Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 22.11.2008, 19:19   #2161
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Шелбелла бутт Iуьллу мархашлахь хебаш,
Белхаме хьоьжу и сан корах чу.
Г1айг1а ю сан деган неIсагIехь дебаш —
Сан дагахьбалламан гIорасиз Iу.


Седарчийн тоба а, цхьа гIийла лепаш,
Къарздеш ю стигалан босбаьхьна у.
Хьан сирла аматаш ойланна тебаш,
Тховса а наб ца ян со кийча ву.


Сурт хIуьтту: саьрмиках хьан дагах хьерча
Багах а, мерах а цIе кхуьйсу вас.
Чов хилла лу санна, сан син тIехь керча
Ас дашца букъ бойна хьан тийна аз.

Сих ца лахь хьо суна къинтIера яла
Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала…


1илман Юсупов

У 1илмана Юсупова пейзаж всегда сопрягается с душевными переживаниями. В этом стихотворении образы ярки и отчеканены, а слова наполнены глубоким содержанием, хотя они просты и благозвучны.
Сила поэзии 1илмана Юсупова в его удивительно тонкой лирике, обнаженности души, в той высокой правде, которая излучает свет добра, счастья, любви. Я думаю, что постичь его поэзию обычным аналитическим умом невозможно, настолько объемен и многогранен творческий мир Юсупова.
Дела реза хуьлийла хьуна,1илман!

__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 20:13   #2162
Lara
 
Вес репутации: 0
Делахь,кху чохь х1у ду хьажи со)))Доггах яза йо,1илманс байташ.


СОНЕТ

«Еза» аьлла, ас хьан даге дашо даре дира,
Марзо эца меттахйоккхуш массо меже меттан...
Иштта хьайх сан хьегар хилча шаьлтанал а ира,
БIостанал а аьрта хьажар ахь сан сих ма детта.

И хьан бIаьргаш - ткъесал нуьре, дахкарал а сира
Ши малх бу-те сатийсаман гIушлакхенехь кхетта?
Хилча хIун ду ас хьо йийцар дуьненал а шира:
СадеIарал бIозза керла цIе сан кийра летта...

Мох а сецош, ца хьекхийта цуьнга Лаьтта нуй,
Массанхьа а йоза лийхи ас хьан когийн ларийн.
Амма син левсица кховсуш синхааман суй,
ЦIарна лулахь йоллушехь, хьо суна шийла карий.
ХIинцца хии суна безам йолу цамгар юй -
Иза ишта дацахьара хьо сох къехкар ярий
?..

1илман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 21:27   #2163
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Тхишлара бецан дог къийзош,
Цаьпцалгаш ека цхьа хьере.
Мархашлахь беттан дин хьийзош,
Г1адъоьху маьркIаже-бере.

Баьццарчу синошца гIаша
Массо а дитт маракъуьйлу.
Седарчийн даточу жаша
Боьранийн тийналла муьйлу.

ЦIогIанца кхолламна текъаш,
Хьуьнхахь тоь тIаьххьара экха.
Сан когех хьекхало некъаш,
Лууш хьан кора кIел текха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 21:28   #2164
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Со маца вер ву-те ял текхна дIадаьллачунна?
Де-дийне сан дагах туьйсуш Iа лазаман церг
Гинарг а, хезнарг а, зеделла хилларг а суна,
Со дуьхе ца кхуьуш, дисина мел хилла дерг.

Суна сайн дахарехь ца гина хиламийн къелла,
Азаллин кхолламо сайн дагна хьийзаеш гел,
Баланийн гIалартех со вац-кха дIауьдуш лелла,
Бохамийн тохарша со цкъа а ца ваьхна пел.


Хьалха ма-иддара, уьдуш ду хIинца а шераш,
Месашлахь совдохуш хаддаза шайн дато теш.
Ткъа, наггахь буьйсанна ягаръеш стиглара цIераш,
Жимделла хетало седарчийн горга туьтеш.

Кхетамна Iаткъаме бац хIинца шеконийн гIаттам,
Езачо лелош дерг дацахь а тешаман гIагI.
Оьмаран маьIнех со кхеттехь а, ца кхийти атта-м,
Мел герга лестахь а кешнашка дIакхелха рагI.


Суна ган ца йоьгIна дуьненан тIаьххьара овкъарш,
Маьргонийн хи юха доьрзуш а ца доьгIна ган.
ХIетте а, кхин самаевр йоцу сайн хилла шовкъаш
Дага мел яьхки а, дог хIунда Iийжа-те сан?..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 21:31   #2165
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даймахке

Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а
Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар.
Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а
Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар.

Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца
Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора…
Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца,
Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора.


Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг,
Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа,
Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа,
Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг.

Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках,
Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа.
Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах,
Сайн езачун кет1а буьхкуш хьан седарчийн жагIа.


Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка,
Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила:
Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка,
Хьан дахкаран к1айн куьйгаш а — чуртан йоза дила…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 21:33   #2166
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
БИЪМОГIАНАШ

***
Дикка хьаьжча, сан кхетамна йина хир ю берчаш,
Саццаза ас хьох ен ойла хьекхаелла шех.
Ас садоIуш яьлла Iаь ю, дохк а хилла, хьерчаш,
Сан Даймохк, хьан лаьмнех, иштта цу хьан аренех…


***
Цомгашчу адаман чот хуьлу тоделла, гIатта,
Эшаеш сиркхонаш — шен дегIан гуьмалкахь IаьIнарш.
Хьан ма яц и таро, декъаза дархо — сан Латта:
Хьан дагца кешнаш ду — цкъан цкъа а ца доьрзу даьIнаш…


***
Кхин ца гIерта шеконаш сан лере оьхуш, текъа —
Ас уьш ерриге а къарйина:
Сайн Даймехкан даг тIе боьду уггар боца некъ а —
Байтан могIа суна карийна…


***
Паналле хьаьддачу сан шерийн коврана
Сан цхьа а синхаам Iеса ца го:
Дала шен хIост дина сан деган соврана,
Элчанан умматах дIатухуш со…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 23:49   #2167
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан ненан меттара сатоссуш хьала а гIоттий,
Сан когех хьаьрча некъ - дийнахь сан бан безаш берг.
Ткъа, самаволлушехь, соьга цкъа хьал-де а хоттий,
Со кхарста кIамво цо, хуьлий сан боцуш ца терг…

Ткъа, буса, набаро хьаьстича сан зийза кIажош,
Мел чIогIа кIадбаларх, шен хеннахь ца буьжу дIа:
Боьдий, дIахотталой сан ненан нилхачу кIажарх,
Со ларвар доьхучу доIане ладоьгIуш Iа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 23:49   #2168
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Делан лайн ойланаш

Суьлхьанаш-кепекаш оьхкина писаллин тай тIе,
Рицкъано Iехийнарш шайтIанна мэл кхайкхош бу.
Со-м тасбихь доккхуш ву ваккхале суо Сирта тIай тIе.
Со Делан кхетамехь Махьшаран майданхо ву.


КъорIано кула йо озачу ийманан дайшна.
Уьш дуьне тIекхетарх тешна бу, шаьш кхетта лахь.
Маликийн шапаIат кхочур дац Иблисан лайшна
БIешерийн ченашлахь, седарчийн буьртигашлахь.

Есаллин кIоргенехь цхьа шовкъе хьийзаш ду Латта,
Малхо а, Батто а ца дойтуш бодане гIел.
Дала ша пурба луш декъашна эхартахь гIатта,
Эххар а хьарчор ю Iожалла дахарна кIел…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 23:51   #2169
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Кхолламан гIулг хIуттий цIеххьана аьлча,
ГIуллакхийн жамIийн со чот тоха ваьлча,
Кхетамехь охку ас оцеран дух.
Массо а хIуманан хьесап а дина,
Сайн таллам со ваьлча Iаьвшшина бина,
Со тIаьхьакхиъна бакъ цецвоккхуш ду.

Хьан чIагIйо денна сан хьуьнаре ойла,
Къайллаха лууш со гIелвелла гойла?
«Баркалла» ала со хьанна хьакъ ву?
Деба ца дебийта сан ойла маьлхан,
Сан дагна тIехьоькхуш ачонан аьлха,
Сан хьекхал ирдийриш мостагIий бу…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 23.11.2008, 00:05   #2170
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Къан а велла, шен оьмаран йисте кхечи иза,
Шера хаьа, йоьрзур йоций шеен цпамгар а къиза…
Цхьа лаам бу х1инца цуьнан: йовха йоллуш вала
Адамашна ца хилийта ша д1аволла хала.

***
Дийна дог1уш, дела доьдуш – ши са, вовшех къехкаш,
Тера ду-кха лууш доцчух цкъв в цхьаьна иэн:
Ага хуьлу, гуттар бохург санна, лаьттахь техкаш,
Шийла барам, дукха хьолахь, ийло х1аваэ…

***
Нийсса ши набахти ю-кха вайн дуьненан долахь,
Цхьаъ ю – ханна, цул а готта важа – гутаренна.
Вай йитабехь долуш сана хетта, дукха хьолахь:
Дахар – некъ бу кошан бага – кийра д1а ненан…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.