Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 16.11.2008, 16:26   #2081
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Iуьйре

Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш,
ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш.
Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш,
Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш.

Шовданан татол го басах чу хьаьдда,
Ламанан букъ тIехьа малх айало.
Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда,
Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо.

Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена.
Бацо а баржийна лаьтта шен куз.
Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан
Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.11.2008, 16:28   #2082
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Гуьйре а дIайоьду, хенан хIорд цоьстуш,
Хинкема шех хилла лимонан басахь…
ДогIанан хоршано эндаже хьоьстуш,
Элхьамцан коьллаш Iа букарчу басахь.

Мархаша, гIаргIулийн бIаьрхиш а мелла,
Къастаран назмане шийла кхаъ баьккхи.
Хьо йолчу марзбелла некъ карабелла,
ГIайгIанан эскаро со махках ваьккхи.

Дийцахьа, муха ду хьо йолчу меттехь,
Сох лаьцна ца ечу ойланан гУрахь?
Дахкаран шабарех со нийса кхеттехь,
Хьакъ вац-кха со хьуна сагатдан гурахь…

Лар ца беш хьан деган марзонан барам,
Сан акха къоналла лийлира тилла…
Сайна хьан син къилбе йоллушехь хьарам,
Мохк хуьйцу олхазар соьх хIунда хилла?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.11.2008, 16:29   #2083
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
БIаьстенан сурт дуьллуш кехатан есачу майданахь,
Гайтахьа сан дагна сийна бай тIеболу хан.
Со ирсе хир ву-кха, сацам бахь сатийсар дайдан ахь,
Цхьа ши-кхо могIа а язбина, сатедахь сан.


Яздехьа IиндагIех - ловзучех къегинчу малхаца -
Дитта тIехь кхозучу, шех хилла човканан бен.
Яздехьа баттах а, Iаш болчу даточу аьлханца
Седарчий ир а деш, дIатоьттуш боданан пен…

Сан иллин мукъамехь тосалахь безаман цIе хьайна,
Яздехьа, алий а, хьуо цуьнах цецъяьлла Iа…
Яздехьа, кIайн догIа Iуьйкъанна тIедарах цIеххьана,
Iуьйре тIе ма-кхаьччи, и терах лаций а дIа.

БIаьстенан некъаш тIе ехкинчу керлачу ченашлахь
Сан лараш кхин ца гарх лаций а яздехьа соь.
Дийцахьа, мутт кхуьуш аренан ялтанийн кенашлахь,
Къежбелла сингаттам Iаламах дIа муха оь…


Дуьххьара къевкъинчу стигалан стешхачу йовхаран
Шеконах лаций а ца яздеш ма Iехьа кхин…
Элпаш а ца кхоош – буьртигаш Iаьржачу жовхIаран -
Соь кехат яздехьа, схьакхочур дацахь и…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.11.2008, 20:23   #2084
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Деган кор дIакъовлуш, сан гIаларт чударна кхоьруш,
Хьайн дагалецаман неIарна туьйхи ахь догIа.
Лерера дIаданза сан аз хьайн мостагIа лоьруш,
Хетарехь, хьо лууш яц хIинца цуьнга ладогIа…

Делахь а, хьо Iашшехь къастаран тептарш а доьшуш,
Ойланан нахарца къахьделла сан амат охуш,
Сан вухаверзар ду хьан деган корах чу хьоьжуш,
Хьан дагалецаман неIарехь синош а дохуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.11.2008, 20:24   #2085
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дагахьбаллам

Ойла ца еш ас хьан сина дина халахетар
ТIедазделла, балехь бу сан стихийн хIора могIа…
Ма зовдаха тIера дара хьан эсалчу деган хедар
Сан сихаллин моханечу дешнийн чIиркъе догIа.


И дIахудуш, саьхьарбаьлла сан шеконан орам
Гирий хьуна, цIубдар санна, вайн безамах бекхаш?
ХIетахь чIогIа хало ларна, дагна хилла хорам
ДIа ца болуш, дукъделла ду cан синтеман легаш…

Ирс хиллий-цца йокъанехь а таро йолуш хьекъа,
Йочанера гIо ца лоьхуш дегнийн кораш дила…
Лууш ву сайн бIаьргийн стигал даим Iахар къекъа,
ДогIа теран билгалонна хьан стелаIад хила!..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.11.2008, 11:30   #2086
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Дитташа бос хийцар ах бен ца гуш,
Август а язбели таьптар тIе шеран.
Шиъ хенан хIоттам бу къуьйсуш цхьа гIуш -
ХIоттийнарг гIевланга маьлхан цIен кхера…

Сентябро юьллуш ю гуьйренна хан,
Оьгу гIаш кара луш, беснаш а хуьйцуш.
Хийистехь диттана го дашо гIан:
Шена кIел со лаьтташ хьоь безам буьйцуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.11.2008, 11:33   #2087
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла,
Хьоьга сайна ца беттийта пе:
БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла,
Оьгур ву со хьан месашна тIе.

Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах,
Аьхка аса-м тухур ду хьан кор.
Гурахь ван а хьожур ву со гIенах,
Бахьаш хьуна сатийсамийн мор.

Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча,
Дагчохь санна, арахь угIуш дарц,
Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан,
Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.11.2008, 11:36   #2088
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ас беттан бIаьштиг тIе огу хьан амат,
Лаьтта тIе дегадеш седарчийн тхи.
Ца боху ас хилла кхиэлан кхаж ямарт,
Хилла ца бахахь а тешаме и.

Хьан сийнна ас олу гIаргIулийн илли,
Латкъаме декадеш гуьйренан де:
Вас кхобуш ма Iелахь, суна бехк биллий,
Цо гIайгIа тийсахь а хьайн дагна тIе…

Ас маьлхан зIаьнаршца яздо хьоь кехат,
Уьш хьоькхуш сийначу стигална тIе…
Ахь суна дитина безаман эхарт
Хьан ирсан дуьненна ган лаьий-те?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.11.2008, 19:29   #2089
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий,
Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий.

Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин,
Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади.

ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса,
ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса.

КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега,
Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега.

Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца,
Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца.

КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха,
Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха.

Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш,
Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш.

Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш,
Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш.

Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна,
Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна.

Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа.
Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа.

Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха,
Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 17.11.2008, 19:30   #2090
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра,
Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта:
Ластае суна хьайн марзонан куьйра,
Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта.

Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь
Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко,
ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь,
Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко.

Езачун кIажарша вихкинарг хийла
Беттасин кираша кIайбинчу ломах,
Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла
ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах.


Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а
Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре,
Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра,
Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре!


Мацца а ларор хьо къа латор лара-м
Иллина вирд даккха Iемина со гар.
Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам
Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар.

Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш,
ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган,
Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш,
Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.