Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 04.11.2008, 19:24   #2011
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий,
Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий.

Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин,
Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади.

ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса,
ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса.

КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега,
Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега.

Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца,
Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца.

КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха,
Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха.

Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш,
Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш.

Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш,
Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш.

Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна,
Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна.

Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа.
Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа.

Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха,
Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:25   #2012
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх,
Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх.

Стигал ма-ю дIасадаржош шен зIаьнарийн чIораш,
Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш.

Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг,
Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг…

Дерриг дуьне дуьзна хета гезгамашин теша –
Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша.

Сатийсамо хIинций-хIинций бохуш, са ца Iуьйддург,
Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг…

…Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат
Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат,

Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа:
Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа.

Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара
Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а

Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш,
Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш…

Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху?
Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу!

Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош,
Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош.

ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета –
Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета:

Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха,
Кхиэлан эвнна готта-готта лол бетташ и еха…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:26   #2013
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

«Еза» аьлла, ас хьан даге дашо даре дира,
Марзо эца меттахйоккхуш массо меже меттан...
Иштта хьайх сан хьегар хилча шаьлтанал а ира,
БIостанал а аьрта хьажар ахь сан сих ма детта.

И хьан бIаьргаш - ткъесал нуьре, дахкарал а сира
Ши малх бу-те сатийсаман гIушлакхенехь кхетта?
Хилча хIун ду ас хьо йийцар дуьненал а шира:
СадеIарал бIозза керла цIе сан кийра летта...

Мох а сецош, ца хьекхийта цуьнга Лаьтта нуй,
Массанхьа а йоза лийхи ас хьан когийн ларийн.
Амма син левсица кховсуш синхааман суй,
ЦIарна лулахь йоллушехь, хьо суна шийла карий.

ХIинцца хии суна безам йолу цамгар юй -
Иза ишта дацахьара хьо сох къехкар ярий?..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 04.11.2008, 19:28   #2014
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сонет

Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза.


Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста
Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан...
Хьан марзо кхачийна со висахь кеста
Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса...


ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха,
Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра,
Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха
Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра,
Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха
Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 00:32   #2015
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Дахкаран саьрмико шен беса цIога
Хьовзийна, хIоз бина юьрта тIе дилли.
Дерзано, тхевнаш тIе мотт хьоькхуш шога,
Бошмашка тIадамийн шийла мотт билли.

Диттех дIакъастаро тентак а даьхна,
Можа гIаш хIаваэхь хелхарехь сетта.
Хьоьх лаьцна ойла а яц хIинца аьхна:
Мустбелла бод санна, и хьиэ чу летта.

Стигална лол бетта гIерташ ю гуьйре
ТIуьначу тIаргIулийн Iаьржачу тешца…
ГIайгIано такхийна ялаен суьйре
Ас муха лан еза соьх хьо ца тешча?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 00:33   #2016
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Деган кор дIакъовлуш, сан гIаларт чударна кхоьруш,
Хьайн дагалецаман неIарна туьйхи ахь догIа.
Лерера дIаданза сан аз хьайн мостагIа лоьруш,
Хетарехь, хьо лууш яц хIинца цуьнга ладогIа…

Делахь а, хьо Iашшехь къастаран тептарш а доьшуш,
Ойланан нахарца къахьделла сан амат охуш,
Сан вухаверзар ду хьан деган корах чу хьоьжуш,
Хьан дагалецаман неIарехь синош а дохуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 11:56   #2017
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа,
Даьгначу дечигна тIехь боьлху пешара кIурз.
Сирачу овкъарша къардина аз доцу цIогIа,
Йишхаьлла бисина бистина севсина кIур…

ЦIераш-ма яьгна-кхи адаман къизачу пешахь,
Синтарийн синошна цкъа мацах техкинарш хаза:
Тийжачу баьллашка мехаша кадам бо бешахь,
ГIайгIано макхдина варшара баьццара база.

Мутт-бIаьрхиш литтина, ножо шен синпхенаш аьгна,
БIарзбелла, леста поп дагчуьра ламанан чIожан:
Товханан набахтехь вежарий церан а баьгна –
Ма чIогIа къаьхьа ю хьомечу овкъаран хьожа…

Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа.
Луьстачу кIуьралахь банне а къурд ца бало.
Язбина боллушехь, горбоьду сан иллин могIа,
Хуьлу сан лазамо мерцинчу дагна хало.

Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах каш даккха дIахIитта,
Пана дIа ца кхкссуш, дIайолла пешара юкъ –
Кошаза мукъане ма дита докъаза дитташ,
Чурт а хьакъ ду царна – дIадогIа дIо орцан дукъ!


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 11:57   #2018
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хьо вина де

(вешин ИбрахIиман безамна)

Хьажахьа, ИбрахIим, Iаламна-м хьо виц ца велла:
Сатоссуш вайн кертан ков туьйхи хьо винчу дийно…
Хьуна сагатдина хир ду-кх и чIогIа гIелделла –
НеIарш а, кораш а дIадоьллу цунна вайн цIийно.

Хьо дуьхьалтуьйсучу гIенаша са дууш даим,
«Ткъе къоъ шо…Ткъе къоъ шо…» - шабарш до вай динчу нанас.
Хьо винчу деноша бутт а ца буьзи-кх, ИбрахIим…
Ткъа хIара-м хьо воцуш деана… И муха ла ас?..

Бехкала яхана анайист къежъели геннахь,
Стигало сирачу мархашца бIаьрхиш дIахьоькху:
Дахкаран хинкиса дерзо хьан марчонна тоьгу
Ма моьттуш делар-кха тахана хьо винчу денна…

Ас иза, бIаьца йой, меллаша вайн цIа чу доккху,
Аз доцчу тийжамца вайн нанна и маракхета…
Хьоьл кегий йижарий, вежарий и тебан гIерта:
Тахана и-м хьоьл а ду хьуна кхо бутт сов доккха…

Ма девзар дацара хьуна хьуо вина де хIинца,
Ма кхуьнах тера ца догIура хьо волуш хилларш.
Дац кхуьнца хIара а дашон дан хьан ирсан цинцаш,
Кхунна ган доьгIна ца хилла-кха хьан керла иллеш.

ХIун дина дог эца аса кху гIийлачу хьешан,
Массо а денойл а доцачу, хьан дахар санна?
Иза-м гуш лаьтташехь ца туьгу хьо вацарх теша,
Моьтту хьо вайн цIера ваьлла ву йоццачу ханна…

Хьо хьалхе ваьхьначу кхиэлаца ца йогIуш берта,
Ткъес детта стигало, къоранах бацалахь керча…
Хьан де а, тIаьххьара бIаьрг тоьхна хьо винчу керта,
Абаде дIадаха, йист йоцчу Iаьршашкахь кхерста…

ГIайгIано кIай леци бIаьргашка корийн вайн цIийнан,
МаьркIажан бодано Iадайо хьоьх лаьцна ойла…
Iодика йолда-кха, ИбрахIим, хьо винчу дийнан,
Хьо тхуна юккъера ваьхьна де цунна ма гойла!..


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 12:02   #2019
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Хадийна поп

Хьайн генийн кегйина тIаьрзенаш дIаса а
Тийсина, хьо-м Iуьллу белла…
ХIаваэхь хIинца а дIабанза хетало
Хьан озан йилбазан мохь.
Хьан дагах ямарта катоьхнарг
Вуьсийла эндаже шен са малделла –
Дагаран кIайн ткъесаш орамийх деттарца,
Божий цо лаьтта хьан бохь.

Орамийн чуьйраш шайн кара а яржийна,
БIарзъелла бецаш ю тийжаш,
Делхадеш дагаран татано хелигийн
ДогIмашка кхарстийна зуз…
Бохамо кхоьллинчу лазамна садетташ,
Iаржбелла малх кийрахь Iийжаш,
Аьхке ю шовданийн бIаьрхишца дIабуьттуш
ЦIийх буьзна зезагийн куз...

ТIехъэккха ца лууш, кхуза схьахьаьвззашехь,
(Маьхьарца хьо бужуш гина),
Хьан дегIан йозалла тIейоьжна, лазийна
Акхаройн тачанан ног…
Саэца тIевогIу зуламхо хилла ахь
Шинакоган диттах тарвина?
Эсала цициг ду моьттуш, тIедитира
Ахь цуьнан месала дог?...

Кегийра шайн буйнаш оьгIазе къевллинчохь
Садаьлла, Iохку хьан гIаш а.
Ас муха туьдур ду царна хьан баьццарцу
Бохь-лакхехь мел гина гIан?
Iаьржачу зарзарийн сибате дирзина
Хьан генийн дайн IиндагIаш а
ТIома дIадахана, ца лууш къизалла
Ехачу кху лаьттахь Iан…

Докъан бос эцна хьан ковст яа хIоьттина
Дечиган сутара нIаьна.
Шийлачу дилхалахь карабой, огу цо
Хьан довха мутт лелла пха…
Луьстачу хьуьнах хьан тезетахь лаьтта со
Къеначу пепнашца цхьаьна,
Акхаройн кIенташа хьан дегIан чорхана
Гонаха хIоттадой ха…

БIаьрхиша тIундина хьан юьхкан юьхь-сибат
ЦIийн баса дахана, зийза.
Цунна тIехь гонаш – хьан оьмаран шераш –
Ма кIеззиг ду дIадагардан.
Ахь баннаш техкийна олхазарш мархашлахь
Хьан синна къубба еш, хьийза:
Малхана, баттана бегIийла хилийта
Шайн нуьре доIанаш дан…

Зуламо вахийна, къизаниг, схьагарехь,
Говр-ворда ялон вахана –
И-м диттийн декъех шен пеш юззуш,
ЦIе ягош, вохвала Iемина хир…
Цтхьабакъду, къизачу йовсаран лар лохуш,
Ондда бIo-м гIаьтти тахана:
Со теша, дуьненан дитташа юьтур яц
Ца йоькхуш шайн вешин чIир…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2008, 22:30   #2020
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш,
Къастаран мукъамаш царна чохь го,
Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш,
Пайденза дIадахна сайн хIора шо.

Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа,
Къеж а деш уьйранза гатлун синош.
ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа,
ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош.

И гаро цхьажимма сан дагна ялйо:
Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа…
Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло,
Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.