![]() |
|
|
#1891 |
|
Вес репутации: 27 |
Шовданехь де кхолар
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1892 |
|
Вес репутации: 27 |
Сатоссуш
Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1893 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Юьхь тIехь хазахетар-бIаьсте яьлла БIаьргийн-диттийн ма самалхадаьлла! Царалахь цхьа суйнаш лепа хаза - Безамо бен хьоьстуш доцу заза. Даг чу халахетар-гуьйре йоьлла, БIаьргийн дитташ цхьаллин махах доьлла. Церан меда бIаьрхиш, лаьтта оьгун, Стоьмаш бу шайх гIайгIа бен ца хьоьгу. ХIора синхаам сан хьаьвза готта-м, Лохуш шена тайнна хенан хIоттам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1894 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1895 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема, Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман, Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч. Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна, Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч, ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш, Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш, Поэзин дитта тIехь кходуш шен га, Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко, Майрра бIобулуш шен иллин аз деко, Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка, Вар-валар гайтаран терахьийн йоза, Кадолуш шен байтийн терзанахь оза, Шен дагалецамаш абаде хьош, Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а, Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1896 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Лайн чимийн мотт буьйцу жоп доцчу безамо, ГIайгIанах-доттагIчух и дIа-м ца къастало. Ткъа, дешнаш – лайн чимаш – сан дагна – беза мохь: Цо и ги буьллушехь, шира чов ястало… Ойлано пал тосу: «ДIахьулбан беза муо, Зезагаш тIе дуьйгIуш, чов дIа ма-йирззинехь…» Амма, мел малх хьажарх сан деган ирзене, Луо даша-м дуьтуш дац жоп доцчу безамо… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1897 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза, ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац. Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза, Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц. Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш, Мел лууш вацахь а уьш тида со: Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш, Суна вайн къастаран бIарлагIа го. Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала Хьо йола ма-елли, ас ойла йо: Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала, Я суна сайн дахар лайн басахь го? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1898 |
|
Вес репутации: 27 |
Аьхкенан тIаьххьара де
Дахлохьа, аьхкенан тIаьххьара де, Ца сихлуш дIадаха гуьйренан йочане. Хин хоршах ма тарбе сацкъаран коча некъ, Серлонна, йовхонна ма тоха пе. Баьццарчу хьайн вастах ма ваккха со. Хьуо дахлуш, хьайх хьегар цхьажимма дацдехьа. Кхин цкъа а хIуттутан аз хезар дац-техьа Багарбеш сан шерийн азбелла бIо? ХIинца а марздина хетало хьо Зезагийн кортош тIехь кхиъначу дургало. Хьо лоьхуш къорзачу полларчийн сур гаро ГIайгIане делахь а, хьо нуьре до. МIаьргонийн мор буьллуш хьайн тускар чу, ТIехула хьовзалахь зезагийн аренна. Айхьа бен дийр доцург ма дита кханенна, Эсаре кховдадеш хьайн цIена хIу. Ма Iитта хеназчу шелонан ю. Мархаш а ма мустъе стигалан боганахь. Сайн дагалецамийн тоьллачу оганахь Ас хьуна йитина цхьа меттиг ю. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1899 |
|
Вес репутации: 27 |
СОНЕТ
Хьан мерза т1е1аткъам ас х1аллакби - Тоийта хьайн куьцан чиркх суна багор. Ца аьлча ца волу: ца хьийза кхин Къайллах хьан тидам беш, б1аьргашна б1агор. Букарчу сайн шерийн бодане 1ин Дити ас хьан месийн серлонца къагор, Х1етте а, кхоьруш ахь лачкъорна и Сайн дагна керт йи ас массо а аг1ор. Син 1аьршахь 1алашдеш хьан куьйгийн нур, Ахь кхаьбна г1ан лоь1уш, ца лоьху там ас. Сан иэсах бетташ хьайн аматийн кур, Ма г1ерта галдаккха сан цхьаллин ламаз, Со воьрзуш ца хилча хьайн шовкъан дине, Ма кхийдадехьа соь хьайн дег1ан дуьне... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1900 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Баххьийн дахкаран кIайн верта Шен белшашна дустуш лелла И сайн илли Iа ца делча Лаьмнийн когашкахь, ДIо Башломан буьххье ваьлла, Со чу хьаьжча, лог ношделла, Кхин доккха ирс дац соь кхача Даймохк могаш гахь… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|