![]() |
|
|
#2001 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца волу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2002 |
|
Вес репутации: 27 |
***
ЖIаьлех къаьхкий, буьйса Iаьнан Эвла йистехь гош тIе лахло. Беттан серло лайла Iаьнна, Цуьнца куьйгаш дохдо махо. Сихвелла ша йолчу кхача КIант цIа вогIуш нанна гIан го - ХIинццалц и цIа лелла тача Ненан даго лайх дIацIандо... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2003 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош, Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга, Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош, Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга… Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга, Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас. Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга, ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас… Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара, ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ? ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара, И муха ер яра сан деган цацанах чекх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2004 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Кхаж баьлла керлачу гуьйрене кхин цкъа-ъ ладогIа, Со хьуьнах лелаш ву, къорза куз когашца хьуьйш. Мохк хуьйцу олхазарш ма-гиннехь, сайн шерийн могIа Сийначу стигалахь хетало царах дIауьйш. Белхаме и аьзнаш дIадайча льмнашна тIехьа, ЦIеххьанчу ойлано кхетамехь кхуллу-кх цхьа вас: БIаьсте ма-яьллинехь, олхазарш доьрзур ду цIехьа, Амма сан дIадахна шераш кхин схьадогIур дац. Хетарехь, иштта сан дахар а дIагIур ду хецна, Дуьненан майданахь шозлагIа бIаьсте ца гуш. ЧIагIдо и стиглано - лепачо сира бос эцна, Мархаша - дIалаьцна Iачара сан маьлхан гIуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2005 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар, СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха: Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар, Берриг а сатийсам сан цигахь беха. Сан дагалецамна хьо гIенах гича, Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано. Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано? Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа, Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза. Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза. Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна Сан дегайовхонан экаме гIовла. Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна Хено сан малбина синхаам къовла... Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза. Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах, Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2006 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха Сан сийна, муттане денош. Сан дагна гергара хиллачу хийистехь Г1аьттина боьмаша шач… Х1ун бала бара хьо дагаян, Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош? Кхолламо биллинчу новкъара юха а Со х1унда велите лач? Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла, Кхетаман буйнара ваьлла, Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало Цкъа мацах даьккхина кес? Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна, Ерриг а сирйина яьлла Гилано-къоналло дозалла щех дина 1аьржа варкъ диллина кхес…. Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн Легашкахь хьан сибат лаьтта, Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш, Синтемза 1ийжа сан дог… Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо Сендина б1аьстенан латта, Хийисте вай ший а д1адоьхуш, Бацалахь тачано йиттина ног… …Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь Хьан озан пиллигаш хьедеш, Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира Самалхадаьллачу сих. Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш, Т1етт1а сан дог доккхадедеш, Лалийна к1айн деши иэделла хетара Апари хьоьстучу хих… И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта Тахана со хьаьгна вацахь, Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу Бехкаман буржалийн къа. Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь, Со-м цкъа а вицвина вац ахь. Цундела оху ас, б1аьсте а ялале, Сайн дегайовхонан кха… Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь, Кароре ч1ог1а сатесна, Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено 1аь тухуш, ц1андина х1у. Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта, Даггара цу т1е и тесна, Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба Хьежа а-м со кийча ву… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2007 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2008 |
|
Вес репутации: 27 |
Тайп-тайпана ойланаш
Стиглара мархаш а хетало адамийн синош. Хьажал хьо, уьш а ю, вуьйш санна, Iаьржа а, кIайн а. Галваьлла хьо вожахь, ма деха нахана къинош, Нахана лерина харц кхиэл а кхайкхае хьайна. Лекъначу шовдантIе дахкаро хьарчийча марчо, Мотт соцу боьранан, дIадоду тогIенан бIаьрса. Сий лардеш волчунна елало Даймехкан маршо, Сий духкуш волчунна мостагIчун Iазап тIекъаьрза. Баьццара оьмар а кхачийна, оьгучу гIашна ТIехьаьжна хаза мох Iазапхо хуьлий, дIахIутту. Стаг муьтIахь ца хилахь «къинхетам» цIе йолчу дашна, Шен кхиэлан пенаш цо къизаллин тIулгашца дутту. Халкъана тIекхаччалц бохаман киртигаш къаьхьа, Ямартхо тебна Iа, шен дагчохь тешнабехк хьекъаш. Лекхачу дитта тIе балало дIовш туху лаьхьа Аьрзунан санна шен тIемаш а доццушехь, текхаш. Доьзалехь осала воI кхиар – ден-ненан бала. ГIеранчин къизаллаш ги хуьйшу гергарчу нехан, Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала, МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха…. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2009 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЦIу хуьлуш, син эрдаьбаьрче хьо яьлча, Iеса ирс сан даго долийча худа, Ца теша хьо лаьттахь кхиъна ю аьлча, Стиглара сан даг тIе йоьссина зуда… Хьан куьцан Iаткъам со ца волу ланза-м, Туьллуш хьан амат сайн ойланийн кхерча… Хьан карзахйийларан дIовш-мерза лазам Лаьхьанах сан байтийн могIанех хьерча. Хала ду суна хьо Iаьршашца къовса, Лаьттахойн цIе хьуна гIушлакхехь туьллуш. Ма Iаьржа дуьйхи сан иллино тховса, Ахь хитIа ян делла дош коша дуьллуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#2010 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Къоьжаллин канаша гиччош тIе хьорсур ду, ца кхоош, дама. Литтане йиллинчу элах денош а маргIал ду лур. Къоналлин бIарлагIа хьистина, кIадвелла, со воккхуш сама, Кхочур бу, Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур. ХIун хир ду сан шерийн сайра чохь совгIат деш, цунна дIадала? Сан дагалецам-цIеркема хьийзар-те ца карош берд, Ас динчу диканех боьттинарг, тIалам беш, айбинарг хьала? Хир ю-те вонаша сийсош, адамаш къехкош сан керт? Ткъа, эрна хихкина карабахь къоналлин хIу цIена гила? Хьуьнарш сан дорах а хетта, уьш бакъдан ца хIоттахь теш? Хилахь, ткъа, вахана цкъа мацах бехкбоцчу аламан къила? Къухо дIахьулйина хир-те ас динчу гIуллакхийн беш? Цкъа хIинца-м зоьрталчу лаамийн, уьдучу хенан бо хама. Хиндолчу диканийн закъалт ду лекхачу ойланийн сур… Хууш ву, цIеххьана гIевланга хIуттур бу, со воккхуш сама, Шен турсан Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|