Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 18.11.2008, 23:55   #2101
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сатийсар

Хеталуш хьо Дала маликах йоссийна Лаьтта
Хьан озах хьоьгу со, вацахь а хьоь хилла вист.
Хьо суна гина де кхетамехь, малх санна, лаьтта,
Хьан бIаьргийн стигална ца гарх сан син анайист.


Ас юьхьарлаьцначу муьлххачу гIуллакхан дакъа
Хьайца ас ду аьлча, тешар а ярий-те хьо?
Хьоь къайллах сатийсар хилла сан бакъо а, хьакъ а,
Хьо яккха ца хIуттуш ас ечу ойланийн бIо.


Хьо ца гуш де даьлча, дуьненах кхоллало шеко,
Синтеман бIаьштигна гIайгIано хьежабо чхар.
Хьан елар дIахIуттуш шен зевне горгали беко,
Хьан бIаьргийн сийналло сан дагна детта хьацар.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.11.2008, 23:56   #2102
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам,
Кехатах тешабеш сан дешнийн болам,
Байташка дерзадеш ойланийн сур?
Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена,
Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена,
БуьйгIуш сан безамна шеконан гур?

Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол,
Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол,
Тахана ахка шех хилла Iаш дерг?
И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш,
Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш,
Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 18.11.2008, 23:57   #2103
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча,
Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх.
Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча,
Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк.

Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар
Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга…
Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар
Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а.


Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш,
Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг…
БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш,
Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг.

Амма со ца воллу цуьнах сайн къубба а йина,
Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша –
Сан илли дуьненан массо а пхьоьханахь хьийна,
Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша.

Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош,
Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша –
Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош,
Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша…


Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха
Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш.
Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха,
Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 12:40   #2104
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ЦХЬАЛЛИН ГЛОССА

Серлонца мархийн тха дакъадо батто,
Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано.
Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто,
Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано...


Чохь - сонийн баганаш гIаттийна пенаш,
Вовшашца цара ден аз дойна хабарш.
Ткъа, арахь - набарха туьдуш шайн гIенаш,
Буьйсанан синоша деш долу шабарш,
Дош-кIорни тIома кIел лечкъадар матто,
Сан беснийл арахьа Iаь яьлча механ...
Хаьржина буьйсанан нийсса ах ле хан,
Серлонца мархийн тха дакъадо батто,


Чохь - сиха собарна кхачало цIий сан,
ХIоара ца довлуш ойланийн кенаш.
Ткъа, арахь - дитташа охкийна генаш
Ла ца луш бухарчу орамийн къийсам,
Сан дагна гобина седарчийн каной,
Кхоьруш шаьш тутмакхах бевлла бисарна...
Кхузара дIа цхьаьнца тIом болон санна,
Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано...


Чохь - бала боьжна сан миска синхаам,
ТIедоьхуш аматаш, шех хьалха даьзнарш.
Ткъа, арахь - кхозлагIчу боргIалийн аьзнаш,
Сан цхьаллин са эца балхош шайн лаам,
Оьшуш а цахилар и орца гIатто,
ГIайгIанан ченаша сан бIаьргаш букъарх,
Иэсан шед етташ дIадаьллачун букъах,
Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто...


Чуй, арий вийлар сан - сингаттам хьахар -
ХIордал а доккхачу къастаран цамгар.
Цуьнан цхьа дакъа ду - гича со цамагар,
Бодано боршам беш сайн кораш хьахар.
Делахь а, кIорггера теша со-м: кхано
Дарбане наб кхеташ, ваьлча со паргIат,
Дала сан къиношна дийр ду капарат,
Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 12:42   #2105
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна,
Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна,
Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла,
Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла.


Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха,
Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха,
Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса,
Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 12:43   #2106
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Шеконо бохь буьйгIуш тешаман кертахь,
Хетарехь, цуьрриг а дац лаа-тара
Бендацар хилар а шовкъаца бертахь,
Сатийсам хьерчар а гIайгIанна мара.


Марзонца Iехадеш вайшиннан синош,
Синхаам ца боьду кхин байракх олла
Мэлана хьесталуш лелаче къинош,
Дикаллех къехка ца къехкаче волла…


Декъаза ирс лоьруш хьо суна йовзар,
Син лам дIалаьцна Iа кхолламан аре,
Ган лууш тезетан куьг лаьцна ловзар
Вайн безам боьдучохь къастаре маре…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 12:44   #2107
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *

Къоьжаллин канаша гиччош тIе хьорсур ду, ца кхоош, дама.
Литтане йиллинчу элах денош а маргIал ду лур.
Къоналлин бIарлагIа хьистина, кIадвелла, со воккхуш сама,
Кхочур бу, Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур.


ХIун хир ду сан шерийн сайра чохь совгIат деш, цунна дIадала?
Сан дагалецам-цIеркема хьийзар-те ца карош берд,
Ас динчу диканех боьттинарг, тIалам беш, айбинарг хьала?
Хир ю-те вонаша сийсош, адамаш къехкош сан керт?


Ткъа, эрна хихкина карабахь къоналлин хIу цIена гила?
Хьуьнарш сан дорах а хетта, уьш бакъдан ца хIоттахь теш?
Хилахь, ткъа, вахана цкъа мацах бехкбоцчу аламан къила?
Къухо дIахьулйина хир-те ас динчу гIуллакхийн беш?


Цкъа хIинца-м зоьрталчу лаамийн, уьдучу хенан бо хама.
Хиндолчу диканийн закъалт ду лекхачу ойланийн сур…
Хууш ву, цIеххьана гIевланга хIуттур бу, со воккхуш сама,
Шен турсан Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 12:48   #2108
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ИЭСАН Г1У

(сонетийн кочар)

I944 шеран 23 февраль дагалоцуш

I.

Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту,
Сайн бераллин кога туьйдуш Казахстанан аре.
Лазамечу ойланашкахь ас, хи санна, луьтту
Сайн кхолламо нехан махка дина беркъа маре.

Кху дуьненчу ваьлла со тIедоьгIна синтар хилла,
Делхош сайна напха латто дезна гIийла дитташ.
Вина меттиг, сайн кхетамехь ас хьо мичхьа йилла,
Хьуна тоса ца ялийта сайн цIийн озан Iиттарш?

Чаккхармашна чекх а дуьйлуш, кхолош сан син бIаьргаш,
Сан Даймехкан лаьмнех хьерчаш сингаттаман дохк ду.
ЦIахь диссинчу кешнийн гIевлангарчу чартийн гаьргаш
Къиза когаш тIехула а лелаш, новкъахь Iохку.

Лаа дац сан, хьуьхь а воьлла, иэсан гIу тIе хьиэдар,
Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар…

2.
Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар,

Со хи эца вогIу сайн хиндолчун корта била.
Наггахь гIунан син куьзганахь сайн син малх схьакхетар
Суо ларамза вахар лору ас сайн халкхан къила.

Сан къа ду и – денна бохург санна, леха дезар
ХьаргIанал а Iаьржа шекъа оццул бохам бийца.
Сан къа – ворхI шо тIаьхьа кху дуьненчу вала везар,
Къематдийнал ворхI шо жима лазам хилар цIийца.

Ас цундела къежбо иза, гIу чу хьоьжуш иэсан,
ДаьIахка тIе кхаччалц кIаргъеш цуьнан ховха хебар,
Оьмар йоца хирг ца хиларх доглазаран хьесан
Иза тешош, тохадаллалц гIунан бIаьрхиш дебар.

Цунна мала ас сайн ведар даим дуьзна дуьту –
Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту…

3.
Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту,

Сан иллина оьшу иза-м ламаз эца, мала.
Замано сан кийра де-буьйсанан шаьлта Iуьтту –
ТIаьхь-тIаьхьа ду суна цуьнах ведар лардан хала.

Нагахь санна, и зарзделла, дерриг даьлла додахь,
Якъаелла гIабакх санна, гатлур бу сан кийра.
Сайн хиндерг а-м гуш ду суна дагчуьрчу хин доь дахь:
Кондар хила, уьдуш хир ву, мох ма-баьлли хийра…

Ткъа, тахана-м могIанашца хьоьстуш иэсан корта,
Иллийн кIотар йиллина ас цуьнан гIуна юххехь,
Дола хирриг мостагIчунна, хьаглахь, схьатIегIорта,
СинIовжаман хина даим къонахалла ю хехь,

Цуьрриг осал а ца хеташ дехар бIаьрхине дар –
Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар.

4.
Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар,

IаIадо до ас айса бала Iуьйшуш, даьлла мутт а.
Ас сайн кераюккъе дуьллу маьлхан можа хедар,
Цуьнца йолу токхо сайна оьшу дела гуттар.

Пана махкахь яьлла дуьххьарлера бIаьсте оза,
Йицлур яц хьан дегайовхо ца леш бисинчарна.
Хьо ю шординарг кху лаьттан къинхетаман доза,
Хастам хуьлда ахь сан кийрахь латийначу цIарна.

Истангашлахь къам-хIусамда цецдехи ахь хийла
Богуш гойтуш дорцах хьулам боцуш хила кхерчаш.
ГIенах санна, дагадогIу серлайохуш гIийла
Ахь сайн даим бепиг буйна къуьйлуш, евлла берчаш.

Иэсан гIуна ша мел бин а, хьо и башош, яьгна,
Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна…

5.
Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна,

Бахлуш болчу муьшах тесна ведар ас чухоьцу.
ХIара сийлахь-деза хи ду сан гIайгIанна аьхна –
Шен гуш доцчу куьйга цо сан деган кIай схьалоьцу.

ХIара хи ду – бIаьрхиш, бакъо йоцуш цкъа а лакъа,
ХIора тIадам барах ларбеш, цхьана метта IаьIна.
И дерриг а хууш йолу гIунан зеразакъ а
Сеттош Iа шен шерийн махо тилош лаьтта яьIна.

Ирс сан кийрахь дIасахьийзарх, чохь Iан хIусам лоьхуш,
Сих ца ло со-м сужде доьжна дог сайн хьала даккха.
Гуьнахь доцу къинош гечдар халкъан иэсе доьхуш,
Дагна лаьа хIокху гIу чохь кхелхаш, гIазот даккха,

Шех хьегош сан ойланаш а, иллешкара шовкъ а –
ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа?

6.
ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа?

Со-м ца воллу гена махка цуьнан хиш дIакхехьа:
Ас цIерпоштийн чкъургийн шийла цIийзар хала лов-кха,
Цу ирчачу Iай и сайна хезна доццушехьа.

Лайн бехачу новкъахь дуьтуш чарташ доцу кешнаш,
Юкъахдаьлла еса кхин дIа цхьалха доьшуш махо,
Багахь кхетамчуьра дуьйлуш сийлахь-даккхий дешнаш,
Мила вара хIетахь долуш сан халкъана дан гIо?

Цхьа а тайпа аьрша ярий буста къиза бАрам:
Йоцу тар вижа-гIатта, нанна бер дIахьарчо,
Веллачунна аьхна боцу салтийн куьйгийн барАм,
Массарна а цъаъ бен доцу дорцан зуьнан марчо…

Ас яржайо ойла, езаш вац и дукха хьаьъна,
Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна.

7.
Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна,

Со-м кху гIу тIе вогIу сий доьхкинчийн хIуьттаренна.
Даррехь нохчийн вон цIе яккха гIерта «аьзнаш» хьаьхна,
Царна дуьхьал тIом бан ас тIелаьцна гуттаренна.

ГIалх деш, хьогIан зIе а текхош, цхьа къена пхьу хеза –
«Къаьмнийн дадас» тесна даьIахк хийла яьжна йовсар.
Кан ца морцуш, доьрзур доций цунна хаа а-м деза
Дорцалахь а дIа ца яйна йолчу цIарца ловзар.

Кхин цхьа IаьнцIиг, шена ца йоттарна кхоьруш диларш,
Сан кхиам ца лалуш, угIу, карзахдаьлла далА.
ДIаьвшо яхкош лаьтта чевнаш - цо мотт хьоькхуш хилларш,
Цхьаболчарна-м эхь ца хета цунна доьша далА…

Ша-шена ша хьарам хетий, сан воккхавер дов-кха,
Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа.

8.
Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа,

Цигахь ношлуш, андайолу бIаьрхих юьзна марха.
Цхьа инзаре Iаьржа ткъес сан хьиэ чохь меттаххьов-кха,
Иэсан бIаьргаш мала гIертарх бендацаран хьаргIа.

Со-м ца гIерта тIехтилийта ялъян хьаьгна догIа,
И хиларх а хIора шарахь кIайнчу лай тIе догIуш:
Хьанна оьшу, цуьнах уьдуш, кхоллабелла могIа,
Iийжа ойла хенан тожа бухахь къайлайохуш?

Хьанна оьшу къерсигбаьлла синтем кхобу туьйра,
Цкъа а цIегIа чопа эцна доцу чевна тIера?
Ас сайн хIара гIеметталла йоккху когашIуьйра,
И яларна кхеравелла цу йочанна хиера…

Комаьршаллин векал хилла, мэл а боккхуш шена,
Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена…

9.
Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена,

Iийжош, баса дохуш хIаваъ шена тIехулара.
ХIора тIадам шен хилийта лууш уьнах-цIена,
ГIушлакхера чудожале, кхета ткъесан маара.

КIожам санна, лаьмнаш догуш, Iемаш орцахдала,
Шийла кIозарш охьахоьций, тийжаш, гIу чу керча.
Нохчийн ярташкара ясакх йоккхуш лела бала
ТIуьна шело ла ца елла, салтийн чоэх хьерча,

Ша ков-керташ дассадарх а (ца беш церан хама)
КIомсарш лепош, къежа, цIа карийча-м шена довхха,
Амма лей дIайолу цуьнан букъ ца бохбархьама
Шеца йолу нохчийн алу дIаяланза товха…

ДогIа-м догIу, тIеттIа юзуш сан доIане кана,
Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана…

10.
Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана,

БIаьрхийн догIано бинарг а бу шатайпа тIалам.
Даймохк гаре сатийсинчийн собар дуьйлуш чIана,
Къурдех кхача хиллал дилхи ГIум-Азера Iалам.

И ду – дохийначу халкъан тIехь тхов боцу петар,
Оьхьуш лайно кираш тоьхна шен лазартнен чоьнаш.
ХIун дан деза, цигахь дарба хилла аьлла хетар
Дохо гIерташ, Iийжаш хилча кхетамера моьнаш –

Цкъа а шарлур йоцу чевнийн луьра тIаьхьалонаш,
Къиза мел дерг чу а IаьIна, хьаладуьзна хершнаш?
Эшош питанаша кхаьбна дIаьвше инкарлонаш,
Уьш цIандеш бу къоман кIентий, шайн хиндолчух тешнарш.

Деле доьхуш царна гIо дар, лаьтта лаьмнаш къена,
Февраль беттан ирча денош карладохуш дена…

11.
Февраль беттан ирча денош карладохуш дена,

Нохчийчоьнан Iаьнах хьерча бехке доцу къинош.
ХIолламаша ца довлуьйту дайн кешнашна гена
Декъий мичахь ду ца хууш дIабайначийн синош:

Аматаша хIиттийначу тезеташкахь доьлхуш
Хьацаречу гIан-набарша оьхьурш верасашна,
Бендацаро вас а йийраш, несала а доьлхурш
Дийначара шайн цIе йоккхуш, аьлла долчу дашна.

Царах лаьцна ойла ю – сан чевнна тесна туьха,
Ша-шен дола ца далуччу дохуш сан садеттар.
Уьш шен дагахь латтор – декхар ду сан иллин дуьхан,
Осалчарна дуьтуш кхетамехь уьш тIехьа теттар.

Церан лараш леха бIаьрса дIа а хьежош ана,
Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана…

12.
Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана,

Даьгна шераш, чимаш хилла, шен месаш тIе оьгуш.
Ю и дай баьхначу юьрта ша цIа еъчахьана
Шен сирлачу денойх лайначунна марчо тоьгуш.

Ненан неIалташа аьгна вагон киралело
Къинойн марахь, веллачуьнан синпха санна, тийна.
Цуьнца Iаш ю сан бераллин гIевлангара гIело –
И а ю со ца леш висар хеташ тамашийна:

Мацаллино массо маьIIехь дуьйгIуш гураш долуш,
(Ца хилийта сан бераллин шерийн деба таро)
НеIсагIехь – сан куьг тIекхоччехь – миска бол а болуш,
Хенан хьерахь вузийна со ненан син кIаркIаро.

ХIора шарахь Iаьнан уггар юккъерачу батто
Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо…

13.
Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо,

Со хи эца мел ваха а, гIунан зеразакъо:
Цунна ломахь къиза йохийначу бIаьвнан гIат го,
Дагахь лаьтта дайн ирзенаш лело йоцу бакъо.

Самах-гIенах цIе-кIур хаьлла кIотарш дуьхьалтуьйсу
(Рицкъа хилларш дарже кхача Iазапечу кхожан)
Цо юх-юха, хьашаелла ойла лазош, луьйсу
Хьайбахара йогIу адам дагош яьлла хьожа.

Декхар хуьлуш бохийначийн ларийн хьаьркаш деша,
Кхайкхадо цо, шен ги хийшош хIусам йоцу мехаш,
Оьзда узам хилла хилар нохчийн хIора дешан
СинхIоттаман гIаларт хилла, назманашкахь бехаш –

ХIинца а-м ца лоьху, шена хьакъ ю бохуш, атто
Кхойтта шарахь доIа хилла, лелла болчу матто…

14.
Кхойтта шарахь доIа хилла, лелла болчу матто

Даймохк боху дош а эвлаяийн декъах лору.
Уггар хьалха дагадеънарг шегахь Iазап латто
Цкъа а тIаьхьадуьсур доцчу неIалташца вору.

Яхь, стогалла денна уьйзуш хьаьркийн герканашца,
Айдардешнийш шатлакх деш, и ший карийча езА,
Юкъ а йоьхкуш цхьаъ бен доцчу шен герзаца-дашца,
Цо шен хIора элп а векалдина маршо Еза.

Тахана а хилла цуьнах иэсан гIунан хехо,
ДIаьвше хабарш дуьйцучара и бехъярна кхоьруш.
Ас тIелаьцна нохчийн меттан турпалалла хьехо,
Суо и бийца Дала хьакъвар декъал хилар лоьруш.

Сан иллешна тIера цуьнан дарбане Iаь гIуьттуш,
Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту.

15.
Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту,

Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар.
Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту,
Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар.

Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна,
ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа?
Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна,
Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа,


Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена,
Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана…

Февраль беттан ирча денош карладохуш дена,
Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана…


Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо
Кхойтта шарахь доIа хила, лелла болчу матто…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 19:55   #2109
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Делан дош хийцина, шайтIанах тешна,
Эвхьаза даьккхи вай мостагIийн сур.
Эхь-бехкан доь дайъи, сийна цIе тесна,
Гонаха баржабеш кхардаман кIур.

Даржашка сатуьйсуш, дегнаш а шагдеш,
Кегаеш хьарамчу гIуллакхийн гIум,
Делан дош, тIулг тоьхна, бIар санна, кагдеш
ДIайоьхки вай цунна юккъера тIум.

Вайн яртийн йистошкахь чагIалкхаш цIийза,
Кхерчашна тIехула хьаргIанаш го,
Даймехкан дозанехь мостагIий хьийза,
Цара вай хIаллакдан кечамаш бо.

ГIерташ вай маршонан некъах дIахадо,
Цара вайн иэсана тIедуьтту дIовш.
Байттамал, йир-кха вай цхьа сонта кIадо
Iаьвшшина лар ца деш вайн Делан дош.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 19.11.2008, 19:57   #2110
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Доьналлин маьждиг ду нохчочун амал.
Цунна чохь рузба до гIиллакхо, яхьо.
Къобалъеш со мел ву и тайпа Iамал,
Лаьтта тIехь шело яц сан ойла яхьо.

Лур бац-кха сан къоман собаран лам мал,
ТIесерсарх бIешерийн питанийн къахьо.
Ницкъ ло сан къийсамна со тола Iаммал
Даймахко даьккхинчу маршонан сахьо.

Хьо каде хьовзарна, сан лаьмнийн гIайракх,
Къоман са ирдечохь хIаллакдан лолла,
Нохчочун кхаж бели шен дедайн байракх
Эххар а заманан момсар тIе олла.

Лензалле вистхуьлуш бакъволу нохчо,
ГIам-гIим дан ца оьшу дог-ойла лохачо...

1илман Юсупо
в
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.