Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 18.12.2008, 11:44   #2441
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нене

Нана, аса-м хьан хебарийн
Къахьа-дуьра йоза тидда.
ГIеххьа хан ю сан даго и-м
Хала гочдина.
Хьаьжаюккъех доьду харш –
Сан некъ бу кхерам болчу идда.
Цунна уллехь – харш – сан гIалат,
Ахьа гечдина…

Шийла маьIна долуш ду-кха
Бесни тIера кхин цхьа харш а:
Со цкъа мацах, цомгаш хилла,
Меттахь Iиллина.
Хьан бIаьргашна гонаха ю
Дахарера сан лараш а –
ХIинца уьш а хершнийн куьцехь
Го сан иллина…

…КIентан кошан барз ларбечу
Чуртан сема IиндагIа а
Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш,
Харш хуьлуш ду шех….
КIант хьайх дIакъаьстичахьана
Ахь ловш йолу хIара хан а
КIоргга балдийн сенаш охкуш,
Къиза хьерча хьиэх…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 11:44   #2442
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош,
Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга,
Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош,
Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга…

Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга,
Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас.
Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга,
ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас…

Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара,
ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ?
ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара,
И муха ер яра сан деган цацанах чекх?..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 11:45   #2443
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 11:46   #2444
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Некъ

Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Шен аса чIагаршка хьийзаеш, кхиссало.
Ховхачу бодашкахь кур бетташ буьйсанех,
Безаман чухчарин цинцашца къийсало.

Мокхазах-ойланах суй боккхий, тачано
Хьан кхиэлан бердашца лекха цIе латайо.
Цунах шен гоьжа бан гIоьртинчу ачоно
Мерцинчу цIокан тIе хьагI-йома латайо...

БIозлагIа со цхьалха висича буьйсанехь,
Хьуьнаре некъахо со хилар тосалой,
Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ
Уьйриге хьаьрчина, сан даг тIе кхоссало...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 11:47   #2445
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча.
Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,
Мел хьуна хетахь а ирча…

Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах
Шераша даьккхинчу кесе,
Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,
Яккха и сан некъан иэсе.

ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,
БIаьрсица адамаш лоьIуш.
Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,
Хезаш ахь ховха садоьIуш.

Стигалан сийна кир берриг а лилхина,
Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…
ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина,
Безаман чIир суна йоькхуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 23:20   #2446
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш,
ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша.
Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш,
Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са.

Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а
Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш.
Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура,
Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш.

Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь,
Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт.
Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь,
Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт.

ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта,
Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий.
Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта,
Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий.

Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а,
ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар.
Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла,
Гуш санна даточу лайтIера массо а лар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 23:21   #2447
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш,
Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг.
ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш,
Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк?

Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш -
Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз.
И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш,
Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс?

Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг -
Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг.
Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг,
Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.12.2008, 23:21   #2448
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема,
Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман,
Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч.
Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна,
Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна
Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч,

ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш,
Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш,
Поэзин дитта тIехь кходуш шен га,
Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко,
Майрра бIобулуш шен иллин аз деко,
Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка,

Вар-валар гайтаран терахьийн йоза,
Кадолуш шен байтийн терзанахь оза,
Шен дагалецамаш абаде хьош,
Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а,
Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а
Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.12.2008, 00:31   #2449
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана,
Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш…
Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана,
Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?..

Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе,
Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк.
ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе -
Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк…


Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу,
Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай…
Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу,
Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай…

ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш,
Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз…
Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш,
Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз.

Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан,
Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш…
Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа,
Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.12.2008, 10:06   #2450
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан.
Iуьйренан къайле ю – сатасар.
Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна -
Ас хьоьга даггара сатасар.

Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена,
Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара.
Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан
Дуьненчу валаран, кхалхаран.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.