![]() |
|
|
#181 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг Мур а йоьлла, серло къедош Iа... Атта керчи хьан аматийн уьйриг Сан лехаман голаш тIера дIа. Кхача гIерташ къайле йоцчу хайре, Эрна шелби ахь сан ирсан бен: Хьуна гур ма яц сан деган гIайре Сан безаман хIорд жимбелча бен. Сайна хьакъ яр сатийсамийн гулар Дарий сан и-м доггах даредар: Хьоьца хилар - дечиг-пондар булар, Цуьнан мерзех шовкъо пIелг тасар... Деган дилха Iовжо говза хилла Хьан шийлачу дешнийн шокъалеш. ТIаьхье йоцчу тIекеренийн хIилла Хилла церан зов ма-хеззи, леш... Хьуна лезна, дохкояьлла ойла Те ца йича волий тIаккха цкъа Хьан са хилла - вастийн юкъарIойла, Иза-м ца хилла сан долахь цIа... ТIе а юллий сингаттаман чкъуьйриг, Ас сайн дагалецам буллу дIа... Мархаш юккъехь беттан къена гуьйриг Мур а йоьлла, серло къедош Iа... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#182 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Маццалц дезар ду-те кху сан деган пекъаран Шен йовхонца моттаргIанаш кхаба? Цхьа а доза дац сан дагахьбаллам хьекъаран, И-м ца боллу сан ойланех Iаба. Суна кхечи, жамI а хилла дуьне эккхаран, Хьан аматех юьзна иэсан кхаба. Ас хIетте а пусар ца до сайн син текъаран, Етташ цунна сайн юьхькIоман ваба... Амма карзахбохуш иллийн хIора могIа сан, Ловзаюьйлу шовкъийн IалагIожа-м... Цхьаьна барт бай даккха вайша цхьаллин мокха са, Сатуьйр дар-кха тIаккха кхиэлан кхожан. Ши суй хилий вайша цхьана ирсан мокхазан Кхин цкъа баго шерийн шийла кIожам... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#183 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Чехош сайна гIо дан гIерта хIилла Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан, Лийлирий со-м атта жоп а хилла Чолхе доцчу хIетал-металан. Цхьалха дохуш бIостаналлин маьIнаш, Кхочушдора ас хьан хIора буьйр. ХIетте а, сан даг тIе огуш даьIнаш, ДIахадийра ахь вайшиннан уьйр. Суна хиъна хиллехьара хIеттехь Безам леш буй къайле йоцчу меттехь... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#184 |
|
Вес репутации: 3 |
Нохчийчоьне
Хьоьга безам – сан ойланийн чилла - Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна. Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла: Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна. Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь, Талла ваьлча тоьар доцуш дахар… Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь, Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар. Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам, Беттан серло - седарчашлахь деба, Байташ юцуш, марсабаьлла къолам, Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба. Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а, Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а. Денна мийларх ас хьан шийла хьоста, Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#185 |
|
Вес репутации: 3 |
ХIетте а
Сан безам дIабаха, ластийна куьг, Къастаро сан кийра шен тача дилли. ХIетте а, сан дагчохь ша етта муьрг ЛагI ца еш, декаш ду сан ирсан илли. Дуьненан сингаттам гибихки ас, Сайн некъан тачанах беха муш бина. ХIетте а, зевне ду сан иллин аз, ГIелделла, латкъам беш, и хьанна гина? Сан дог Iа дахаран догIанна кIел, ТIадамийн тобано де-дийне огуш. ХIетте а, сан илли ца делла шел, Даймехкан сийнна ша хиларна догуш. ТIех суна ца баьккхи кхиэло шен кад, ДIамалар тIедожош цу чуьра бала. ХIетте а, сан илли-м ца делла кIад - Цунна, схьахетарехь, ницкъ бели Дала. Син арахь гIаттийна мIаьргонийн дарц, Iожалла тIегIерта, синтем а бууш. ХIетте а, сан илли шек дIа а дац, Сан халкъан иэсехь ша лийр доций хууш. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#186 |
|
Вес репутации: 3 |
***
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа, сан денойн догIа, Сиркхонийн къорано сан дегIах хьан вота йина. Лазаман хих бузуш хIора сан хебаран могIа, Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта ахь нигат дина. Со-м реза ву хьуна, дацахь а дог дакъо атта Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш, дашийна долу, Ахь дага тийсарна сан юьрта йистера латта Хьо саца ма-сецци, со шена чувуьжу волу... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#187 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош, Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга, Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош, Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга… Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга, Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас. Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга, ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас… Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара, ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ? ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара, И муха ер яра сан деган цацанах чекх?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#188 |
|
Вес репутации: 11 |
Хаза дешнаш ду...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
#189 |
|
Вес репутации: 3 |
Малика, хаза хета ахьа х1уъа а аьлла цхьаъ аьлча сайн теми чохь. Лаьа суна гуттар а ахь хьайна хетарг ала. Дела реза хуьлда.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#190 |
|
Вес репутации: 3 |
Седане
Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа, Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли. Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда, Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий. Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома, Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена. Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома - Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан? Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий, Седарчий делча а, серло ца ле олу церан: Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий, Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера. Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна. МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха. Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна, Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|