![]() |
|
|
#2221 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Гуьйренан бIаьрхишца нана-га делхадеш, Мажделла гIа дужу шийлачу лаьтта. Дахкаран хIаваэхь цо гIийла хелхар деш, Да воцу кха санна, боьлак а лаьтта. Доьжна гIа хеталой заьIап я чолакха, Къахеташ, хийлазза ас бала хьегна, И тай бен дацахь а гуьйренан йовлакхан ГIашлахь - мел хиллачу шел хьалха эгна… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2222 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шахьарш а йитина, веа-кх со хьо еха эвла ган. Цхьа урам бу кхузахь геннара сан даг тIе богIуш... ГIенах бен ца хийша йоллу хьо сан ирсан гIевланга, Сан Iаьржа месаш хьайн куьйгашца серла а йохуш? Хьан некхан герканаш товр хилча сан кхиэлан терзанахь, Ширбелла белахь а, сан буто сатийсам узуш, Харц хилар мэлехь ду хьан дешнийн курачу герзана Даге а ца хоттуш, ахь ша сан безамна кхуссуш. Дуьхьало ца ялуш эхь-бехкан иркечу омранна, Гуттар а буьйлина латтабарх бехкаман гур ахь, Хьан бIаьргийн бIаьстено-м йовхо ло сан деган орамна Шелоне и гIора ца байта къастаран гурахь. Суйранна хийисте гуллучу сан ларийн пхьоьхане Ла ца ло, хьайн хьажар дIаидош, ахь кхерам тийсар. Шеконан нахарца ас хьиэ чохь деш долчу охане ХIу дIадер санна ду ас хьоьга денна сатийсар. Кхачахь а цIеххьана къизачу къастаран дера де, Йиц йойтуш хьан эвла - дуьненан цхьа башха кийсиг, БIаьрг тоха лууш хьан аматан дезачу зерате, Сан иэсан неIаре хIуттур ю ойланийн гийзиг... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2223 |
|
Вес репутации: 27 |
Гуьйренан догIа
Сахиллалц тIеихна гуьйренан эндаже догIа Делкъенга дели кхин тенне а дIатен ца туьгуш. ТIадамийн мукъам бу лууш ас шега ладогIа, Схьалаца тIам боцчу ойланийн махка со вуьгуш. Мархашка ла ца ло махо шаьш кхечанхьа дIахьош, ХIора шен Iаьнарца еш шайна чIинчIире Iиттарш. Баьццарчу канашкахь догIанан тIадамаш IаIош, ХIаваах декхаш Iа маьлказийн исбаьхьа дитташ. ТIадамийн буьртигаш, генашлахь шайн сур а дебош, Мох теран мIаьргоне сатуьйсуш, дIакхачош лаьтта. Шайн лаам хиларна, хих буьзна бIаьргаш а лепош, Цкъа довла сапаргIат, шаьш охьаэгале лаьтта… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2224 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Сахиллалц сайн деган не1 т1е ца ч1ог1уш, 1ийр ву со седарчийн суьлхьанаш дохуш. Б1аьрсинехь 1алашдеш хьан месийн лепар, Цуьнах сайн нур деба бутт хир бу бохуш. Хьан куьйгаш гИенах гуш сайн беснийн ц1арна Ч1ийш-ц1елгаш т1етуьйсуш, ша марсайохуш. Хьуьнаре иэс хьийзаш, ахархо санна, Сан кхетам хьан вастан готанца охуш. Шеконо якхбинчу сатийсамо сайн Тийналлин хьаьвди чохь меца нох дохуш. Лууш ахь декъалдан 1илманан г1аларт 1уьйранна сагатдан хьайн коре дог1уш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2225 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла. ГIигI а деш, Iа хIинца, гIалх дайна пхьу санна, и. Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла Кхоьлина сатасар кIайдала ца туьгу кхин. Стигалан белша тIе кхоьллина шен оба еха, Зоьрталчу мархано шелйина хIаваан Iаь. Набкхетта Iуьллучу уьшалан тийналлин Iеха Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш Iа. Ирачу догIмашца лаьтта тIехь даьIнаш а дохуш, Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа дIатекхаш го. Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча хьо йолчу богIуш ХIун гIуллакх дадийна я мича воьдуш ву со? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2226 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Юха а оьхки-кха стигална коча Можачу гуьйрено гIаргIулийн туьтеш. ГIадожар долало къамел дан коча ХIаваэ, буьттуш шен туьйране пуьташ. ГIаш ловзон тIера ду карзахе мехаш, Цаьрца шайн хиндолчух лаьцна пал туьйсуш. Iаьнарца дусуш шайн «хьаз-хьиз» ден пехаш, Хьун чIанаяккхарехь хьалхе а къуьйсуш. Мунда ю тIаламе бIаьрг бетташ хьаьтта, Юх-юха дагардеш бешара цIевнаш. МаьркIаже тIекхаччалц диллина лаьтта Ялта чудерзочу ахархойн кевнаш. Иэсехь дIа ца бойтуш толамах тешам, Ша куьйгаш кховдийча маршонан малхе, Сан къоман амало зийна ду: кечам ТIамна а, Iаьнна а бан беза хьалххе... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2227 |
|
Вес репутации: 27 |
Хьан сибат - устаз ву безаман динан,
Тоххарехь со цуьнан мурд хилла ваьлла. Сатийсам - бер ду-кха сан даго дина, Са-ага жим а луш, и андадаьлла. ТIехаъал хилла и хьан шовкъан динна, Дуьненнал синхаам меттах а баьлла. Йистйоцу сан цхьалла - аре ю дийнна, Ховхачу беречун и дола яьлла. Сан дегайовхонан зов дато ленаш Эсалчу бергаша кхаъ санна, дахьа. Царна а Iемина шайн новкъа Iенаш Мел хилла сингаттам тIулг санна, ахьа. Ткъа со-м Iа, сих-сиха ойлане оьгуш, Тишъелла нуьйр санна, хьан куьцах хьоьгуш... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2228 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2229 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо, Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2230 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийчоьне
Хьоьга безам – сан ойланийн чилла - Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна. Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла: Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна. Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь, Талла ваьлча тоьар доцуш дахар… Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь, Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар. Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам, Беттан серло - седарчашлахь деба, Байташ юцуш, марсабаьлла къолам, Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба. Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а, Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а. Денна мийларх ас хьан шийла хьоста, Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|