Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 21.11.2008, 01:23   #2131
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Кхо синхаам

Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина,
ДIабижо кечби ас кхо синхаам.
Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина
Хьийза сан уггаре оьзда лаам.


Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша,
Геннара схьакъежий, гIенашла хьо.

Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша
Набарха даима далхадо цо.

ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина
Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го.

Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина —
Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо.

КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина,
Нисди сан кхолламан гара сизаш.

Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина,
Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза…

Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина,
Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа.
Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина,
КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 01:24   #2132
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…


Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…


ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:31   #2133
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Веха со, лелош сайн шерашца гамо,
Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма.
Хала ду-кх хебарш а ягарьеш Iамо
Доккхачу дуьненан хьесапан Iилма.

Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар,
Оьмаро качъелча сан даге йина.
Цундела тIедоьжна денойх цаIабар
ГIеметтах1оьттина долчу сан сина.

Дахар ду заманца хьаббарех ловзар,
ТIаьххьара бIаьрг беллар валар а долуш…
Цкъа хIинца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар —
Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш.

Азъелла ягIахь а сан ирсан рузма,
Безаман мIаьргонаш — агIонаш туьлуш,
ВогIу со куьг лаьцна сайн къоман узаман,
Син тIаьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш.

Ткъа дог, дIаладоьгIча, аре ю тIеман:
Цунна тIехь леташ ю бIостане шовкъаш.
Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема,
Шена тIе хьерчаеш толамийн къовкъарш.

Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь,
Когашна аьрха ца хетийта сацар,
Эшаман ша башош кхиаман четахь
Муьйлу ас доьналлин хьаьж тIера хьацар.

Цкъа-м омра кхочушдеш тIаьххьарчу сахьтан,
ДIагIур ву абаден хIордах дIаэн со.
Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта
Сан чуртах Iаса яхь адамийн иэсо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:32   #2134
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда,
Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда.

Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш,
ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан.

Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш,
Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда.

Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош –
Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда.

Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама
Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан.
Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза,
Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:33   #2135
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сатийсар

Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта
Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист.

Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта,
Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист.

Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа
Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо?
Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а,
Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо.

Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко,
Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар.
Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко,
Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:33   #2136
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна,
Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн,
Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина,
Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай.

Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу?
Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м,
Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу
Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м…

Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала
Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар…
ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала,
Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:35   #2137
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Сайн меттан зевнечу махкахь со веха
Сай санна, оьздачу гIиллакхца цхьаьна.
Ца хьерча сан дагах ачонан Iеха,
Ца бо сан ойланна шеконан нIаьна.

Кхузара бахархой - дешнаш ду зевне,
Даггара къобалъеш сан къоман амал.
Уьш соьца цкъан цкъа а ца хилла девне,
Цундела со царна еш ву сайн Iамал.

Дешнашна со а цхьа дош хета шайлахь,
Суна а хета уьш адамех тера.
Дуьсуьйтур дац цара сан илли байлахь
Мацца а дIаваьлча да цунна тIера...

Стогалла санна ду дошаман низам,
Цо хьакъво со латто харцонца къийсам...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:36   #2138
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Аьхкенан буьйса

ХIара буьйса… Маьрша хиларг сагIа тоьлла аьхкенан…
Кхунна тайнна хьошалла ца дича ас ма хиндарий!
ГIайгIано ятийна хилла деган беш а аьхкина,
Кхуо самалхадаьккхи чIогIа сан ойланийн синтарийн.

Олхазарша гихь лелийна хIаваан дегI дайделла,
Сан садеIар карахь ловзон цуо а-м дера Iамийна!..
Мархийн чопа гонах йоккхуш, беттан саба кIайделла,
Цунна кхехьа хи хьаштхилла Чухчахьеран чамина…

Дитташ лаьтта, орамийн тIамарх чуйоьлла тийналла,
Стоьмийн беснийх барташ дохуш гIаннабарийн Iехано…
Детталучу деган озе лууш дийгIа цIийнна ла,
Сатийсамийн ваIданашка са ма атта Iехало!..

Шур-шураш дан дуьйладели, лаьттахь шеллуш, IиндагIаш.
Тхилахь ешна буц а ма ю – массо чо а бусийна!
Белшаш хебош хоршано шайн, ваьштатеIаш хинда гIаш,
Йовхо къийъян эхь ца хетча кху медачу буьйсанна!

Нуьре сенаш долу бIаьргаш бетташ, гежа седарчий,
Царна чуьра эгош наггахь суй-седанийн дато кIеш…
Легаш Iуьйдуш синхаамийн – гарехь, уггар ледарчийн,
Тоьллачаьрга аса-м тховса туьйсуьйтур ю ма-ттов кIеж…

Буьйса, сихха чекх а ялий, со ма хьолахь саготте!
Хьайн IиндагIийн ловзаргахь дош луо сан дагна-вотанна…
Баттах турмал йина, хьоьжуш йолчу хьуна ца го-те
Кху сан дегIан дукъо даош, шерша хенан воттана?..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:38   #2139
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь
Дарц а кеста дIатен герга ду.
Лайно шуьйрра баржийначу меттахь
Хехо санна, лаьтташ поп а бу.

Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли
БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй.
Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли,
Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй
.

Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса,
Шок а етташ, текха лаьтта тIехь.
Амма бовха синхааман хьаса
Даго дохлуш, латтабо шен гехь.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.11.2008, 12:38   #2140
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.


Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?


Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.


Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...


Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.