Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 13.01.2008, 23:24   #221
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Дела реза хуьлда хьуна, Аьрзу. !аламат г1иллакхе-оьзда мотт бийца а, адамна хазахетийтар дан а хаьа хьуна. Дала и дика аг1онаш гуттар а латтайойла хьоьгахь. Лерамца Эльмира.
Дел рез хуйл хьуна Ельмира
Дика йо1 ю хьо!!!
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 13.01.2008, 23:30   #222
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Шуьшинна-м к1ордадац
сан темза синлаам къийса,
Г1еметтах1оттаран тог1е а,
къоналлин бохь а...
Къоналлин бохь хьулбеш,
даьржинчу дахкаран киса
Букъ т1ехьа дуьтуш,
со-м вог1у сайн тог1ичу охьа,
Там бара лакхахь
сан дахаран лараш ца йиса
аьлла, сайн болар а сацийна,
хьаьжча со хьала,
го суна:
т1ера д1ашершина
дахкаран киса,
сан бохь лепийна ло
дешаш ду-
1аламат хала ...


1илман Юсупов
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 14.01.2008, 21:26   #223
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Аьрзу, оццу сборник т1ера ю х1ара стихотворени а.

* * *
Билггал хиъча доллий сатаса,
Къорза дитташ тилон хIоьтти мох а…
ГIенийн чен бенчуьра яьлла схьа
Iуьйре хета анайистехь лоха.

Гуьнахь йоцу йийсар санна, Iа
Хьаштийн кучо кепатоьхна ойла –
Кега-мерса дерташ оьхьуш дIа,
Ерзина-х и даций лелайойла…

Сингаттаман чиллахь веш со вох,
Дарба санна, цхьа Iалашо-м ю сан:
Схьа а лаьцна дитташ тилон мох,
Сайн гIуллакхийн левси цуьнах юза…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 01:42   #224
1amaran Zaza
 
Вес репутации:
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Дехар

Дахделла ИиндагИаш. Де даьгна дели.
МИаьргонаш зовъюьйлу некъашкахь шайн.
Сайн гИенийн цИачуьра со аравели,
Са сема хилар сан – дуьненна тайн.

Хьан цИе мел тешаярх хИаваэ матто,
Сан деган гИайренна хьо-м гена ю.
Хьо стиглахь гой хьаьжча – вагаво батто,
Я туху седано шен дато ю.

Йолахьа белша тИехь малх бахьаш можа,
Ламанан торха тИехь сатасар ган.
Сан дагца барт хилла хьан кхиэлан кхожан,
Гайтахьа самах сан тИаьххьара гИан.

Вайшиннах дог лаза хир вац-кха цхьа а,
Дитташ тИехь гуьйренан цИеста гИаш леш.
Дош лохьа суна со виц ца ван цкъа а,
БИаьрзечу кхолламна хьайн хьукма деш...


Иилман Юсупов
Хаза синхаъмаш бу оцу байтехь берш
Хаза ду-кх хазаниг
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 02:16   #225
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Аьрзу, оццу сборник т1ера ю х1ара стихотворени а.

* * *
Билггал хиъча доллий сатаса,
Къорза дитташ тилон хИоьтти мох а…
ГИенийн чен бенчуьра яьлла схьа
Иуьйре хета анайистехь лоха.

Гуьнахь йоцу йийсар санна, Иа
Хьаштийн кучо кепатоьхна ойла –
Кега-мерса дерташ оьхьуш дИа,
Ерзина-х и даций лелайойла…

Сингаттаман чиллахь веш со вох,
Дарба санна, цхьа Иалашо-м ю сан:
Схьа а лаьцна дитташ тилон мох,
Сайн гИуллакхийн левси цуьнах юза…


Иилман Юсупов
Дика йойзуш ю сун иза
Аллаху си дойл хьан Ельмира
хаза байта еа ахь 1имани поклоникшана
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 14:38   #226
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от 1amaran Zaza Посмотреть сообщение
Хаза синхаъмаш бу оцу байтехь берш
Хаза ду-кх хазаниг
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
Дика йойзуш ю сун иза
Аллаху си дойл хьан Ельмира
хаза байта еа ахь 1имани поклоникшана
1амаран Заза, Аьрзу, Дела реза хуьлда шуьшинна.Дала меле лорийла ашшиммо д1а мел долийна долу г1уллакх. Хазахета шу х1окху форумехь долуш!
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 20:59   #227
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Олхазарийн тхьамдане

Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша,
Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа.
Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа,
КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа.

Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун.
Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца.
Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун.
Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца.

Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт
КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча?
Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт,
Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча?

Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо.
Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш.
Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо:
Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш.

Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешца тIе,
Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна…
Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе.
Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 21:14   #228
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Къуйсуш ву со - дахаро а, 1ожалло а - шимма,
Ц1ий датош ерг толахь, шуьгахь дуьтур ду син дог1а ...

Х1инцца динчу беран ц1аза п1елган м1аррал жима
Меттиг юьтур юй аш суна еэсехь - х1оллам буог1а ? ...



1илман Юсупов
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 15.01.2008, 21:21   #229
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Доьзалан хьашт оьхьуш деношна мера к1ел, миска,
Лечкъадеш юьхь т1ера хеназчу хебарийн гах1ар,
Нанас шен берашна яай о сих йина сискал,
1ожаллин к1аричу дерзале дег1ера " ахьар "


1илман Юсупов
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 18.01.2008, 14:59   #230
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу
Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан.
Хета и сайх тера аз лаца воллучу -
Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан.

Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша,
Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш...
Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша
Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш.

Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна,
Ца лууш седарчий довдийта дIаса,
Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана
Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.