Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.10.2008, 21:58   #1971
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха
Сан сийна, муттане денош.
Сан дагна гергара хиллачу хийистехь
Г1аьттина боьмаша шач…
Х1ун бала бара хьо дагаян,
Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош?
Кхолламо биллинчу новкъара юха а
Со х1унда вели-те лач?

Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла,
Кхетаман буйнара ваьлла,
Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало
Цкъа мацах даьккхина кес?
Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна,
Ерриг а сирйина яьлла
Гилано-къоналло дозалла щех дина
1аьржа варкъ диллина кхес….

Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн
Легашкахь хьан сибат лаьтта,
Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш,
Синтемза 1ийжа сан дог…
Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо
Сендина б1аьстенан латта,
Хийисте вай ший а д1адоьхуш,
Бацалахь тачано йиттина ног…

…Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь
Хьан озан пиллигаш хьедеш,
Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира
Самалхадаьллачу сих.
Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш,
Т1етт1а сан дог доккхадедеш,
Лалийна к1айн деши иэделла хетара
Апари хьоьстучу хих…

И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта
Тахана со хьаьгна вацахь,
Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу
Бехкаман буржалийн къа.
Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь,
Со-м цкъа а вицвина вац ахь.
Цундела оху ас, б1аьсте а ялале,
Сайн дегайовхонан кха…

Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь,
Кароре ч1ог1а сатесна,
Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено
1аь тухуш, ц1андина х1у.
Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта,
Даггара цу т1е и тесна,
Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба
Хьежа а-м со кийча ву…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:55   #1972
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа.
Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког.
Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа,
Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог.

Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала,
Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу…
Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала:
Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу.

Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна.
Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел.
ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан,
Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:55   #1973
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан б1аьргаш чохь пелаг хьедан х1утту г1айг1а-ч1ара,
Ирсан б1аьрхиш лакъор лоьруш коьрта 1алашо.
И-м схьабаьккхи сан б1аьро, шех хуьлуш дашо м1ара,
Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха 1аь лашон…

Х1инца-м хьан б1аьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша
Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина.
Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн ц1азамаша,
Сан даго шен 1аьнарх хьуна бацон мох бина.

Сан г1евланга цуьнца х1отта ахь цкъа нигат делахь,
Сан набаран дилха огуш, г1енийн сур ла1а…
Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь,
Цунна чохь а яц-кха т1аккха хьо бен х1уьрла1а!..

Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш,
Ц1ийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!..
Уьш ма ду ас г1оьнна хьехна, деган пондар булуш,
Тайна мукъам балабайта сайна т1аьхьара…

Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча х1ара
Ц1ена илли ала, хьан сий кховдош хастаме,
Хьан куьцана хьог1о морса марчо дустур дара,
Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:57   #1974
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста,
Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а.
Лаьа гонах техка бецаш хьеста,
Лаьа хIора дитте хьал-де хатта.

Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий,
Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште.
Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий,
Бацалахь сан ойла лахло гоштIе.

КIорда ца до хьежа стигла хьала,
Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а,
Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а,
Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 12:57   #1975
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Баца юккъех дайнадоьду тача
КIеза санна, лелха когаш кIел.
Стигал чIечкъа - там бу кеста яча:
ХIуо а делла гIеххьачунна шел.

Амма дагчу хьаьвза лазам бовха
Хетаделча, катухуш сан хьиэх,
БIаьрзе ешап санна, цхьаьннан бохам
Хьуьхь а боьлла, тIуьлуш сайна тIех.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 21:53   #1976
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Олхазарийн тхьамдане

Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша,
Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа.
Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа,
КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа.

Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун.
Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца.
Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун.
Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца.

Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт
КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча?
Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт,
Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча?

Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо.
Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш.
Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо:
Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш.

Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешна тIе,
Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна…
Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе.
Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 29.10.2008, 21:55   #1977
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа кхаъ бу ас хьоьга боккху берг къаьсттина.
Кадаьндерг дIалахка шеконаш хьан.
ХIинца а ца девлла вай вовшех къаьстина,
Синхаам баьллехь а вайн дегнаш хьаьстина,
Ченашла божабеш марзонийн кан.

Некъ жIара баьккхина ойланийн дагаро,
Хетийта гIерташ и боцуш ца терг.
Со йийсар лацале ахь синош дахаро,
Гара я нийса некъ бора сан дахаро,
Ткъа хIара хIун некъ бу когаш кIел берг?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.10.2008, 19:10   #1978
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Iуьйре

Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш,
ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш.
Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш,
Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш.

Шовданан татол го басах чу хьаьдда,
Ламанан букъ тIехьа малх айало.
Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда,
Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо.

Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена.
Бацо а баржийна лаьтта шен куз.
Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан
Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.10.2008, 19:10   #1979
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда,
Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда.
Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш,
ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан.

Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш,
Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда.
Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош –
Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда.

Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама
Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан.
Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза,
Царна юкъахь молла хили хьо – Iилманан седа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 30.10.2008, 19:11   #1980
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Чехош сайна г1о дан г1ерта х1илла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу х1етал-металан.

Цхьалха дохуш б1останаллин маь1наш,
Кхочушдора ас хьан х1ора буьйр.
Х1етте а, сан даг т1е огуш даь1наш,
Д1ахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара х1еттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.