Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 06.01.2008, 23:22   #201
1amaran Zaza
 
Ма хаза теманаш а байташ а ю кху чохь! Баркалла шуна массарна а!Сом ёккхйина а ца ёлу х1орш ёьшуш.
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 00:25   #202
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Аьрзу, ахьа-м дуккха а болх бина хилла кху чохь! Дала меле лорийла ахьа хьегна къа. 1илманан дуккха а байташ йовзийти ахьа ешархошна. Хьуна нохчийн мотт а, вайн поэтийн кхолларалла а дуккха а адамашна йовзийта лааро гойту хьо нохчийн къоман вуьззина к1ант хилар. Дала сий дойла ахь дага мел лаьцначу 1алашонан.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 00:28   #203
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Хаза ду-кх хазниг...)
Суна ц1еххьана Натлус дага веи,
айса х1ара яздеш))))
"Ша ца кхеташ долу х1ума хаза муха хетар ду???"
бохуш цецвийлина волу))))
)))) Додам, И Кактус-м вайн куьйга лаьллира вай кху форумера. Зударшца къийсавелларг тоьлла меттиг мичахь бу?)))
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 00:33   #204
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
)))) Додам, И Кактус-м вайн куьйга лаьллира вай кху форумера. Зударшца къийсавелларг тоьлла меттиг мичахь бу?)))
Эльмира, вай-м ца бахар цуьнга х1умма а))
"Хьо перепутал яьлла!" аьлла д1а-м вайр иза)))
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 03:55   #205
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Енигма, Дала сий дойла хьан! !илманан кхин цхьа газель а йоуьйту ас хьуна.

Газель 2

Сахиллалц сайн деган неИ тИе ца чИогИуш,
Иийр ву со седарчийн суьлхьанаш дохуш.

БИаьрсинехь Иалашдеш хьан месийн лепар,
Цуьнах сайн нур деба бутт хир бу бохуш.

Хьан куьйгаш гИенах гуш сайн беснийн цИарна
ЧИийш-цИелгаш тИетуьйсуш, ша марсайохуш.

Хьуьнаре иэс хьийзаш, ахархо санна,
Сан кхетам хьан вастан готанца охуш.

Шеконо якхбинчу сатийсамо сайн
Тийналлин хьаьвди чохь меца нох дохуш.

Лууш ахь декъалдан Иилманан гИаларт
Иуьйранна сагатдан хьайн коре догИуш...


Иилман Юсупов
Амазонка, мерза...байт ю-кх иза ма-дарра аьлча.
"Тийналлин хьаьвди чохь меца нох дохуш" (сатийсамо) ))) и васт хазделлера суна ч1ог1а.
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 04:18   #206
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
***
Чехош сайна г1о дан г1ерта х1илла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу х1етал-металан.

Цхьалха дохуш б1останаллин маь1наш,
Кхочушдора ас хьан х1ора буьйр.
Х1етте а, сан даг т1е огуш даь1наш,
Д1ахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара х1еттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...


1илман Юсупов
Ма лачкъор яра ас х1ара байт...))))) со язьеш хилча...)))машена чутоьхна ядийна йо1 санна))))(забар)
Амазонка ас ишттаниг атта ца олу хьуна)) оццул дагна герга хийти-кх суна и байт!
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 05:01   #207
Enigma*
 
Вес репутации: 6
"Мацца а йоьссича сан даг чу 1ожаллин г1ура,
Сирта-т1ай т1ехула сан ваха дезар ду д1а.
Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран,
Ахь доь1уш долчу син 1аьнарх со тоам беш 1а..."


1илман Юсупов
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 20:21   #208
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Эльмира, вай-м ца бахар цуьнга х1умма а))
"Хьо перепутал яьлла!" аьлла д1а-м вайр иза)))
Хьо бакъ луьйш ю, Малика. Амма цуьнан къайленна ч1ог1а т1аьхьакхиира хьо. И ла ца делира цуьнга, хетарехь. Валлах1, дог эт1оза-м ца ваха иза, ч1ог1а нудный накъост а вара, тера-мера а воцуш, Дала г1ийбат а ма ларийла сан иза.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 20:23   #209
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
Ма лачкъор яра ас х1ара байт...))))) со язьеш хилча...)))машена чутоьхна ядийна йо1 санна))))(забар)
Амазонка ас ишттаниг атта ца олу хьуна)) оццул дагна герга хийти-кх суна и байт!
Энигма, хьуна-м кара а до ала хаза х1ума. Хаза хилла а ца 1аш, цхьа шен стиль йолуш хуьлу ахьа олуш мел дерг. Иза а ю хьуна цхьа талант-м.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 20:28   #210
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Вайн лулахь сийсара сахиллалц уьгIира жIаьла.
«Цхьаъ лийр ву», - аларца дIайижа яхара хьо.
«Хьо угIа хьайн сина», - меллаша сайн дагахь аьлла,
Стаг валар аьттехьа ца дита гIоьртира со.

Берашна и жIаьла Iуьйранна делла карийра,
Цуьнан чарх тIеоьцуш, ярашлахь дилхира Iин...
Сан сардам боьссина хилла-те цу жIаьлин кийра,
Цхьанна а ца хезаш боьллина хиллашехь и?..

Дика а, вон а цхьа бIостане ду кху дуьненан,
Цецваьлла оцуьнан ойлаеш, со вехха Iий:
Адамна хьалхара леш, жIаьло мел баьккхи шена,
Стаг вала ца лууш хиллачу ас къа латий...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.