Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 24.10.2008, 19:34   #1941
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа кхаъ бу ас хьоьга боккху берг къаьсттина.
Кадаьндерг дIалахка шеконаш хьан.
ХIинца а ца девлла вай вовшех къаьстина,
Синхаам баьллехь а вайн дегнаш хьаьстина,
Ченашла божабеш марзонийн кан.

Некъ жIара баьккхина ойланийн дагаро,
Хетийта гIерташ и боцуш ца терг.
Со йийсар лацале ахь синош дахаро,
Гара я нийса некъ бора сан дахаро,
Ткъа хIара хIун некъ бу когаш кIел берг?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.10.2008, 19:34   #1942
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера

***
Сан хьиэ баар - и цхьа корматалла
Елла хьуна, ойла, кхолламо.
Деган хьуьнах хьо ца йогIуш талла,
Куьг даий сан тоьпо-къоламо...

***
Юрт дIаюьжу машаречу махкахь набъян ирсе,
Амма даим сема Iа-кха, эIенаш туьйсуш, хан:
Тхан бешана гIенах гойту цо тхан дедайн ирзе,
ЦIенна дуьхьалтосу цигахь хилла лаппагIа...

***
Воно шелвеш, дог ас ухьу, ша башийта тIера,
Сайн оьздачу къоман садеIаран Iаьнарла.
Сан иллеш ду - сан Даймехкан салтий могIарера -
Нохчийн мотт бу церан уггар коьрта инарла.

***
Уьйзу ас оьмаран комаьрша хьелий,
Мел къаьхьа хиларх а оцеран шура.
Сайн ирсан даьттано ойла токх мел йин,
Кхоьру со даларна сайн илли кура.

***
Кица ларий мукъане а, ахь цхьа хьесап делахь
Сан йишхаьлла Iачу дагехь долу хьал толлуш:
Дети дош а долуш, вистцахилар деши делахь,
Мила хир ву мотт ца хууш волчул хьал долуш?..

***
Дахаран дукъ доруш, Iожаллин Iовраш чухьалхар
ДIасацо вал бале, стаг цара дIавадош ву.
Цундела теша со: муьлххачу поэтан кхалхар
Шен тоьлла иллеш цо эхарта дIадахьар ду...

***
Деган кан хьистина гIайгIанан луьйдиг
Iовша дIахIуттушехь сан иллин могIа,
Лайн борзан бепиган ховха-кIайн буьйдиг
Яа дIаболало мацбелла мох а...

***
Дуьненан лазамо шен дагна гуо лаьцча кхалха,
Илли бен лор воций ма-хии шен дагар дайдан,
Поэта кIайн кехат дуьллу шен бIаьргашна хьалха -
И ду цо ойланийн уммате бартхотту майда…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.10.2008, 21:43   #1943
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча.
Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,
Мел хьуна хетахь а ирча…

Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах
Шераша даьккхинчу кесе,
Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,
Яккха и сан некъан иэсе.

ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,
БIаьрсица адамаш лоьIуш.
Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,
Хезаш ахь ховха садоьIуш.

Стигалан сийна кир берриг а лилхина,
Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…
ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина,
Безаман чIир суна йоькхуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 24.10.2008, 21:44   #1944
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дехар

Дахделла IиндагIаш. Де даьгна дели.
МIаьргонаш зовъюьйлу некъашкахь шайн.
Сайн гIенийн цIачуьра со аравели,
Са сема хилар сан – дуьненна тайн.


Хьан цIе мел тешаярх хIаваэ матто,
Сан деган гIайренна хьо-м гена ю.
Хьо стиглахь гой хьаьжча – вагаво батто,
Я туху седано шен дато ю.


Йолахьа белша тIехь малх бахьаш можа,
Ламанан торха тIехь сатасар ган.
Сан дагца барт хилла хьан кхиэлан кхожан,
Гайтахьа самах сан тIаьххьара гIан.


Вайшиннах дог лаза хир вац-кха цхьа а,
Дитташ тIехь гуьйренан цIеста гIаш леш.
Дош лохьа суна со виц ца ван цкъа а,
БIаьрзечу кхолламна хьайн хьукма деш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 13:34   #1945
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Ширачу кешнашкахь

Юьртахойн иэсехь шаьш дIадайна ла ца луш,
Ярашла личкъинчу кешнаша
Шайн чартийн йозанийн ширачу хьаьркашла
Ца билларх сайн цхьалха узам,
ХIетте а, сайн дагна буьрса гуо лецахь а
Чурт огуш, яздинчу дешнаша,
Дайн тIулган гIовланех къехкачу тIаьхьенна
ХIуй кхайкхо вогIу со кхуза-м…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 13:34   #1946
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сайн иллега

Сан илли, хьан байташ – син бIаьхой сан,
Царна тIехь со баьчча хIоттийна Дала.
ГIазотан бакъо ю хьо декхар дан
Муьжгашца беш болчу тIамах чекх дала.

Соьлжа-хин берд Iа-кха, кхийсарш а еш.
Эццигехь мостагIчо туп тоьхна кхалха.
Цунна тIе тохар дан хьайн кечам беш,
Сан илли, ахь муьлха дош доккху хьалха?

Догмайра хьо декахь, сан иллин аз,
Кхераман зирх тосуш мостагIчун кийра,
Хьан хIора мукъаман зезаган жазз
Хир дац-кха гIазотан назманна хийра.

Сайн чIагIо яхчаеш, яздеш ву со,
Сийлахьчу бекхаман цIергахь хьо доттуш,
Кхалхахь а, гIазотехь кхалхалахь хьо,
Маликийн бартхаттам юьстах а тоттуш.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 13:36   #1947
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Безаман 1одара секх нийсса синметте кхетта,
Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь.
Сатийсам пана д1а г1аш бигар меле а хетта,
Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна т1ехь.
Кхералуш 1аьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре,
Гуьйренца г1адожар тарлуш ахь доь1учу сих,
Б1аьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре,
Аьхке т1е мел кхечи, дан лууш сайн болар сих,
Кхиэлана т1едуьллуш хьукма дар - сайна дан догг1ург,
Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це,
Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург,
Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 13:36   #1948
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нагахь со д1аводахь,
б1аьстенан бай ведбеш хуьта,
Къиношца техкаян
генарчу махкара огар,
Со везаш йолчу ахь
латор бу елхаран къуьда,
Ткъа со ца везачу йоIа -
шен еларан стогар.
Амма со цIаверзахь
шарам бан сайн деган уьйтIа,
Юха а б1остане хир ду-кха
шуьшинна со гар:
Суна ца езачу ахь
сица латор бу стогар
Ткъа суна езачо -
ша динчу маренан къуьда...
И ши дух серлонан
дина сайн б1аьргашна хьарам,
Вайшиннан эшамах
бийр бу ас безамна барам...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 19:58   #1949
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц.
Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда.
Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц
Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан.
Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш,
Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш.

Дитташа тIедетташ зазанийн дарц,
Сахиллалц екар ю сан деган бухIа.
Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац
ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха.
Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш,
Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш.

Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа
ГIерта сан безамца даста шен марха...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 25.10.2008, 20:00   #1950
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хала до оьгучу гIаша
дуькъачу дахкарлахь нека,
Дерзана довлучу диттийн
мехаша пусар ца до…
ДогIанан тIадамийн мукъам
хьан коран экъанахь бека,
Шеконийн гIаттаман баьчча
хьан дог ду ца боху цо?

Стигалан шийлачу некхах
гIаддайна тIамарш а етташ,
Йоьдучу гIаргIулийн жуьто
тийжарца дуьне до къахь…
Кураллин пIелгашца айхьа
ойланех мел дина шеддаш,
Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш
лан муха лайра-те ахь?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.