Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 12.12.2008, 23:19   #2391
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Лайн чимийн мотт буьйцу жоп доцчу безамо,
ГIайгIанах-доттагIчух и дIа-м ца къастало.
Ткъа, дешнаш – лайн чимаш – сан дагна – беза мохь:
Цо и ги буьллушехь, шира чов ястало…

Ойлано пал тосу: «ДIахьулбан беза муо,
Зезагаш тIе дуьйгIуш, чов дIа ма-йирззинехь…»
Амма, мел малх хьажарх сан деган ирзене,
Луо даша-м дуьтуш дац жоп доцчу безамо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.12.2008, 23:20   #2392
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Тхишлара бецан дог къийзош,
Цаьпцалгаш ека цхьа хьере.
Мархашлахь беттан дин хьийзош,
Г1адъоьху маьркIаже-бере.

Баьццарчу синошца гIаша
Массо а дитт маракъуьйлу.
Седарчийн даточу жаша
Боьранийн тийналла муьйлу.

ЦIогIанца кхолламна текъаш,
Хьуьнхахь тоь тIаьххьара экха.
Сан когех хьекхало некъаш,
Лууш хьан кора кIел текха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 11:33   #2393
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха
Сан сийна, муттане денош.
Сан дагна гергара хиллачу хийистехь
Г1аьттина боьмаша шач…
Х1ун бала бара хьо дагаян,
Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош?
Кхолламо биллинчу новкъара юха а
Со х1унда вели-те лач?

Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла,
Кхетаман буйнара ваьлла,
Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало
Цкъа мацах даьккхина кес?
Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна,
Ерриг а сирйина яьлла
Гилано-къоналло дозалла щех дина
1аьржа варкъ диллина кхес….

Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн
Легашкахь хьан сибат лаьтта,
Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш,
Синтемза 1ийжа сан дог…
Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо
Сендина б1аьстенан латта,
Хийисте вай ший а д1адоьхуш,
Бацалахь тачано йиттина ног…

…Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь
Хьан озан пиллигаш хьедеш,
Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира
Самалхадаьллачу сих.
Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш,
Т1етт1а сан дог доккхадедеш,
Лалийна к1айн деши иэделла хетара
Апари хьоьстучу хих…

И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта
Тахана со хьаьгна вацахь,
Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу
Бехкаман буржалийн къа.
Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь,
Со-м цкъа а вицвина вац ахь.
Цундела оху ас, б1аьсте а ялале,
Сайн дегайовхонан кха…

Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь,
Кароре ч1ог1а сатесна,
Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено
1аь тухуш, ц1андина х1у.
Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта,
Даггара цу т1е и тесна,
Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба
Хьежа а-м со кийча ву…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 11:34   #2394
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Седа уьду…

Седа уьду… Беттан хIоа луьйсуш,
РагI а лаьцна, мархаш хийцало.
Тховса уьш сан деган бIаьра хьуьйсуш,
Ойла-боргIал ирах кхийсало…

Седа уьду, стиглахь тача огуш,
(Бода цуьнга жимма эшало)
Дешнийн чIийш сан меттан буьххьехь догуш,
Довха хьацар дагах лешало…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 11:34   #2395
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза,
ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац.
Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза,
Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц.

Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш,
Мел лууш вацахь а уьш тида со:
Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш,
Суна вайн къастаран бIарлагIа го.

Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала
Хьо йола ма-елли, ас ойла йо:
Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала,
Я суна сайн дахар лайн басахь го?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 11:35   #2396
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.

Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?

Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.

Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...


Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 17:15   #2397
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина,
Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу…
ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина,
Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву.

Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна –
Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь,
Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна
Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь:

Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах
Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду…
…Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах
Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 17:16   #2398
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча.
Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,
Мел хьуна хетахь а ирча…

Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах
Шераша даьккхинчу кесе,
Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,
Яккха и сан некъан иэсе.

ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,
БIаьрсица адамаш лоьIуш.
Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,
Хезаш ахь ховха садоьIуш.

Стигалан сийна кир берриг а лилхина,
Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…
ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина,
Безаман чIир суна йоькхуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 20:07   #2399
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан массо сатийсам дIабахна тилла,
Нигат деш хIусам ян бIаьстенан варшах.
Хьан цIе-м 1а, сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…


Вай вовшехкхетарийн седарчий терахь
Баттана уллехь го со хьаьжча хьала.
Со цхьалла охьуш ву безаман хьерахь,
ТIаьххьарчу байттамалх хьо ларъеш хала.


Дог сирла хьайн дацахь бIаьргийн гIуш леппал,
Сан дешнаш кег а деш, ма леха тIамарш.
Ойланза ма хьагъе вайн уьйран къепал,
Ц1е санна, йохъелча гIайгIанан гIамарш.


Ахь дагалецамийн бала ца лайна,
Лач некъо цундела хьо шеца юьгу.
Ас деша схьаделларх хьан кхиэлан жайна,
Цхьана а хьаьрках со кхета ца туьгу.


Мел ч1ог1а сацамбарх сийна цIе йилла
Хьо лоьхуш, ас лаьттахь мел йинчу харжах,
Хьан цIе-м, 1а сан деган доIа а хилла,
Элпашца хьекхалуш кхетаман Iаршах…

1илман Юсупов

Какие красивые слова! Одна из тайн поэтического дара 1илмана Юсупова заключается в умении полно выразить непростое чувство и чудесно-простое в себе и окружающем мире.
Мне кажется,что твоя лирика,1илман, никогда не перестанет быть объектом восхищенного внимания ценителей настоящей поэзии.
Дела реза хуьлийла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.12.2008, 20:09   #2400
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Беттан суьрташ

Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала,
ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла –
Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала
Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам…

Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча,
Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а…
…Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча,
Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а…

Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш,
ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш…
…Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш,
Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш…

Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш,
Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата,
ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ,
Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.