![]() |
|
|
#1961 |
|
Вес репутации: 27 |
РЕЧIА
Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа, Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са. Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча, Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат. Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш. Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш... Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано... ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано... Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг. ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха: Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг... Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар, Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна, Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна. Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа, Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са. Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча, Хьо къинтера яла суна, ховха селасат... Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам, Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка. Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам? Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1962 |
|
Вес репутации: 27 |
Iаламан бер
Мангалхойн яххьаш тIе хьацаран довха тхи дуьлуш, Некъашца ирхдуьйгIуш бIогIамаш сирачу ченан, Гечонаш гомхачохь шийлачу аьхкан хих юьйлуш, Тов лела аьхкенан уггар а чилланан хенан. Мангалан-комарийн луьстачу ярашлахь лелла, Когаш а цистина, дарбанна динбергаш лоьхуш, Са сохь мел долчунна хIоттийна IиндагIийн къелла, Сов къиза хьийза и, малхе ша гIел ца яр доьхуш… Iаламан бер ду и – шен ненан урхара даьлла – Кхечу шен берашна хьалха и юьхьIаьржа хIиттош. Иштта бер мел долчу ненан а бIаьргех хи даьлла, Оьздачу йоI-бIаьргийн кIоргенехь къаьхьа дохк гIиттош… Хийланна хууш ду: сов къиза тов Iеткъа ялар Тешаме билгало юй догIа кестта тIедаран – Иштта ду вайн ненан-Iаламан бIаьргех хи далар, Ла ца лой хьомечу шен беран къизаллин барам… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1963 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш, Къастаран мукъамаш царна чохь го, Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш, Пайденза дIадахна сайн хIора шо. Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа, Къеж а деш уьйранза гатлун синош. ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа, ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош. И гаро цхьажимма сан дагна ялйо: Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа… Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло, Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1964 |
|
Вес репутации: 27 |
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1965 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ДоIа деш хьо вацахь, хир яц хьан мIаьргонаш тIома, Умматан могIарша юккъера кхуссур ву хьо. Маликаш хир ду хьан гIуллакхийн терахьца гома. ШайтIанан баккхале доьрзур ду хьан хIора шо. Де-дийне Iожалла тIегIерта, цхьацца ког боккхуш, Цо шеца дIахьош верг цIеххьана катухий хьо. Хьо вацахь дуьненчохь доIанехь Делан цIе йоккхуш, Махьшаран майданахь хIун ала волу-те хьо? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1966 |
|
Вес репутации: 27 |
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош,
ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1967 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьо ма гIерта шело йоьлла ала Жимма лайн чим тасарх лаьтта тIе: Кийча ву со деган цIарца кхала Хьуна гIура яхьаш догIу де. Со-м ца хIутту арахь тов ю ала, Хьан ши бесни жимма цIийяларх, Хууш, шен IиндагI деш, орцахъяла Кийчча юй хьан деган шийла тарх... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1968 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Юха а гIаьтти-кха сан гIайгIа хьан куьйгаш тIера, Доьлхучу бIаьргашна ахь дуьхьал дехкича уьш. Сан дагна тIехула хьийза и хьаргIанах тера, Сан иэсан хIаваъ шен тIуьначу тIемашца хьуьйш. БIаьрхиша хьан юхьтIе аьгначу муьлххачу харшо, Шена чохь дебайо сан дагахьбалламийн чалх… Со муха кхетар ву хIун боху хьан бIаьргийн Iаршо, Цо къобал ца бича сан дегайовхонан малх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1969 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна, Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна, Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла, Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла. Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха, Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха, Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса, Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1970 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Эзарнаш шерашкахь седарчийн синошна Бутт лепа, теш хуьлуш лаьттахойн къиношна. Сан доьхна дог тедеш хаза а, говза а, Нур Iенош, цо новкъа воккху со тховса а. ХIора гIулч мел яьккхи ког астагIлелха сан, Буц лазош тхин тIадам шена тIехь белханза. Сагал-буц хилла, сан са санна, хIусамза - Шен къаьхьа мутт мийлош, кхобу цо узам сан. ТIулгаш тIехь ловзучу шовданан иллина Уллехь Iан лууш ю сан ойла йиллина… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|