкхaм бoйлa хьунa! Дaлa aьтту a бoйлa хьaн! laramca
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 20.01.2008, 22:21   #246
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Эльмира, хьуна а хийла Дела реза..
Дал си дойл хьан!
Дал дуккху яха йойла хьо тхуна

Эльмира, Дал мук1алахь вай 1иманин си деш шорта болх бер бу окх чу
Ларамца , Аьрзу
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 03:22   #247
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта,
Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь.
Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта,
Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь.
Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре,
Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих,
БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре,
Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих,
Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург,
Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це,
Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург,
Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 15:39   #248
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Сонет

Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла.
Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина,
Са-ага жим а луш, и андадаьлла.

ТIехаъал хилла и хьан шовкъан динна,
Дуьненнал синхаам меттах а баьлла.
Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна,
Ховхачу беречун и дола яьлла.

Сан дегайовхонан зов дато ленаш
Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа.
Царна а Iемина шайн новкъа Iенаш
Мел хилла сингаттам тIулг санна, ахьа.

Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш,
Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 17:45   #249
so jar isam
 
Аватар для so jar isam
 
Вес репутации: 9
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Сонет

Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла.
Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина,
Са-ага жим а луш, и андадаьлла.

ТИехаъал хилла и хьан шовкъан динна,
Дуьненнал синхаам меттах а баьлла.
Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна,
Ховхачу беречун и дола яьлла.

Сан дегайовхонан зов дато ленаш
Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа.
Царна а Иемина шайн новкъа Иенаш
Мел хилла сингаттам тИулг санна, ахьа.

Ткъа со-м Иа, сих-сиха ойлане оьгуш,
Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш...


Иилман Юсупов

Я Аллах,как-же ето красиво!!!
Дела ,ахь оьг1азло ма елахь ишт аларн!!!
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
  Ответить с цитированием
Старый 22.01.2008, 19:06   #250
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
КIордийна сан дагна ял йоцуш дага,
Лаьтта тIехь ког баккхар тIам тохар хеташ.
ГIайгIано тахкийча ойланийн ага,
Кхачий-те сан дегайовхонан хеттарш?

КIордийна сайн цхьаллин набахтехь валла,
Маршо ган йиссина мIаьргонаш лоьруш.
Сайн цIена ниййаташ гуш хилча Далла,
Со хIунда ву-те сайн халбатах кхоьруш?

КIордийна сайн гIенийн дахкарлахь лийча,
Тийналлех тешийна набаран гIовла.
Шеконийн иэс лардан суо хилча кийча,
Со хIунда гIерта сайн синков дIакъовла?

КIордийна къежбан сайн ойланийн бода,
Шеретан дарже а баьккхина иза.
Сан оьмар – секх ду-те кхолламан Iодан,
Я адам ду и - цо лазийнарг къиза?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.