Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 08.01.2008, 01:26   #211
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Аьрзу, ахьа-м дуккха а болх бина хилла кху чохь! Дала меле лорийла ахьа хьегна къа. 1илманан дуккха а байташ йовзийти ахьа ешархошна. Хьуна нохчийн мотт а, вайн поэтийн кхолларалла а дуккха а адамашна йовзийта лааро гойту хьо нохчийн къоман вуьззина к1ант хилар. Дала сий дойла ахь дага мел лаьцначу 1алашонан.
Дал си дойл хьан Eльмира!
Хьо кхуз цахилхьар х1ар болх беш со цахила мегар хьуна!
Ас мел деш дерг ахь деш ду хьун!
Eльмира ,Дал иша ма йойлакх хьо тхуна
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 08.01.2008, 01:26   #212
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
Вас ма Йоза ( кархахечу дегаллиц са дууш).
Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца-
Моттарг1анийн олаллина к1ел ца виса лууш,
Сайн са ийдо ас х1аваэ д1о сеаларца.


Дешна вала гергабоьдуш хьан юьхь-сибат-жайна,
Б1аьрса лехна, юкъахвели, кхин саъ да1аза ...
Дагахь хаарх хьан ц1оцкъамийн ший а мог1а сайна,
Царах соьга дан ца дели деган до1а сайн.


Т1е а лаьцна т1аьхье йоцчу уьйран мерза лолла,
Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи...
Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла,
Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнт1епхьид...


1имлам Юсупов
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2008, 12:54   #213
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
Дал си дойл хьан Eльмира!
Хьо кхуз цахилхьар х1ар болх беш со цахила мегар хьуна!
Ас мел деш дерг ахь деш ду хьун!
Eльмира ,Дал иша ма йойлакх хьо тхуна
Дела реза хуьлда. Аьрзу, хаза дешнаш аларна.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 10.01.2008, 12:56   #214
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Дахкаро хьулдинчу хьайн бIаьргийн иэс
Ма гIерта хIинца кхин сайнчуьнца декъа:
Детташ вайн гIайгIанех шен нуьре ткъес,
Безаман стигал кхин вайна ца къекъа.

Ирсан цIе дIаяйна, гIорош ши дог,
Коьртешка хеназа хьовзабеш бIагор….
Iадаво, ма-хиъи - хьайн ховха ког
Кхин ловзур боций ахь со волчу агIор.

Вайн синойх чекхбели къастаран пха.
Мехаша лоькхуш Iа вайн лелла хьаьтта.
Хьан кхиэлан лард хилла - бутониг ша,
Ткъа сайниг хIинца а гIамар тIехь лаьтта…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 11.01.2008, 14:01   #215
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Дехар

Дахделла IиндагIаш. Де даьгна дели.
МIаьргонаш зовъюьйлу некъашкахь шайн.
Сайн гIенийн цIачуьра со аравели,
Са сема хилар сан – дуьненна тайн.

Хьан цIе мел тешаярх хIаваэ матто,
Сан деган гIайренна хьо-м гена ю.
Хьо стиглахь гой хьаьжча – вагаво батто,
Я туху седано шен дато ю.

Йолахьа белша тIехь малх бахьаш можа,
Ламанан торха тIехь сатасар ган.
Сан дагца барт хилла хьан кхиэлан кхожан,
Гайтахьа самах сан тIаьххьара гIан.

Вайшиннах дог лаза хир вац-кха цхьа а,
Дитташ тIехь гуьйренан цIеста гIаш леш.
Дош лохьа суна со виц ца ван цкъа а,
БIаьрзечу кхолламна хьайн хьукма деш...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2008, 00:30   #216
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Сатасар даьржича стигалан Iаршахь,
Сендели лаьттарчу IиндагIийн куц.
ХIинца а ах-сема наб ечу варшахь
Шийлачу детийлахь лепаш ю буц.

Мангалхой ларийна ирзешна гуо бан.
Ша юй а хоуьйтуш чIагIлуш ю тов.
Лайн чимийн бос болу кхокхарчийн тоба,
ГIур-гIур деш, корашна кIел меттаххьов.

Малх гIатта цIийбелча, хIуттут а ека,
Басах дIалетта Iа хьун екаеш.
Мархаша стигалахь дуоладо нека,
Хиндолчу догIанна хьурмат а деш.

Шур-шур деш Iаш долчу шовданчу кхета
ЦIеххьана къегинчу зIаьнарийн цIов.
Аьхкено схьадилли аьлла а-м хета
Шен уггар сирлачу хIусаман ков.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2008, 00:43   #217
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от 1amaran Zaza Посмотреть сообщение
Ма хаза теманаш а байташ а ю кху чохь! Баркалла шуна массарна а!Сом ёккхйина а ца ёлу х1орш ёьшуш.
1amaran Zaza, хьуна а хуьлда Дела реза ахьа кху х1усаман йозанаш деша а доьшуш хазчу дашца билгалдахарна.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2008, 19:56   #218
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***
Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар
Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь,
Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар,
Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?..

Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан,
Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна,
Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан
Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 12.01.2008, 21:21   #219
Arzo
 
Аватар для Arzo
 
Вес репутации: 16
AMAZONKA2. Аллах си дойл хьан! докх баркал ду хьун, 1илман лоруш волч к1антир
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
  Ответить с цитированием
Старый 13.01.2008, 21:28   #220
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
AMAZONKA2. Аллах си дойл хьан! докх баркал ду хьун, 1илман лоруш волч к1антир
Дела реза хуьлда хьуна, Аьрзу. !аламат г1иллакхе-оьзда мотт бийца а, адамна хазахетийтар дан а хаьа хьуна. Дала и дика аг1онаш гуттар а латтайойла хьоьгахь. Лерамца Эльмира.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.