![]() |
|
|
#2141 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Тийжа хIутту можа назма беттан Седа бахча лаьттан махка маре. Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда, Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре. Карзахечу сайн дустарийн тидарш Мел лаарх а суна хьох ца акха, Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха. Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг, Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш... Седарчашца беттан юкъаметтиг Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш, Са ма тийса мархийн белхар тере - Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а: Шина декъе декъна уьйран шерет, Ахь безаман весет доха ди-кха... Ойла хьоьжу сингаттаман кеда, Лууш цунна чуьра лазам Iийша... Лаьттан махка маре бахча седа, Беттан можа назма хIутту тийжа... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2142 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2143 |
|
Вес репутации: 27 |
ИбрахIиме
Поэзин охIланийн седарчийн новкъа, Хьайн рагI тIе ма-кхаьччи, дIаваха хьо а. ТIом санна, Iаьржачу мархашлахь дов-кха Хьан даго лийсина беттан кIайн хIоа. Ма сиха ларий хьо Iожалла къасто, Ма ваха йиш йолуш ца ваха цига. Хьан байтех хьоьгучу Даймехкан васто Мохь бетта, стигал а елхош, хьан сига. Дика ду гур доцуш гIенах я самах Хьуна хьайн Нохчийчу боьссина бала. Хьан халкъо ловш болчу къизачу тIамах Кадели хьан иллин ца леш, чекхдала. Хьуна а гур ду-кха генарчу цигахь Мел заза даьккхина хьайн синан хьесо Хьоь кхуьйкху хьан байташ эхарта йигахь Хьо лаьттахь ца гучу поэзин иэсо. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2144 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Сийна таж а дерзош лаьтта тIе. ТIома юьйлу ойла хьаьнга къерло Нохчийн махка дуссуш иштта де? ХIаваъ хьоьстуш цхьа мас-пелаг лела, Моьттуш ша цхьа нуьре седа бу. Шен-шен бос бу хIора бецан хелан, ХIора тIулган шен-шен илли ду. Лулахь долчу зезагашна къежаш, Уьду шовда - къоначеран теш. Чухчари ду етташ сирла кIежаш, Маьлхан цинцийн деши лехьадеш. Хета малхо шен зIаьнарийн тешца Хьун стигалца вовшахтесна ю. Берта йоьдуш лаьмнийн акъарешца, Къайла юьйлу сийна анаюх. Дуьне мел ду яьржи маьлхан серло, Цо сан синхIоттамна гIора ло. Хьоьх ен ойла дагах дIа ца херло, Хета даьлла ганза эзар шо. ХIинца яц сан шеко хьоьца девне. Йола сарахь шовда эца кIайн. Хетар ду хьо елаелча зевне Дерриг дуьне дола долу сайн. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2145 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Лаьтта йоьжна, даг чу тили Бузуш болчу маьлхан мекха. Сагатлуш, ас аьлла илли АстагI лелхаш, бай тIехь тиэкха. Бай цо ведбинехь а, хьешна, Хир ма дац и иштта къиза-м: КIирделла хьо яре хьежна, БIаьрса дайна лелий иза-м... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2146 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьан куц ду - безаман товха Сан кхиэлан оти чохь йина. Сан хьажарш - чIийш ду-кха ховха Чим хила ас векалдина. Бодахь хьан бIаьргийн ши кIега ГIайгIанан овкъаран баса, Церан ницкъ хилийта къега Дог ду сан царна тIетаса. Сайн кхерчахь цIе мел ю летта, Ас къастар дийр дац-кха сетта... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2147 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Батта тIе хьаьрчина мархийн бой хоьтуьйтуш нилха, АллахIа сий до-кха серло схьайолучу дуьхан: Буьйсанна талха ца талхийта стигалан дилха Цо говза хьаьрсина цунна тIе седарчийн туьха…. *** Ца гин хьуна, бат а сеттош, эладитта къажар, Цо хьайн тешам шеца бижор, тесна тIе кетар?.. И гиначу суна хили — лаьтта малх ца хьажар, Анайистан керт а кагъеш, стигал тIекхетар… *** Зовкхан дуьхьа ша дуьненчу богIуш таттабелла, Сан безамна-м ца хаьарий шен хIун кхиэл хилла: КIожам хиллалц сингаттаман куьркахь ваттавелла, Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2148 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Керлачу кошана хьалха со хIоразза латтахь а, ойланехь воьхна, ХIоразза-ъ кхетаме цIеххьана дуссучу маьIнех сан бузу-кха бIаьрг: Барз — иза тIадам бу оьмаран могIанан чаккхенга Iожалло тоьхна, Ткъа чурт ду — 1ожаллел ца эша дахаро хIоттийна айдаран хьаьрк! *** Когаш кIел хьоьшу вай сийлахьчу эхь-бехкан гаьргаш. Вайн аьшпийн кIуьро бIаьрг Iовжоза дуй-те кхин дош? Стигала хьежадо вай дог1мийн хьараме бIаьргаш, Маьлха тIехь хьоькх мел гин, вайн къинош кхетош-кхиош…. *** Со гуш ву хьан даго ловш йолу стогаллин къелла. Хьан бакъо яц хьуна, хьехам беш, дош ала бере, Хьайн озан массо а тIаьхьало аьшпашна елла, Шабарийн Iаспар тIе хаийнарг бакъдолчун бере… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2149 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Юьхь тIехь хазахетар-бIаьсте яьлла БIаьргийн-диттийн ма самалхадаьлла! Царалахь цхьа суйнаш лепа хаза - Безамо бен хьоьстуш доцу заза. Даг чу халахетар-гуьйре йоьлла, БIаьргийн дитташ цхьаллин махах доьлла. Церан меда бIаьрхиш, лаьтта оьгун, Стоьмаш бу шайх гIайгIа бен ца хьоьгу. ХIора синхаам сан хьаьвза готта-м, Лохуш шена тайнна хенан хIоттам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2150 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Со коран хехо ву кху беттан буьйсанна - Декъала хуьлда сан ял йоцу ха! Хьох ечу ойлано со къагош, суй санна, Батто а хорцу-кха мархашлахь ха. Ов детта дуьйлало седарчийн зингаташ, Стигалан дилхалахь туьйлигаш еш, Ас син кхе техкича гIайгIанан сирхаташ Суна шайн серлонах дакъа а деш... Сатийсам тIелуьстуш могIанийн уьйригна Багабеш тишачу ойланийн муш, Сайн дагна маре ас вайшиннан уьйр йигна, Цхьаллина томана сингаттам луш... Дашна тIе дош хьаькхча, тесначу цIерашка Ас лата яйтина сайн зовкхан пеш, Хьо сайна йовзале дIаихна шераш ган Декъаза «байттамал» векал а деш... Ткъа стигал охуш ю дIо беттан хьонхало, Сийначу боданах беш эзар бIал... Сан иэсехь IаьIначу хьан куьцан ховхалло Тховса а тодина сан деган хьал... Шабаршца тийналла кегош сайн петаран, Дагардо ас беттан IиндагIаш дайн... Хьо - зIенан бIогIам бу сан ирсан кетIара, Хьуна тIетесна ас син хьесий сайн... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|