Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 20.10.2008, 13:14   #1901
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Тайп-тайпана ойланаш

Стиглара мархаш а хетало адамийн синош.
Хьажал хьо, уьш а ю, вуьйш санна, Iаьржа а, кIайн а.
Галваьлла хьо вожахь, ма деха нахана къинош,
Нахана лерина харц кхиэл а кхайкхае хьайна.

Лекъначу шовдантIе дахкаро хьарчийча марчо,
Мотт соцу боьранан, дIадоду тогIенан бIаьрса.
Сий лардеш волчунна елало Даймехкан маршо,
Сий духкуш волчунна мостагIчун Iазап тIекъаьрза.

Баьццара оьмар а кхачийна, оьгучу гIашна
ТIехьаьжна хаза мох Iазапхо хуьлий, дIахIутту.
Стаг муьтIахь ца хилахь «къинхетам» цIе йолчу дашна,
Шен кхиэлан пенаш цо къизаллин тIулгашца дутту.

Халкъана тIекхаччалц бохаман киртигаш къаьхьа,
Ямартхо тебна Iа, шен дагчохь тешнабехк хьекъаш.
Лекхачу дитта тIе балало дIовш туху лаьхьа
Аьрзунан санна шен тIемаш а доццушехь, текхаш.

Доьзалехь осала воI кхиар – ден-ненан бала.
ГIеранчин къизаллаш ги хуьйшу гергарчу нехан,
Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала,
МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха….

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 20.10.2008, 21:04   #1902
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан илли

Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли.
Сан Даймохк ткъа — шаьлта, хьан пхьалгIахь йина.
Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий,
Хилийта сан хьуьнарш — буобераш къинан.

Хьан кераюккъехь со вахана кога,
Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна…
Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога,
Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна….

Маца а йожахь хьайн пIелгаш юккъера
Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа,
Хьайн х1аваъ хадорна болуш къинтIера,
Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа….

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 20.10.2008, 21:04   #1903
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Веха со, лелош сайн шерашца гамо,
Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма.
Хала ду-кх хебарш а ягарьеш Iамо
Доккхачу дуьненан хьесапан Iилма.

Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар,
Оьмаро качъелча сан даге йина.
Цундела тIедоьжна денойх цаIабар
ГIеметтах1оьттина долчу сан сина.

Дахар ду заманца хьаббарех ловзар,
ТIаьххьара бIаьрг беллар валар а долуш…
Цкъа хIинца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар —
Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш.


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 02:46   #1904
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Беттан суьрташ

Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала,
ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла –
Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала
Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам…

Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча,
Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а…
…Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча,
Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а…

Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш,
ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш…
…Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш,
Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш…

Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш,
Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата,
ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ,
Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 02:47   #1905
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.


Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?

Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.

Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...

Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 02:48   #1906
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Даймахке

Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а
Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар.

Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а
Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар.

Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца
Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора…
Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца,
Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора.

Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг,
Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа,
Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа,
Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг.

Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках,
Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа.
Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах,
Сайн езачун кет1а буьхкуш хьан седарчийн жагIа.

Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка,
Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила:
Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка,
Хьан дахкаран к1айн куьйгаш а — чуртан йоза дила…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 02:49   #1907
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дуьххьарлера илли

Дуьххьарлера сан илли ду
Диттан дато заза,
ЧIогIа хаза кхелина
Сан ойланан дитт цо.
Ткъа цу диттан баьццаралла
Iалашйина база,
Аса-м хьан и сийна сибат
Цкъа а диц ца до.

Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан гIерташ лаза
Сайн ойланан дитта тIера
Иллин ховха са.
Деган мерзаш зуьйш, меллаша
Дека илли-заза.
ГIад нисдина, малхе кхийда
Дитт-ойла а сан.

Тешна ву со:
Деган лаам Iабош, кхано тIаьхьа
ГIаша бIаьрла заза хуьйцуш,
Стом латор бу цо.
Латкъа даций сан и хиларх
Цкъа юьхьанца къаьхьа —
Къахьо йиъна ваьлча,
Бухахь марзо карайо…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 14:35   #1908
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Соъ ца вели цуьнан бурко ланза.
Хьоьх ен ойла цу чохь ирахIоттахь,
Тхевнах корта кхетий, йо-кха лаза.

Вайн ирсана хийра хилла некъаш
Ас дерриш а цу чохь кара Iамий.
Лаьхьарчашха суна улле текхаш,
ДIаьвшах бузу цара деган чами.

Хилаъ хилла цхьаллин хIусам шуьйра,
Шел йоккханиг йоцуш кхиэлан эвлахь:
Дуьне ма-дду акхаевлла уьйраш
Цуьнан пенел арахьа ца евлла.

Вайн безамна ямарт хилла хьаьгIнаш
ХIинца-м цуьнца цхьана тхов кIел еха.
Цара, яхкош сан син элан раьгIнаш,
Дагах буцу матар боьлла Iеха.

Iаса луьйзуш, кхочу хьажахIотта
Хьох а санна, со шех тешна туьйра:
Хилаъ хилла цхьаллин хIусам готта,
Лаьттахь хIусам йоцуш шел кхин... шуьйра.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 14:36   #1909
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Беттан суьрташ

Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала,
ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла –
Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала
Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам…

Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча,
Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а…
…Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча,
Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а…

Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш,
ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш…
…Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш,
Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш…

Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш,
Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата,
ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ,
Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 21.10.2008, 14:36   #1910
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го.
ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа.
Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со
Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа.

Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо,
Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш.
Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа виц ма-велли со,
Стиглахь гой-те хьоьжур юй хьо мархийн къоьжа месаш?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.