Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 01.11.2008, 12:55   #1991
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Шовданехь де кхолар

Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано,
Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли.
Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано
Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли.

IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза
Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна.
Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза
Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 01.11.2008, 12:56   #1992
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Къаналлех лаьцна ойланаш

Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса.
Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог.
Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса.
И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког.


Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса,
Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ.
Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза,
IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ.


Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта,
Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар.
Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта:
Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар.


КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера,
Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз.
Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран,
Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас.


ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна,
Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг.
Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна,
Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг.

Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах,
Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц,
Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах,
Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 00:12   #1993
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Кхозлаг1чу борг1алийн аьзнашла лестина буьйса.
Iуьйкъенан б1арлаг1а тоххарехь ламчу тилла.
Т1уналло т1ера лар хуьйдина тача ду куьйса –
Шовданан корта цо тховса а ларбеш хилла.

Ламанца мустъелла дахкаран етташура.
Боьранийн лергашка тийналло биллина бамба.
Г1енаша боддинчу г1аша до дайн шур-шураш,
Ша беша луьйзу ког мох г1ерта ма-хуьллу байбан.

Набаран буржалша д1амалди к1айн сатасар.
Варшахь тхи диллина. Луьста буц техкаре яьлла.
Наштаран баттана гуо баьхна сан сатийсар,
Анайист айъинчу Iуьйренца эшаре даьлла.

Зезагийн б1аьрсине къастало маьлхан з1аьнарш.
Уьш а ю сихъелла стигалан ездари дара.
Лечанан бенчуьра еттало йовха Iаьнарш,
Хьекъабеш Iуьйренан х1аваан йовхонан барам…

Ангалин жарж шайна т1ехула баржийна бецаш
З1аьнарийн пхьаьрсаш т1ехь баьццара чоьш хилла тий…
Илли а товш ду-кха Даймехкан Iаламна децаш:
И-м сих д1акъаьстина, Iаламан аьзнех д1аий…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 00:13   #1994
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Эзарнаш шерашкахь седарчийн синошна
Бутт лепа, теш хуьлуш лаьттахойн къиношна.
Сан доьхна дог тедеш хаза а, говза а,
Нур Iенош, цо новкъа воккху со тховса а.
ХIора гIулч мел яьккхи ког астагIлелха сан,
Буц лазош тхин тIадам шена тIехь белханза.
Сагал-буц хилла, сан са санна, хIусамза -
Шен къаьхьа мутт мийлош, кхобу цо узам сан.
ТIулгаш тIехь ловзучу шовданан иллина
Уллехь Iан лууш ю сан ойла йиллина…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 00:14   #1995
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Белхош цхьаъ бен боцу орам-эвла,
Генаш санна, вай ма херадевлла.
Шен-шен лахьорч хеташ уггар сирла
ХIора веха эттамаьIиг хилла.

Амма чартийн махка доьду тача
Лууш ду вай вовшийн тIеттIа кхача;
Цхьана ханна йицйой дегнийн волла,
Схьагулло вай… велча цхьаъ дIаволла.

Сийлахь барт, вайн дайшлахь маьхза лелла,
ХIунда оьцу оццул мах а белла?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 00:16   #1996
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Шахьарш а йитина, веа-кх со хьо еха эвла ган.
Цхьа урам бу кхузахь геннара сан даг тIе богIуш...
ГIенах бен ца хийша йоллу хьо сан ирсан гIевланга,
Сан Iаьржа месаш хьайн куьйгашца серла а йохуш?

Хьан некхан герканаш товр хилча сан кхиэлан терзанахь,
Ширбелла белахь а, сан буто сатийсам узуш,
Харц хилар мэлехь ду хьан дешнийн курачу герзана
Даге а ца хоттуш, ахь ша сан безамна кхуссуш.

Дуьхьало ца ялуш эхь-бехкан иркечу омранна,
Гуттар а буьйлина латтабарх бехкаман гур ахь,
Хьан бIаьргийн бIаьстено-м йовхо ло сан деган орамна
Шелоне и гIора ца байта къастаран гурахь.

Суйранна хийисте гуллучу сан ларийн пхьоьхане
Ла ца ло, хьайн хьажар дIаидош, ахь кхерам тийсар.
Шеконан нахарца ас хьиэ чохь деш долчу охане
ХIу дIадер санна ду ас хьоьга денна сатийсар.

Кхачахь а цIеххьана къизачу къастаран дера де,
Йиц йойтуш хьан эвла - дуьненан цхьа башха кийсиг,
БIаьрг тоха лууш хьан аматан дезачу зерате,
Сан иэсан неIаре хIуттур ю ойланийн гийзиг...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 15:09   #1997
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ГIаргIулийн жатташна гIенах го стиглара мархаш,
Бацана - цаьпцалгаш, говрашна – луьйтанаш, архаш.

Дитташна гIенах го шаьш зазадаьккхина муьраш,
Дорцана - тийналла, боданна – беттасин нуьраш.

Къеначу жIаьлина ша даим кIезанах цIийзар,
Мехкаршна шайх ирсе наной а хилла шаьш хьийзар.

КIорггера ийманехь волчунна - КIорIа я Сунна,
ТIаьххьара садаккхар - абаде дIакхелхинчунна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 15:10   #1998
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина,
Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу…
ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина,
Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву.

Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна –
Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь,
Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна
Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь:

Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах
Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду…
…Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах
Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 15:11   #1999
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Гуьйренан неIсагIехь

Август бутт дIабоьду, текхаеш аьхкенан цIока,
Мажъелла боьлак Iа меллаша ша-шега луьйш.
Акхачу стоьмашца дог Iехош дIахIоьтти кока,
Ма тера-ъ хетало хьан беснийн цIазамех уьш.

Зарзарша дIамелла Iуьйренан Iаьнарийн шура-м.
Бацалахь лепаш ду бIаьрзечу догIанан хи.
Хьан бIаьргийн хIорда чохь техка сан сатийсам-бурам,
ТIекIел ма долийла безаман тулгIеш тIехь и.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2008, 15:11   #2000
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Бералла ю, къоналла ю бохуш,
Шераш къестош, царех цIевнаш деш,
Хенан марс а карахь, синош дохуш,
Къепе ялий ас дахаран беш.

Амма цIов бар - хилла доза тохар,
Деба гIад ца дуьтуш диттане.
Сайн дисинчу шерийн декъа докъар
Со-м лууш вац дерза литтане...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.