Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 21.11.2008, 23:45   #2151
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
З. Д.

Хьан кIажарш тIехь шаш ду беса,
ЦIоцкъамаш тIехь кIац ю кIайн.
Хьан бесни тIехь лайн чим беша -
ХIинца-м цуьнан лар а яйн.

Ткъа исбаьхьчу месийн деши
Беттан нуьрехь цIиндели.
Хьан бесни тIехь лайн чим беши:
Дорцан эскар жимдели...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 23:46   #2152
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дуьххьарлера илли

Дуьххьарлера сан илли ду
Диттан дато заза,
ЧIогIа хаза кхелина
Сан ойланан дитт цо.
Ткъа цу диттан баьццаралла
Iалашйина база,
Аса-м хьан и сийна сибат
Цкъа а диц ца до.

Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан гIерташ лаза
Сайн ойланан дитта тIера
Иллин ховха са.
Деган мерзаш зуьйш, меллаша
Дека илли-заза.
ГIад нисдина, малхе кхийда
Дитт-ойла а сан.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 23:47   #2153
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ГIеметтахIоттаро дIадаьлларг лоруш ду деза,
Чот тоха дIахIуттуш дахаран жамIаш ден мур.
Дуьненан гIовгIане ладоьгIча, моттало хеза
Генарчу бераллехь иддачу сайн денойн дур.

Хиллачун дахкаро хьулдина кхетаман баххьаш
Иэсо шен Iаь етташ, меллаша цIандича дIа,
Эхарта бахначийн йицъелла яланза яххьаш
Дийначийн пхьоьханахь гуш санна хеталуш Iа...

Тишлучу дегIа тIехь замано толлу шен зиэраш,
Цхьа а чо биц ца беш, коьртана кир тухуш кIайн…
Маржа-яI, кхин цкъа а гур дац-кха дIадевлла шераш,
Къоналла олуш дерш сирлачу умматах шайн.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 00:01   #2154
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра,
Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта:
Ластае суна хьайн марзонан куьйра,
Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта.

Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь
Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко,
ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь,
Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко.

Езачун кIажарша вихкинарг хийла
Беттасин кираша кIайбинчу ломах,
Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла
ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах.

Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а
Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре,
Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра,
Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре!

Мацца а ларор хьо къа латор лара-м
Иллина вирд даккха Iемина со гар.
Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам
Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар.

Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш,
ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган,
Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш,
Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 00:02   #2155
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Лаьттахь цхьа а хийцам ца го-кх суна
Хьан ойлано сайна тоьхна букъ бен.
Уьйран баккхал хьанал йо ас хьуна,
Дагалецам боцург сайн садукъден.


Бехказлонийн базар хьайна йита,
Хилларг хIун ду дерриг суна хии:
ХьогIан къутIа - дIаьвше эладита
Хьан тешаман кертахь даха хии.


Хьан шеконийн чолхе IалагIожа
Къар ца елча, хIоьттиний со-м холчу.
Сан садеIарх йоьлла цхьаллин хьожа -
ХIинццалц суна тебаш лелла йолчу...


Син кхаш тIе а дуьллу цо шен дера
Набарзаллин буьйса санна, екха...
Амма васт хьан нIаьвцицигах тера
Дашо тача дуьллуш, даг тIе текха...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 13:44   #2156
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Тхишлара бецан дог къийзош,
Цаьпцалгаш ека цхьа хьере.
Мархашлахь беттан дин хьийзош,
Г1адъоьху маьркIаже-бере.

Баьццарчу синошца гIаша
Массо а дитт маракъуьйлу.
Седарчийн даточу жаша
Боьранийн тийналла муьйлу.

ЦIогIанца кхолламна текъаш,
Хьуьнхахь тоь тIаьххьара экха.
Сан когех хьекхало некъаш,
Лууш хьан кора кIел текха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 13:44   #2157
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека,
Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до…
ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека,
Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо?

Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ,
Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь…
Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш,
Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 13:45   #2158
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса.
Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехь ламчу тилла.
Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса –
Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла.

Ламанца мустъелла дахкаран етташура.
Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба.
Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш,
Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан.

Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар.
Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла.
Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар,
Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла.

Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш.
Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара.
Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш,
Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонан барам…

Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш
З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий…
Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламна децаш:
И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 13:46   #2159
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ша генна дIавоьхуш къийсаман некъо,
Къонахчо аьттехьа ца юьту шеко,
Шен Iалашонашна муьтIахь и ву.
Дан хьаьхнарг иркене кханенга даккхар
Ду стага шен лаам осала баккхар -
Толаман меттамотт – сацамбар ду…

Хиндолчух шекваьлла, осала вегош,
Стаг ца тов ца дича ца долург кегош,
Декош шен бухбоцчу бахьанийн зов.
Хадаме сацамбарх деш гIагI а, герз а,
Седацеш дегаден кхолламан терза,
Къонахчо схьадоьллу толаман ков…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 22.11.2008, 18:49   #2160
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Цхьалхачу сан гIенийн бос баьхьна Iу
Бутт бу — ахь бIаьргашца летийна ч1урам.
Хиллера ахь бина седарчийн цу
Сан даго ша худуш ца хаззал хурам.

Хьайн марзо йоьлча сан кхетамна чу,
Хьайн куьцах дин деш, хьо елира кура-м.
ХIетте а, синметтехь со кхобуш ву
Хьан болар хьаьстича къонбелла урам.

Сатийсам берриг а соьца Iаш бу —
Хьан деган гIулгана кIордийна кIурам.
Дицделла даланза хьан сибат ду
Сан иэсан тулгIено ловзаден бурам.

Iожалло дIахьарчош сан кхиэлан баккхал,
Хьайх лаьцна илли цу юккъера даккха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.