![]() |
|
|
#1621 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Мохк хуьйцу олхазарш юха а, жатташка IаьIна, Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар… Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна, МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар. Дош олуш, яьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой, Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху… Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой, Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1622 |
|
Вес репутации: 3 |
Даймахке
Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар. Шераш тIе мел кхийти, тIеттIа сан дегI дайдалар а Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар. Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора... Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца, Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора. Оьшу: бIаьста - кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг, Аьхка - коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа, Гурахь - син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа, Iай - иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг. Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках, Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа, Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах, Сайн езачун кетIа буьхкуш хьан седарчийн жагIа. Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка, Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила: Хьан буц-ярийн тIийригаш а - кошан бертиг ехка, Хьан дахкаран кIайн куьйгаш а - чуртан йоза дила... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1623 |
|
Вес репутации: 3 |
ХьагIйолчуьнга
Гича ирсо сан иллина гонах лаьцна турс, И ла ца лой, хебий, тIегатло и хьан са-тIара. ХьогIан хьожа етталучу бIаьран ира урс Вуонан карадилла лаам кхобу ахь сутара. Тешнабехко дина хIоа ду хьан Iаьржа дог. Со аьшнаш веш, тIаьхьасетта хьан мотт — луьра лаьхьа. Хьайн неIалтийн пхьалгIахь тусуш ас мел боккху ког, Левси кховсуш, цабезаман кIега денбо ахьа. Адамаша со лараро сенбина хьан пах. Хьан питанехь моьне доьрзу сан диканан сиз а. Ма дика ду ахь ца хадош сан гIуллакхийн мах — Ма нахартийн зов дадийна лелар бара иза! Вуоне карча лууш хилар хьо, сан ирсан мур, Го-кха, дешча хьан осалчу бIаьргаш чуьра доIа. Мурйоьллачу хьайн гамоно къедош стешха нур, Яхкаелла ойла хьегIаш, ма тебна а хьо Iа… Iе хьо иштта, д1аьвшан улх, и букъ хьайн тIеттIа бош — Со дIацIанван гIалатех хьо волуш дика ду-кха: Хьуна белам боккхур боцуш ду сан х1ора дош. Ледарлонаш сан ягаръеш, гIад ца гIор хьо дукха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1624 |
|
Вес репутации: 3 |
Баппане
Хьуна петухуш, тIехвала ду Iаламат хала, Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола… Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала, Ца лаь кесталгIа хьо дерза къаналлин дола. Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа хIуш тIе ма-дийннехь, Луьста варкъ диллина сан гIайгIа бос хийца яьлла. Ма хила гIийла кху яча кечделлачу дийнахь, Сан деган коран бIаьрг хьан дато нур леца баьлла. Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш, Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа. Делахь а, дог Iаьвжа, массарел хьуо миска лоьруш, Экаме са махах лардеш, хьо таьIаш лаьттехьа… ХIетте а, кхелана буьрканах тарбелла корта Къоначу мехаша хIуй-пака боккхий-цца, къовсий… Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта, Йоьлху сан ойланаш, тIомачу месашка хьовсий… Коьртаза шийла гIад, хIавао долийнарг кIамдан, Чурт санна, ца латта, бацала дужур ду кхана… Кхетаман хьесапехь – кхелхина зезагийн тхьамда, Ткъа деган кхетамехь – дIаяьлла оцеран нана… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1625 |
|
Вес репутации: 3 |
Кхо синхаам
Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина, ДIабижо кечби ас кхо синхаам. Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина Хьийза сан уггаре оьзда лаам. Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша, Геннара схьакъежий, гIенашла хьо. Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша Набарха даима далхадо цо. ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го. Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина — Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо. КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина, Нисди сан кхолламан гара сизаш. Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина, Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза… Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина, Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа. Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина, КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1626 |
|
Вес репутации: 3 |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1627 |
|
Вес репутации: 3 |
Воккхачу стаге
Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш, Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб. Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш, Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап. Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш, Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох. КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш, Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?.. КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа. Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа. Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна, Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш... Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна, КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш. Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама, Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до... КIентан бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1628 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам. Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис. ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам. Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист… Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза. Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало. Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза, Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало… Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош, Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш. Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш. Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш… ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна, Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн: КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш. КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай… Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а — Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо: Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа, Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1629 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Вас ма йоза (карзахечу дегаллин са дууш), Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца - МоттаргIанийн олаллина кIел ца виса лууш, Сайн са ийдо ас хIаваэ дIо сеаларца. Дешна вала гергавоьдуш хьан юьхь-сибат - жайна, БIаьрса лехна, юкъахвели, кхин са-ъ даIаза ... Дагахь хаарх хьан цIоцкъамийн ший а могIа сайна, Царах соьга дан ца дели деган доIа сайн. ТIе а лаьцна тIаьхье йоцчу уьйран мерза лолла, Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи... Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла, Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнтIепхьид... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1630 |
|
Вес репутации: 27 |
Некъ
Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ Шен аса чIагаршка хьийзаеш, кхиссало. Ховхачу бодашкахь кур бетташ буьйсанех, Безаман чухчарин цинцашца къийсало. Мокхазах-ойланах суй боккхий, тачано Хьан кхиэлан бердашца лекха цIе латайо. Цунах шен гоьжа бан гIоьртинчу ачоно Мерцинчу цIокан тIе хьагI-йома латайо... БIозлагIа со цхьалха висича буьйсанехь, Хьуьнаре некъахо со хилар тосалой, Iаьржачу хьан бIаьргийн Iаннаш чу буссу некъ Уьйриге хьаьрчина, сан даг тIе кхоссало... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|