Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 05.11.2008, 22:31   #2021
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.11.2008, 11:18   #2022
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста,
Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а.
Лаьа гонах техка бецаш хьеста,
Лаьа хIора дитте хьал-де хатта.

Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий,
Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште.
Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий,
Бацалахь сан ойла лахло гоштIе.

КIорда ца до хьежа стигла хьала,
Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а,
Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а,
Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.11.2008, 11:18   #2023
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам,
Кехатах тешабеш сан дешнийн болам,
Байташка дерзадеш ойланийн сур?
Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена,
Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена,
БуьйгIуш сан безамна шеконан гур?

Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол,
Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол,
Тахана ахка шех хилла Iаш дерг?
И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш,
Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш,
Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.11.2008, 11:20   #2024
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа кхаъ бу ас хьоьга боккху берг къаьсттина.
Кадаьндерг дIалахка шеконаш хьан.
ХIинца а ца девлла вай вовшех къаьстина,
Синхаам баьллехь а вайн дегнаш хьаьстина,
Ченашла божабеш марзонийн кан.

Некъ жIара баьккхина ойланийн дагаро,
Хетийта гIерташ и боцуш ца терг.
Со йийсар лацале ахь синош дахаро,
Гара я нийса некъ бора сан дахаро,
Ткъа хIара хIун некъ бу когаш кIел берг?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 06.11.2008, 11:21   #2025
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Безаман лами

Оьздачу хьан дешнех буцу ас безаман лами:
Хьан деган Iаьршашка лууш ву со хьалавала.
ХIуъа дийций а, со волччохь цхьаъ дийций яла –
Хьан къамел кего кечбелла бу сан деган чами…

Сан ламин тIегIанаш – мукъамах аьгна хьайн дешнаш –
КIадо а ца еш, чуэгаде хьайн балдаш тIера.
Хьан дешнийн оьланаш – со гуттаренна шайх тешнарш –
Дахаран хазна ю сан ирсан кераюккъера…

Сан болх бахийттина мерзачу чаккхенан герга,
Там бара цIеххьана хьан дашо къамелаш кхачон?
Хьанал ю ламина ас тIегIанашца ен кхачо,
Беркате хуьлда ас хаддаза церан бен тергам…

Ши тIегIа тIеоьшу со Iалашоне дIакхача.
Йист хуьлуш ма яц хьо? Ас хIинца хьаьнга ладегIа?
Тийналло мацдина, ирделла сан лерса хьегIа –
Хьарам би цунна ахь хьайн балдийн и зевне кхача?..

Хийистехь садайна… Хьан кIудал тIехъеха ели…
Ахь, даржехь совдоккхуш лааман кIоршаме собар,
Эвхье схьахьажарца эли сан ойланна оба,
«Хьо веза» - ши дош а - сайн лами со бина вели…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.11.2008, 10:18   #2026
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Со коран хехо ву кху беттан буьйсанна -
Декъала хуьлда сан ял йоцу ха!
Хьох ечу ойлано со къагош, суй санна,
Батто а хорцу-кха мархашлахь ха.

Ов детта дуьйлало седарчийн зингаташ,
Стигалан дилхалахь туьйлигаш еш,
Ас син кхе техкича гIайгIанан сирхаташ
Суна шайн серлонах дакъа а деш...

Сатийсам тIелуьстуш могIанийн уьйригна
Багабеш тишачу ойланийн муш,
Сайн дагна маре ас вайшиннан уьйр йигна,
Цхьаллина томана сингаттам луш...

Дашна тIе дош хьаькхча, тесначу цIерашка
Ас лата яйтина сайн зовкхан пеш,
Хьо сайна йовзале дIаихна шераш ган
Декъаза «байттамал» векал а деш...

Ткъа стигал охуш ю дIо беттан хьонхало,
Сийначу боданах беш эзар бIал...
Сан иэсехь IаьIначу хьан куьцан ховхалло
Тховса а тодина сан деган хьал...

Шабаршца тийналла кегош сайн петаран,
Дагардо ас беттан IиндагIаш дайн...
Хьо - зIенан бIогIам бу сан ирсан кетIара,
Хьуна тIетесна ас син хьесий сайн...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.11.2008, 10:19   #2027
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли.
Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано
Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли.

IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза
Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна.
Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза
Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.11.2008, 10:20   #2028
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сатоссуш

Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта
ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ…
Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта,
ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх.

Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь.
Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа
Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь,
Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.11.2008, 10:21   #2029
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ГУЬЙРЕ

Сийна бос дIабала гIерта анайистан долара,
Iаьржа тIемаш дIадаржийна стигал тебаш лаьттана.
Цхьа шатайпа хецаделла хIинца механ болар а -
Синтем боцчу сеаларшна цуьнан каде Iаь тайна.

Генийн цIендарш гучудуьйлуш, азлуш йолчу хьаннаша
Шайн гIадожарх къа хьарчадо диттийн массо шабаран,
Ойла лакъош, суна бала барна кхоьруш санна ша
ТIеян сиха йоццушехьа зама хина шабаран.

МогIа-чIу а Iуьттуш, цIанйо ас сайн деган туьнкалгаш,
(Собар кхаччол са ца тийсарх шийла денош дахкаре),
Мажъеллачу баца тIера тхин кIайн-меда зуьгалгаш
Йох ца елча бамбанал а кIеда долчу дахкаре.

Со-м Iа лоьхуш оьгуш долчу гIашка ала кIедо дош,
Царна ца моттийта къинхетам сайн меттан къийбелла.
Даймахкана ямарт хилар (синош дезахь) тIедожош,
Олхазаршна бале дуьйлуш мисарболат къилбенан.

Цо тIеийзо шайн ойланаш тIома-акха йийларна,
Уьш дIаоьху, бIаьран хишца Делан хIора де дуьлуш,
Шайн баннаш чохь юьсуш йолчу мас-пелагийн йийбарна
Шайна тIера сагIа хилла Iаьнахъялар тIедуьллуш...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 07.11.2008, 21:02   #2030
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
(Тимиргаев Хьасайне)

Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна,
Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа…
Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна
И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха….

Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа.
Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ.
Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а,
Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ.

Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м,
Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах…
БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам,
Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах.

Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда
Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли.
Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан
Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли.

Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш
Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах,
Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ
Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.