![]() |
|
|
#2111 |
|
Вес репутации: 27 |
Тов
Лаьхьа сана, хи тIе текха тача, Сетта, кIамлуш морзгал-моьнаш – лараш. Бецан кийра лаьцна ченан ача Цестаевли маьлхан зIаьнарш-тарраш. Болх беш ю аьхкенан йоккха товха, Доттуш, кхоьрзуш Iаламера синош. IиндагIаш ду дерриге а довха, ГIора доцуш дайдан тевнан къинош. Малхо, мархийн билзиг юккъе хуьйшуш, Чоьш схьалоьцу церан массо можан, Нуьре цергаш яош, аре Iуьйшуш, Гонах яьккхи сагал-бецан хьожа. Зевнах доккхуш тIемийн жима пиллиг, ДIо кIайдарган кеда зIуга юьжу. Тийналла ю дилла гIерташ «бIиллиг», Лехна аьзнийн уггар мерза ижу… Амма син Iаьршашкахь ойла къекъа, Дагах кхета стелахаьштиг-могIа, Къинхетаман коьртехь бIаьрхи хьекъа, ТIедутту сан байтийн дато догIа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2112 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… 1илман Юсупов Никакой мир вокруг не заменит душевного покоя.В философской лирике 1илмана Юсупова прослеживается стремление обрести покой, слиться с окружающим миром, добиться равновесия.Кажется, сама природа переживает вместе с ним... Сожаление о том, что было и чего не исправить уже?Может быть. Ведь в прошлое невозможно вернуться и поставить все на свои места: "Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а..." У поэта,как и у любого нормального человека, тоже бывают моменты отчаяния, одиночества, тоски. В этом неповторимом и сильном стихотворении мы видем раскрывающее внутреннее, далеко запрятанное "я". "Я" гениального и невпревзойденного поэта-философа 1илмана Юсупова. Дала дукха ваха войла хьо,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2113 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Белхош цхьаъ бен боцу орам-эвла, Генаш санна, вай ма херадевлла. Шен-шен лахьорч хеташ уггар сирла ХIора веха эттамаьIиг хилла. Амма чартийн махка доьду тача Лууш ду вай вовшийн тIеттIа кхача; Цхьана ханна йицйой дегнийн волла, Схьагулло вай… велча цхьаъ дIаволла. Сийлахь барт, вайн дайшлахь маьхза лелла, ХIунда оьцу оццул мах а белла? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2114 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн, Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира. Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий, Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира. Дегаллин гIалатах хьо кхето санна, Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша, Бух болуш баккха бехк ца хили сан а, Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша. Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора, Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а, Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора, ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа. Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда КIеззигчу хенах а Iодикаяран: Хьуна а ца хии вай къастар дайдан, Суна а ца лии кхин дахдан хIара. Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса... Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2115 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Къан а велла, шен оьмаран йисте кхечи иза, Шера хаьа, йоьрзур йоций шеен цпамгар а къиза… Цхьа лаам бу х1инца цуьнан: йовха йоллуш вала Адамашна ца хилийта ша д1аволла хала. *** Дийна дог1уш, дела доьдуш – ши са, вовшех къехкаш, Тера ду-кха лууш доцчух цкъв в цхьаьна иэн: Ага хуьлу, гуттар бохург санна, лаьттахь техкаш, Шийла барам, дукха хьолахь, ийло х1аваэ… *** Нийсса ши набахти ю-кха вайн дуьненан долахь, Цхьаъ ю – ханна, цул а готта важа – гутаренна. Вай йитабехь долуш сана хетта, дукха хьолахь: Дахар – некъ бу кошан бага – кийра д1а ненан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2116 |
|
Вес репутации: 27 |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн Iаса, Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара, Сатуьйсуш хиларе кхана хьох сайн деган Iаса… *** Кийра сирла боггушехь сан беттан бIаьштигал, Дог ду реза доцуш цуьнан можа гIайгIа молуш. Дагна шенна езаш хилла йоккха цхьа стигал, ГIушлакхе а баьлла, богуш ирсан малх а болуш… *** Дуьненна а барзакъ тега ницкъ болуш ду тай, Шен цхьа похIма доцуш дац кху лаьттахь цхьа а сиз а… Адамаша пайда оьцуш дац дIо шира тIай, Амма шина бердан деха гергарло ду иза… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2117 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Ша генна дIавоьхуш къийсаман некъо, Къонахчо аьттехьа ца юьту шеко, Шен Iалашонашна муьтIахь и ву. Дан хьаьхнарг иркене кханенга даккхар Ду стага шен лаам осала баккхар - Толаман меттамотт – сацамбар ду… Хиндолчух шекваьлла, осала вегош, Стаг ца тов ца дича ца долург кегош, Декош шен бухбоцчу бахьанийн зов. Хадаме сацамбарх деш гIагI а, герз а, Седацеш дегаден кхолламан терза, Къонахчо схьадоьллу толаман ков… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2118 |
|
Вес репутации: 27 |
РечIа
Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа, Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са. Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча, Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат. Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш. Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш... Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано... ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано... Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг. ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха: Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг... Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар, Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна, Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна. Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа, Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са. Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча, Хьо къинтера яла суна, ховха селасат... Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам, Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка. Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам? Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2119 |
|
Вес репутации: 27 |
Нохчийчоьне
Хьоьга безам – сан ойланийн чилла - Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна. Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла: Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна. Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь, Талла ваьлча тоьар доцуш дахар… Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь, Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар. Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам, Беттан серло - седарчашлахь деба, Байташ юцуш, марсабаьлла къолам, Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба. Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а, Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а. Денна мийларх ас хьан шийла хьоста, Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2120 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьан бIаьргаш чохь пелаг хьедан хIутту гIайгIа-чIара, Ирсан бIаьрхиш лакъор лоьруш коьрта Iалашо. И-м схьабаьккхи сан бIаьро, шех хуьлуш дашо мIара, Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха Iаь лашон… ХIинца-м хьан бIаьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина. Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн цIазамаша, Сан даго шен Iаьнарх хьуна бацон мох бина. Сан гIевланга цуьнца хIотта ахь цкъа нигат делахь, Сан набаран дилха огуш, гIенийн сур лаIа… Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь, Цунна чохь а яц-кха тIаккха хьо бен хIуьрлаIа!.. Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш, ЦIийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!.. Уьш ма ду ас гIоьнна хьехна, деган пондар булуш, Тайна мукъам балабайта сайна тIаьхьара… Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча хIара ЦIена илли ала, хьан сий кховдош хастаме, Хьан куьцана хьогIо морса марчо дустур дара, Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|