Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.10.2007, 04:06   #161
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение

Эни, со а еана хьуна дуккха а 1илманан
байташкара суо ца кхета дешнаш а дахьаш))
Со-м уьш Б1арлаг1и темехь яздан йоллу...

P.S. Испайлла - грация)
Малика, ахьий, Энигмассий дика болх бина хилла 1илманан стихаш т1ехь. Дела реза хуьлийла шуьшинна. Илланч, хьуна а хуьлийла Дела реза, ахьа дика жоп делла Кактусна Б1арлаг1ин теми чохь..
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 31.10.2007, 05:13   #162
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *

Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
ГIигI а деш, Iа хIинца, гIалх дайна пхьу санна, и.
Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла
Кхоьлина сатасар кIайдала ца туьгу кхин.

Стигалан белша тIе кхоьллина шен оба еха,
Зоьрталчу мархано шелйина хIаваан Iаь.
Набкхетта Iуьллучу уьшалан тийналлин Iеха
Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш Iа.

Ирачу догIмашца лаьтта тIехь даьIнаш а дохуш,
Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа дIатекхаш го.
Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча хьо йолчу богIуш
ХIун гIуллакх дадийна я мича воьдуш ву со?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 01.11.2007, 05:37   #163
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 02.11.2007, 04:41   #164
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *

МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг…
Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг.

Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен.
Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза:
Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн…

Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза,
Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь…
Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь.

Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш…
Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш…

Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош…
Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош.

Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин.
Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи…

Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам.
Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан…

Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га.
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!..

Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг.
Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза,
Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2007, 03:03   #165
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *

Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис.
ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам.
Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист…

Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза.
Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало.
Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза,
Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало…

Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош,
Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш.
Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш.
Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш…

ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна,
Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн:
КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш.
КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай…

Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а —
Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо:
Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа,
Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 03.11.2007, 19:50   #166
Dodam
 
Аватар для Dodam
 
Вес репутации: 11
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
...Амма васт хьан нIаьвцицигах тера
Дашо тача дуьллуш, даг тIе текха...
Эльмира, ма хаза а ду х1ара васт...
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..."
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2007, 03:35   #167
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Эльмира, ма хаза а ду х1ара васт...
Дела реза хуьлда, Малика. Дала диканца кхаъ боккхийла хьан даге. Хазахета хьо кху чохь гучуяьлча.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 05.11.2007, 03:54   #168
Enigma*
 
Вес репутации: 6
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане т1есерсаш,
Деган дургал лиэша яьлла, са т1ундаларх к1еззиг.
Меттадан а герга ма ду синх1оттаман терза,
Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг…

(1илман Юсупов)


Синх1оттаман терза ч1ог1а экаме хуьлу поэтан, гуьйренан патар т1едоьжча а хаалуш...
  Ответить с цитированием
Старый 06.11.2007, 14:28   #169
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
Воккхачу стаге

Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш,
Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб.
Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш,
Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап.

Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш,
Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох.
КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш,
Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?..

КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ
Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа.
Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ
Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа.

Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна,
Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш...
Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна,
КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш.

Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама,
Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до...
КIентан бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама
Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 08.11.2007, 02:24   #170
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
***

МостагIчо дайн латта дIалаьцна, со уьйрех хадар
Тергал дIа ца далла дог-Iаьржа хиллера дуьне.
Хийрачу нахалахь йохьана ян гIерташ мадар,
Ас хийла синхаам бейти-кха шеконийн уьне.

Хено шен цхьа га а, пайденза ду аьлла, кхадар
Ла ца луш Iийначу сайн дагалецамийн хьуьне
Доьху ас жимма шен орамаш кхетамехь кIаддар,
Лайначун къахьалла ца йилла хийрачу шуьне.

Геналлехь гIенах гуш дайн лекха сатийсам — маршо,
Суьпачу сица ас Iалашдо цIийн озан уммат…
Сатийсам дIабоьхуш хьомечу стигалан Iаршо,
Сих-сиха ойланийн садаа хIуьтту цхьа хIума:

Со пана махкара цIавоьрзуш, гитоьхна са-лам,
Даймахко дIаоьцур дуй-техьа ас делла салам?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.