![]() |
|
|
#171 |
|
Вес репутации: 3 |
Натлус, Юсупов 1илманан х1ара стихотворении муха хета хьуна? Васташ а, размер а (анапест, хорей, дактиль, вмфибрахий, ямб). Там бара цо и хьуна язйина хила)))))))))))))
ХьагIйолчуьнга Гича ирсо сан иллина гонах лаьцна турс, И ла ца лой, хебий, тIегатло и хьан са-тIара. ХьогIан хьожа етталучу бIаьран ира урс Вуонан карадилла лаам кхобу ахь сутара. Тешнабехко дина хIоа ду хьан Iаьржа дог. Со аьшнаш веш, тIаьхьасетта хьан мотт — луьра лаьхьа. Хьайн неIалтийн пхьалгIахь тусуш ас мел боккху ког, Левси кховсуш, цабезаман кIега денбо ахьа. Адамаша со лараро сенбина хьан пах. Хьан питанехь моьне доьрзу сан диканан сиз а. Ма дика ду ахь ца хадош сан гIуллакхийн мах — Ма нахартийн зов дадийна лелар бара иза! Вуоне карча лууш хилар хьо, сан ирсан мур, Го-кха, дешча хьан осалчу бIаьргаш чуьра доIа. Мурйоьллачу хьайн гамоно къедош стешха нур, Яхкаелла ойла хьегIаш, ма тебна а хьо Iа… Iе хьо иштта, дIаьвшан улх, и букъ хьайн тIеттIа бош — Со дIацIанван гIалатех хьо волуш дика ду-кха: Хьуна белам боккхур боцуш ду сан хIора дош. Ледарлонаш сан ягаръеш, гIад ца гIор хьо дукха… (1илман Юсупов, сборник стихов «Заманан мазлаг1а», Грозный, издательство «Книга», 1991 год, страница 41)
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#172 |
|
Вес репутации: 3 |
Бераллин денош
Шераша якхдеш ду дахаран кхаш, Бохамийн, эшамийн диларш тIеIенош. Сан деган уьйтIара шайн IиндагIаш Аш мича тийси-те, бераллин денош? Шу Iачохь хьан до-те Iуналла шун, Ас санна, шун маьлхан синош а делош? Бе-берса дац-кха сан кхолламан шун, Цунна тIехь шу доцуш, бераллин денош. Со-м хетар долуш ву заманах эхь, ГIайгIане лелахь шу, сан лазам дебош: Со ирсах тешийнарг кху лаьтта тIехь Шун сирла уммат ду, бераллин денош. Iожаллин бIобанах ийзалуш Iа Аш зевне декийна сан гIенийн цIенош. Уьш дуьтуш, шу хIунда девди-те дIа, Ишаршца иэс хьоьсту бераллин денош?.. Сан дегIах хьерчаш ду сиркхонийн дарц, Ойланехь аш дина баннаш а дегош. ТIаьххьара шун верас сан дог бен дац. И сацахь лийр ду шу-м, бераллин денош… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#173 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан дой
Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь. Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду. ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала, Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу. КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш. Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ. Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета. Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ. Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу. Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас. Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу — Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац. Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла. И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду, Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла, Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, д1акхелхар ву… Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден, Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам, Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам, ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#174 |
|
Вес репутации: 3 |
Сингаттаме ойланаш
Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг: Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш. ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг, Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш. Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба, ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан. Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат, ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан. Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта: ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар. Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан, Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#175 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
ЗIе етта ахь соьга, экаме синош а дохуш, Геннара сан лере кхачаеш хьайн озан тов. Iаткъаме дехарш до соьга хьуо йиц ма е бохуш, Iийжаеш йирзина яланза къастаран чов. Амма хьо ца теша ас хьайга хьуо еза аьлча, Сайн деган куьзга ду ас аьлча хьайн дегIан куц. Со вуха вогIур ву, хьан цхьалла мох хьекхна яьлча, Эсаран бос эцна ялале хьан месийн буц. Ас хьуна юха а канашкахь яхьар ю бIаьсте, Сайн деган дургална тIедоьхуш хьан денойн вай… Кхоьлинчу ойланийн бIостане уьйриг а бастий, Кхин цкъа а лахахьа цу юккъехь цхьа сирла тай…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#176 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Суна хьо йицъелла ца яьлла хIинца а, Бус-буса ас хьуна ца гатдарх са. БIаьстенан Iаь гIоттуш хица а, Iинца а Со хьаьгна ца хиларх ган беттаса. ДогIа тIех тиларх а, петоьхна сан сина, Хьан сийнна ца хIоттош стелаIад шен. Ца хиларх со лууш ган бIаьргаш хьан сийна - Шалхачу хьан деган шийла ши бен. Хиларх хьо ойланна йицъелла яланза, ГIайгIанза шовкъаш сан ца хьоьсту ахь, Ас яздарх дешнаш а, хьоь цкъа а аланза, Даг чуьра лоллуш ахь аьллачийн къахь. Со волчу, докъанна кхайкхина лор санна, ГIенах хьо эхарх а, ца хеташ эхь, Керла чурт санна ду ширачу борзана Хьан амат - лаьтташ дерг сан дагна хехь. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#177 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан дегайовхо
ЛагI ца ло мукъам сан дагчуьрчу эшаран, Гуьйрено хийцарх а Iаламан куц. Со кхетар вац-техьа тийналлех эсаран, Детица кхелича цо можа буц? Хьун а ю палтуьйсуш тIаьххьарчу шен гIашца, Эххар а хIун хир ду ца хууш сох. Некъашца маьI-маьIIехь Iохкучу нехашца Ларош хир бац-техьа гуьйренан мох? Замано латтайо, шех говза пхьар хуьлий, Лаьттаний, стигланний юккъера зIе. Ца тосуш Iийр яц-те тобанаш гIаргIулийн Бух боцу сингаттам сан дагна тIе? Дей-буьйсий хийцало – заманан терзанаш - Царна тIехь герканаш - сан хIора шо. Ца хабош ца Iар-те дахкаре дерзанаш Сан кхиэлан коьртара массо а чо? Абадехь тахане селхане санна ю… ЗIаьнаршца къагадеш ламанан дукъ, Можа малх чубузуш цIелетта анаюх Ца тосуш ца Iар-те сан кийра юкъ? Махкана тешамна ас йинчу чIагIонна Ца бетта муьтIахьчу иллеша пе. Сан къоман кхетаман таьптаран агIонна ТIехь юьсур юй-техьа, ванах, сан цIе? Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#178 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
ГIаргIулеш цIаяьхки. Тийналла яйн, ХIаваэхь ма-дийкки маршаллин илли. Марха ю хинкисин йовлакхал яйн - Можачу малхо и шен коьрта тилли. Серлонца лийчабеш тIебаьлла бай, ЗIаьнарийн чухчари комаьрша Iена. Даймехкан васто а бос ийци кIайн, Массо а гIаргIули евзича шена. Сирла де стиглара чудоьсси дайн. Дитташ Iа вовшашца Iамал а тайна. ГIаргIулеш цIакхечи иллешца шайн, Со яздан векалвеш бIаьстенан жайна… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#179 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Со маца вер ву-те ял текхна дIадаьллачунна? Де-дийне сан дагах туьйсуш Iа лазаман церг Гинарг а, хезнарг а, зеделла хилларг а суна, Со дуьхе ца кхуьуш, дисина мел хилла дерг. Суна сайн дахарехь ца гина хиламийн къелла, Азаллин кхолламо сайн дагна хьийзаеш гел, Баланийн гIалартех со вац-кха дIауьдуш лелла, Бохамийн тохарша со цкъа а ца ваьхна пел. Хьалха ма-иддара, уьдуш ду хIинца а шераш, Месашлахь совдохуш хаддаза шайн дато теш. Ткъа, наггахь буьйсанна ягаръеш стиглара цIераш, Жимделла хетало седарчийн горга туьтеш. Кхетамна Iаткъаме бац хIинца шеконийн гIаттам, Езачо лелош дерг дацахь а тешаман гIагI. Оьмаран маьIнех со кхеттехь а, ца кхийти атта-м, Мел герга лестахь а кешнашка дIакхелха рагI. Суна ган ца йоьгIна дуьненан тIаьххьара овкъарш, Маьргонийн хи юха доьрзуш а ца доьгIна ган. ХIетте а, кхин самаевр йоцу сайн хилла шовкъаш Дага мел яьхки а, дог хIунда Iийжа-те сан?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#180 |
|
Вес репутации: 3 |
Саллар
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа - Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха. И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла - Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна... Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла: Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна. ...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа. Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша... Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла, Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а, Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|