Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 09.10.2008, 10:52   #1801
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан илли, ахьа-м со де-дийне хьийзаво готта,
Синтемах со воккхий, ахь йо сан оьмарна гIело.
Сан миска дог хьуна ков ду а ца оьшу мотта -
Синхаам хийцалуш, дIадоьллуш, тIечIогIуш лело...

Болатан серий а дац-кха сан цIий лела пхенаш,
Баланаш, лазамаш, кхалхарш тIе ма ихка царна…
Сан сих чекх ма яха цIийн Iовраш хуьйдина хенаш,
ГIайгIанан юкъ тIе ма тийса сан кийрарчу цIарна...

Готанца санна, ас элпашца кIайн кехат оху,
Хьан дешнийн оьланаш нур-дашо бIаьллаш а лоьруш.
Аса-м хьо дерриг а суо аьлла ваьлла ца боху,
Чаккхенга ластале, хьо сайх дIакъастарна кхоьруш.

Ца Iахь а хехказа, дин санна, сан деган пекъар
Яйдакха мукъане ахь иза ма хехка тIаккха…
Хьо делахь сан кхиэло азаллехь хьарчийна декхар,
Кханенга ца валахь, хьо муха деза ас такха?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 10:53   #1802
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Делан дош хийцина, шайтIанах тешна,
Эвхьаза даьккхи вай мостагIийн сур.
Эхь-бехкан доь дайъи, сийна цIе тесна,
Гонаха баржабеш кхардаман кIур.

Даржашка сатуьйсуш, дегнаш а шагдеш,
Кегаеш хьарамчу гIуллакхийн гIум,
Делан дош, тIулг тоьхна, бIар санна, кагдеш
ДIайоьхки вай цунна юккъера тIум.

Вайн яртийн йистошкахь чагIалкхаш цIийза,
Кхерчашна тIехула хьаргIанаш го,
Даймехкан дозанехь мостагIий хьийза,
Цара вай хIаллакдан кечамаш бо.

ГIерташ вай маршонан некъах дIахадо,
Цара вайн иэсана тIедуьтту дIовш.
Байттамал, йир-кха вай цхьа сонта кIадо
Iаьвшшина лар ца деш вайн Делан дош.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 10:54   #1803
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дахаре

Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш,
Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те?
Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш,
Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге…

Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара,
СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн…
Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара
Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани…

Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта,
ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан:
Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда
ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян…

Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон,
Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш,
Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо
Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?..

Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош,
Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша,
Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош —
Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша…

Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар,
Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар:
Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар,
Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 10:55   #1804
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Шахьарш а йитина, веа-кх со хьо еха эвла ган.
Цхьа урам бу кхузахь геннара сан даг тIе богIуш...
ГIенах бен ца хийша йоллу хьо сан ирсан гIевланга,
Сан Iаьржа месаш хьайн куьйгашца серла а йохуш?

Хьан некхан герканаш товр хилча сан кхиэлан терзанахь,
Ширбелла белахь а, сан буто сатийсам узуш,
Харц хилар мэлехь ду хьан дешнийн курачу герзана
Даге а ца хоттуш, ахь ша сан безамна кхуссуш.

Дуьхьало ца ялуш эхь-бехкан иркечу омранна,
Гуттар а буьйлина латтабарх бехкаман гур ахь,
Хьан бIаьргийн бIаьстено-м йовхо ло сан деган орамна
Шелоне и гIора ца байта къастаран гурахь.

Суйранна хийисте гуллучу сан ларийн пхьоьхане
Ла ца ло, хьайн хьажар дIаидош, ахь кхерам тийсар.
Шеконан нахарца ас хьиэ чохь деш долчу охане
ХIу дIадер санна ду ас хьоьга денна сатийсар.

Кхачахь а цIеххьана къизачу къастаран дера де,
Йиц йойтуш хьан эвла - дуьненан цхьа башха кийсиг,
БIаьрг тоха лууш хьан аматан дезачу зерате,
Сан иэсан неIаре хIуттур ю ойланийн гийзиг...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:38   #1805
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Чехош сайна г1о дан г1ерта х1илла
Шалха дуьйцуш, корта хьовзо хьан,
Лийлирий со-м атта жоп а хилла
Чолхе доцчу х1етал-металан.

Цхьалха дохуш б1останаллин маь1наш,
Кхочушдора ас хьан х1ора буьйр.
Х1етте а, сан даг т1е огуш даь1наш,
Д1ахадийра ахь вайшиннан уьйр.

Суна хиъна хиллехьара х1еттехь
Безам леш буй къайле йоцчу меттехь...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:39   #1806
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…

Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…

ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:43   #1807
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа,
сан денойн догIа,
Сиркхонийн къорано
сан дегIах хьан вота йина.
Лазаман хих бузуш
хIора сан хебаран могIа,
Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта
ахь нигат дина.

Со-м реза ву хьуна,
дацахь а дог дакъо атта
Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш,
дашийна долу,
Ахь дага тийсарна
сан юьрта йистера латта
Хьо саца ма-сецци,
со шена чувуьжу волу...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:44   #1808
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сан дегайовхо

ЛагI ца ло мукъам сан дагчуьрчу эшаран,
Гуьйрено хийцарх а Iаламан куц.
Со кхетар вац-техьа тийналлех эсаран,
Детица кхелича цо можа буц?

Хьун а ю палтуьйсуш тIаьххьарчу шен гIашца,
Эххар а хIун хир ду ца хууш сох.
Некъашца маьI-маьIIехь Iохкучу нехашца
Ларош хир бац-техьа гуьйренан мох?

Замано латтайо, шех говза пхьар хуьлий,
Лаьттаний, стигланний юккъера зIе.
Ца тосуш Iийр яц-те тобанаш гIаргIулийн
Бух боцу сингаттам сан дагна тIе?

Дей-буьйсий хийцало – заманан терзанаш -
Царна тIехь герканаш - сан хIора шо.
Ца хабош ца Iар-те дахкаре дерзанаш
Сан кхиэлан коьртара массо а чо?

Абадехь тахане селхане санна ю…
ЗIаьнаршца къагадеш ламанан дукъ,
Можа малх чубузуш цIелетта анаюх
Ца тосуш ца Iар-те сан кийра юкъ?

Махкана тешамна ас йинчу чIагIонна
Ца бетта муьтIахьчу иллеша пе.
Сан къоман кхетаман таьптаран агIонна
ТIехь юьсур юй-техьа, ванах, сан цIе?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:46   #1809
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Нохчийчоьне

Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош,
Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал.
Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош,
Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза.

Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош,
Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза.
Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош,
Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах.

Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош,
Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан,
Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош,
Ахь декъалвелахь со даггара, х1ай Нохчийчоь сан…

Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт,
Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 09.10.2008, 18:47   #1810
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Iаьнан малх меллаша чубузуш бу.
Коьллаша вовшашца IиндагIаш къуьйсу.
Ца хууш маса де ша хьоькху ду,
Лайн чимийн синош тIехь махо пал туьйсу.

Когашна кIел тесна кIайн кетар лайн,
Суьйрено ламаз до шовданна лулахь.
Со лакха кийчча ву син пондар сайн,
Хьо яре хьоьжучу ойлано булахь.


Иллешна мийладеш дахкаран мутт,
Матта тIехь лаладо ас дети байтан.
Ас цуьнах бийр бу сайн безаман бутт,
Хьо цуьнан серлонгахь сайн дагна гайта.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.