Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 04.12.2008, 20:52   #2301
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Iомачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 00:05   #2302
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан илли, ахьа-м со де-дийне хьийзаво готта,
Синтемах со воккхий, ахь йо сан оьмарна гIело.
Сан миска дог хьуна ков ду а ца оьшу мотта -
Синхаам хийцалуш, дIадоьллуш, тIечIогIуш лело...

Болатан серий а дац-кха сан цIий лела пхенаш,
Баланаш, лазамаш, кхалхарш тIе ма ихка царна…
Сан сих чекх ма яха цIийн Iовраш хуьйдина хенаш,
ГIайгIанан юкъ тIе ма тийса сан кийрарчу цIарна...

Готанца санна, ас элпашца кIайн кехат оху,
Хьан дешнийн оьланаш нур-дашо бIаьллаш а лоьруш.
Аса-м хьо дерриг а суо аьлла ваьлла ца боху,
Чаккхенга ластале, хьо сайх дIакъастарна кхоьруш.

Ца Iахь а хехказа, дин санна, сан деган пекъар
Яйдакха мукъане ахь иза ма хехка тIаккха…
Хьо делахь сан кхиэло азаллехь хьарчийна декхар,
Кханенга ца валахь, хьо муха деза ас такха?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 00:06   #2303
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нохчийчоьне

Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош,
Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал.
Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош,
Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза.

Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош,
Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза.
Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош,
Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах.

Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош,
Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан,
Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош,
Ахь декъалвелахь со даггара, х1ай Нохчийчоь сан…

Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт,
Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 00:07   #2304
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх,
Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх.

Стигал ма-ю дIасадаржлш шен зIаьнарийн чIораш,
Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш.

Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг,
Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг…

Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша –
Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша.

Сатийсамо хIинций-хIинций боху, са ца Iуьйддург,
Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг…

…Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат
Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат,

Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа:
Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа.

Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара
Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а

Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш,
Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш…

Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху?
Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу!

Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош,
Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош.

ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета –
Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета:

Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха,
Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 00:08   #2305
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьо ма гIерта шело йоьлла ала
Жимма лайн чим тасарх лаьтта тIе:
Кийча ву со деган цIарца кхала
Хьуна гIура яхьаш догIу де.

Со-м ца хIутту арахь тов ю ала,
Хьан ши бесни жимма цIийяларх,
Хууш, IиндагIа деш орцахъяла
Кийчча юй хьан деган шийла тарх...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 11:55   #2306
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…

Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…

ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 11:56   #2307
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа,
сан денойн догIа,
Сиркхонийн къорано
сан дегIах хьан вота йина.
Лазаман хих бузуш
хIора сан хебаран могIа,
Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта
ахь нигат дина.

Со-м реза ву хьуна,
дацахь а дог дакъо атта
Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш,
дашийна долу,
Ахь дага тийсарна
сан юьрта йистера латта
Хьо саца ма-сецци,
со шена чувуьжу волу...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 11:57   #2308
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Ба1

Зезагийн тобанна юкъахь хьо лаьтта,
Буц-ярийн IиндагIийн долара баI.
КIохцале корта хьайн теIабеш лаьтта,
ХIаваан пардонна доккху ахь даI.

Хьо буьрса белахь а, яц хьоьца волла.
Адамчух лозуш ю хьан деган цуьрг.
ХIетте а, хьо мел гин, дIабоду полла,
Зов дахьаш, хьан лере ца йогIу чуьрк.

Хьох хIокху арено меран бер дина,
Тидамах хьегадеш хьан беркъа куц.
Мехаша лаг лаьцна хьан цхьалла гина,
Йоьлхуш ю хьан лула мел яьлла буц.

Амма шен нийсархойх дог-ойла лечкъош,
Цхьа ховха зезаг ду хьо гIенах гуш.
Лоьху цо, сенбелла бIаьргаш а чIечкъош,
БIаьстенан стигалахь безаман гIуш.

ХIан-хIа, и ца гIерта хьан ойла Iехо,
Зазашлахь бекабеш шен гIодан мерз.
Мелхо а, лоьру цо шен деган хехо
Мехаша къаждина хьан дегIан герз.

Дарж лекха хир ду хьан зезагах тешахь,
Йийцаре йоьрзуш хьайн турпала яхь...
Ярийн мах хир бу хьан царал хьо эшахь,
Эмгарийн хьаьгIнашна къарбелла Iахь...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 11:58   #2309
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза,
ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац.
Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза,
Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц.

Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш,
Мел лууш вацахь а уьш тида со:
Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш,
Суна вайн къастаран бIарлагIа го.

Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала
Хьо йола ма-елли, ас ойла йо:
Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала,
Я суна сайн дахар лайн басахь го?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.12.2008, 18:28   #2310
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
(Тимиргаев Хьасайне)

Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна,
Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа…
Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна
И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха….

Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа.
Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ.
Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а,
Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ.

Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м,
Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах…
БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам,
Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах.

Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда
Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли.
Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан
Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли.

Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш
Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах,
Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ
Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.