![]() |
|
|
#1601 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца воллу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьоьханахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… 1илман Юсупов Тема Родины - основная во всех стихах 1илмана Юсупова, в которых поэт вложил всю свою любовь и чувства,доказывая,что Даймохк - немаловажная, а порой и самая главная часть его жизни и творчества. Я думаю, что именно горячая любовь к родной земле, к тому маленькому уголку земного шара, где он родился и вырос, стала той силой, которая воодушевляла 1илмана на новые произведения. Разделяя вместе с Чечней трагические повороты ее судьбы, он зачастую обращается к ней, как к близкому человеку, ища сочувствия и ответа на горькие неразрешимые вопросы. "Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а..." Но какие бы невзгоды ни терзали родной край, красота ее все равно оставалась неизменной, благодаря дивной природе,которую воспевает в своих произведениях 1илман Юсупов. За кажущейся простотой образов - великое мастерство, и именно слово мастера и великого поэта Юсупова передает читателю чувство глубокой любви и преданности родному краю. "Амма со ца воллу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьоьханахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша." Дела реза хуьлийла хьуна,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1602 |
|
Вес репутации: 3 |
ИЭСАН Г1У
(сонетийн кочар) I944 шеран 23 февраль дагалоцуш I. Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту, Сайн бераллин кога туьйдуш Казахстанан аре. Лазамечу ойланашкахь ас, хи санна, луьтту Сайн кхолламо нехан махка дина беркъа маре. Кху дуьненчу ваьлла со тIедоьгIна синтар хилла, Делхош сайна напха латто дезна гIийла дитташ. Вина меттиг, сайн кхетамехь ас хьо мичхьа йилла, Хьуна тоса ца ялийта сайн цIийн озан Iиттарш? Чаккхармашна чекх а дуьйлуш, кхолош сан син бIаьргаш, Сан Даймехкан лаьмнех хьерчаш сингаттаман дохк ду. ЦIахь диссинчу кешнийн гIевлангарчу чартийн гаьргаш Къиза когаш тIехула а лелаш, новкъахь Iохку. Лаа дац сан, хьуьхь а воьлла, иэсан гIу тIе хьиэдар, Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар… 2. Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар, Со хи эца вогIу сайн хиндолчун корта била. Наггахь гIунан син куьзганахь сайн син малх схьакхетар Суо ларамза вахар лору ас сайн халкхан къила. Сан къа ду и – денна бохург санна, леха дезар ХьаргIанал а Iаьржа шекъа оццул бохам бийца. Сан къа – ворхI шо тIаьхьа кху дуьненчу вала везар, Къематдийнал ворхI шо жима лазам хилар цIийца. Ас цундела къежбо иза, гIу чу хьоьжуш иэсан, ДаьIахка тIе кхаччалц кIаргъеш цуьнан ховха хебар, Оьмар йоца хирг ца хиларх доглазаран хьесан Иза тешош, тохадаллалц гIунан бIаьрхиш дебар. Цунна мала ас сайн ведар даим дуьзна дуьту – Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту… 3. Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту, Сан иллина оьшу иза-м ламаз эца, мала. Замано сан кийра де-буьйсанан шаьлта Iуьтту – ТIаьхь-тIаьхьа ду суна цуьнах ведар лардан хала. Нагахь санна, и зарзделла, дерриг даьлла додахь, Якъаелла гIабакх санна, гатлур бу сан кийра. Сайн хиндерг а-м гуш ду суна дагчуьрчу хин доь дахь: Кондар хила, уьдуш хир ву, мох ма-баьлли хийра… Ткъа, тахана-м могIанашца хьоьстуш иэсан корта, Иллийн кIотар йиллина ас цуьнан гIуна юххехь, Дола хирриг мостагIчунна, хьаглахь, схьатIегIорта, СинIовжаман хина даим къонахалла ю хехь, Цуьрриг осал а ца хеташ дехар бIаьрхине дар – Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар. 4. Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар, IаIадо до ас айса бала Iуьйшуш, даьлла мутт а. Ас сайн кераюккъе дуьллу маьлхан можа хедар, Цуьнца йолу токхо сайна оьшу дела гуттар. Пана махкахь яьлла дуьххьарлера бIаьсте оза, Йицлур яц хьан дегайовхо ца леш бисинчарна. Хьо ю шординарг кху лаьттан къинхетаман доза, Хастам хуьлда ахь сан кийрахь латийначу цIарна. Истангашлахь къам-хIусамда цецдехи ахь хийла Богуш гойтуш дорцах хьулам боцуш хила кхерчаш. ГIенах санна, дагадогIу серлайохуш гIийла Ахь сайн даим бепиг буйна къуьйлуш, евлла берчаш. Иэсан гIуна ша мел бин а, хьо и башош, яьгна, Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна… 5. Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна, Бахлуш болчу муьшах тесна ведар ас чухоьцу. ХIара сийлахь-деза хи ду сан гIайгIанна аьхна – Шен гуш доцчу куьйга цо сан деган кIай схьалоьцу. ХIара хи ду – бIаьрхиш, бакъо йоцуш цкъа а лакъа, ХIора тIадам барах ларбеш, цхьана метта IаьIна. И дерриг а хууш йолу гIунан зеразакъ а Сеттош Iа шен шерийн махо тилош лаьтта яьIна. Ирс сан кийрахь дIасахьийзарх, чохь Iан хIусам лоьхуш, Сих ца ло со-м сужде доьжна дог сайн хьала даккха. Гуьнахь доцу къинош гечдар халкъан иэсе доьхуш, Дагна лаьа хIокху гIу чохь кхелхаш, гIазот даккха, Шех хьегош сан ойланаш а, иллешкара шовкъ а – ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа? 6. ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа? Со-м ца воллу гена махка цуьнан хиш дIакхехьа: Ас цIерпоштийн чкъургийн шийла цIийзар хала лов-кха, Цу ирчачу Iай и сайна хезна доццушехьа. Лайн бехачу новкъахь дуьтуш чарташ доцу кешнаш, Юкъахдаьлла еса кхин дIа цхьалха доьшуш махо, Багахь кхетамчуьра дуьйлуш сийлахь-даккхий дешнаш, Мила вара хIетахь долуш сан халкъана дан гIо? Цхьа а тайпа аьрша ярий буста къиза бАрам: Йоцу тар вижа-гIатта, нанна бер дIахьарчо, Веллачунна аьхна боцу салтийн куьйгийн барАм, Массарна а цъаъ бен доцу дорцан зуьнан марчо… Ас яржайо ойла, езаш вац и дукха хьаьъна, Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна. 7. Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна, Со-м кху гIу тIе вогIу сий доьхкинчийн хIуьттаренна. Даррехь нохчийн вон цIе яккха гIерта «аьзнаш» хьаьхна, Царна дуьхьал тIом бан ас тIелаьцна гуттаренна. ГIалх деш, хьогIан зIе а текхош, цхьа къена пхьу хеза – «Къаьмнийн дадас» тесна даьIахк хийла яьжна йовсар. Кан ца морцуш, доьрзур доций цунна хаа а-м деза Дорцалахь а дIа ца яйна йолчу цIарца ловзар. Кхин цхьа IаьнцIиг, шена ца йоттарна кхоьруш диларш, Сан кхиам ца лалуш, угIу, карзахдаьлла далА. ДIаьвшо яхкош лаьтта чевнаш - цо мотт хьоькхуш хилларш, Цхьаболчарна-м эхь ца хета цунна доьша далА… Ша-шена ша хьарам хетий, сан воккхавер дов-кха, Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа. 8. Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа, Цигахь ношлуш, андайолу бIаьрхих юьзна марха. Цхьа инзаре Iаьржа ткъес сан хьиэ чохь меттаххьов-кха, Иэсан бIаьргаш мала гIертарх бендацаран хьаргIа. Со-м ца гIерта тIехтилийта ялъян хьаьгна догIа, И хиларх а хIора шарахь кIайнчу лай тIе догIуш: Хьанна оьшу, цуьнах уьдуш, кхоллабелла могIа, Iийжа ойла хенан тожа бухахь къайлайохуш? Хьанна оьшу къерсигбаьлла синтем кхобу туьйра, Цкъа а цIегIа чопа эцна доцу чевна тIера? Ас сайн хIара гIеметталла йоккху когашIуьйра, И яларна кхеравелла цу йочанна хиера… Комаьршаллин векал хилла, мэл а боккхуш шена, Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена… 9. Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена, Iийжош, баса дохуш хIаваъ шена тIехулара. ХIора тIадам шен хилийта лууш уьнах-цIена, ГIушлакхера чудожале, кхета ткъесан маара. КIожам санна, лаьмнаш догуш, Iемаш орцахдала, Шийла кIозарш охьахоьций, тийжаш, гIу чу керча. Нохчийн ярташкара ясакх йоккхуш лела бала ТIуьна шело ла ца елла, салтийн чоэх хьерча, Ша ков-керташ дассадарх а (ца беш церан хама) КIомсарш лепош, къежа, цIа карийча-м шена довхха, Амма лей дIайолу цуьнан букъ ца бохбархьама Шеца йолу нохчийн алу дIаяланза товха… ДогIа-м догIу, тIеттIа юзуш сан доIане кана, Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана… 10. Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана, БIаьрхийн догIано бинарг а бу шатайпа тIалам. Даймохк гаре сатийсинчийн собар дуьйлуш чIана, Къурдех кхача хиллал дилхи ГIум-Азера Iалам. И ду – дохийначу халкъан тIехь тхов боцу петар, Оьхьуш лайно кираш тоьхна шен лазартнен чоьнаш. ХIун дан деза, цигахь дарба хилла аьлла хетар Дохо гIерташ, Iийжаш хилча кхетамера моьнаш – Цкъа а шарлур йоцу чевнийн луьра тIаьхьалонаш, Къиза мел дерг чу а IаьIна, хьаладуьзна хершнаш? Эшош питанаша кхаьбна дIаьвше инкарлонаш, Уьш цIандеш бу къоман кIентий, шайн хиндолчух тешнарш. Деле доьхуш царна гIо дар, лаьтта лаьмнаш къена, Февраль беттан ирча денош карладохуш дена… 11. Февраль беттан ирча денош карладохуш дена, Нохчийчоьнан Iаьнах хьерча бехке доцу къинош. ХIолламаша ца довлуьйту дайн кешнашна гена Декъий мичахь ду ца хууш дIабайначийн синош: Аматаша хIиттийначу тезеташкахь доьлхуш Хьацаречу гIан-набарша оьхьурш верасашна, Бендацаро вас а йийраш, несала а доьлхурш Дийначара шайн цIе йоккхуш, аьлла долчу дашна. Царах лаьцна ойла ю – сан чевнна тесна туьха, Ша-шен дола ца далуччу дохуш сан садеттар. Уьш шен дагахь латтор – декхар ду сан иллин дуьхан, Осалчарна дуьтуш кхетамехь уьш тIехьа теттар. Церан лараш леха бIаьрса дIа а хьежош ана, Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана… 12. Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана, Даьгна шераш, чимаш хилла, шен месаш тIе оьгуш. Ю и дай баьхначу юьрта ша цIа еъчахьана Шен сирлачу денойх лайначунна марчо тоьгуш. Ненан неIалташа аьгна вагон киралело Къинойн марахь, веллачуьнан синпха санна, тийна. Цуьнца Iаш ю сан бераллин гIевлангара гIело – И а ю со ца леш висар хеташ тамашийна: Мацаллино массо маьIIехь дуьйгIуш гураш долуш, (Ца хилийта сан бераллин шерийн деба таро) НеIсагIехь – сан куьг тIекхоччехь – миска бол а болуш, Хенан хьерахь вузийна со ненан син кIаркIаро. ХIора шарахь Iаьнан уггар юккъерачу батто Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо… 13. Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо, Со хи эца мел ваха а, гIунан зеразакъо: Цунна ломахь къиза йохийначу бIаьвнан гIат го, Дагахь лаьтта дайн ирзенаш лело йоцу бакъо. Самах-гIенах цIе-кIур хаьлла кIотарш дуьхьалтуьйсу (Рицкъа хилларш дарже кхача Iазапечу кхожан) Цо юх-юха, хьашаелла ойла лазош, луьйсу Хьайбахара йогIу адам дагош яьлла хьожа. Декхар хуьлуш бохийначийн ларийн хьаьркаш деша, Кхайкхадо цо, шен ги хийшош хIусам йоцу мехаш, Оьзда узам хилла хилар нохчийн хIора дешан СинхIоттаман гIаларт хилла, назманашкахь бехаш – ХIинца а-м ца лоьху, шена хьакъ ю бохуш, атто Кхойтта шарахь доIа хилла, лелла болчу матто… 14. Кхойтта шарахь доIа хилла, лелла болчу матто Даймохк боху дош а эвлаяийн декъах лору. Уггар хьалха дагадеънарг шегахь Iазап латто Цкъа а тIаьхьадуьсур доцчу неIалташца вору. Яхь, стогалла денна уьйзуш хьаьркийн герканашца, Айдардешнийш шатлакх деш, и ший карийча езА, Юкъ а йоьхкуш цхьаъ бен доцчу шен герзаца-дашца, Цо шен хIора элп а векалдина маршо Еза. Тахана а хилла цуьнах иэсан гIунан хехо, ДIаьвше хабарш дуьйцучара и бехъярна кхоьруш. Ас тIелаьцна нохчийн меттан турпалалла хьехо, Суо и бийца Дала хьакъвар декъал хилар лоьруш. Сан иллешна тIера цуьнан дарбане Iаь гIуьттуш, Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту. 15. Кеста-кеста со сайн халкъан иэсан гIу тIе хIуьтту, Маракъуьйлуш хенан муьшах тесна деган ведар. Къаьхьа хиларх, айса эцна хи ас дIа ца дуьтту, Цуьнца денна лийчо лууш сонта хазахетар. Самадохуш къоьжа пенаш къизаллино аьгна, ГIуна дуй-те со шен кийра кхийда валар новкъа? Хи – адамийн бIаьрхиш хьедан со воццушехь хьаьгна, Ас лазамна пурба делча син Iаьршашкахь къовкъа, Бала-шовр а качбеш, гIу чу дуьра догIа Iена, Шех схьабаьлла цхьа а тIадам дIа ца ластош пана… Февраль беттан ирча денош карладохуш дена, Къежлуш ю сан йоьлхучуьра сецна йоцу нана… Лайнарг дийца дош ца карош, узам беш, сагатдо Кхойтта шарахь доIа хила, лелла болчу матто… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1603 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1604 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш, Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг. ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш, Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк? Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш - Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз. И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш, Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс? Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг - Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг. Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг, Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1605 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ЦIегIачу догIмашца меттах а хьуьйш, Мархаш Iа малхана тIехьа. Дешица кхелина ю-техьа уьш Я мекхаш йиъна ю-техьа? Суьйрено сирачу куьйгашца шен Эгна гIаш даржадо новкъа. Эхьхетча санна Iа малхбузе цIен, Къайле гуш шовданан шовкъан. Гоьмукъах терра бу ламанан бохь, Малх гIерта цу буьххье хаа. Юха а чов йинчу зIаьнарийн мохь ХIуттур бу сан синтем баа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1606 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина, Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу… ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина, Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву. Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна – Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь, Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь: Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду… …Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1607 |
|
Вес репутации: 27 |
Сингаттаме ойланаш
Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг: Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш. ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг, Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш. Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба, ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан. Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат, ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан. Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта: ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар. Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан, Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1608 |
|
Вес репутации: 27 |
***
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза, Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1609 |
|
Вес репутации: 27 |
ЦХЬАЛЛИН ГЛОССА
Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано. Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... Чохь - сонийн баганаш гIаттийна пенаш, Вовшашца цара ден аз дойна хабарш. Ткъа, арахь - набарха туьдуш шайн гIенаш, Буьйсанан синоша деш долу шабарш, Дош-кIорни тIома кIел лечкъадар матто, Сан беснийл арахьа Iаь яьлча механ... Хаьржина буьйсанан нийсса ах ле хан, Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Чохь - сиха собарна кхачало цIий сан, ХIоара ца довлуш ойланийн кенаш. Ткъа, арахь - дитташа охкийна генаш Ла ца луш бухарчу орамийн къийсам, Сан дагна гобина седарчийн каной, Кхоьруш шаьш тутмакхах бевлла бисарна... Кхузара дIа цхьаьнца тIом болон санна, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано... Чохь - бала боьжна сан миска синхаам, ТIедоьхуш аматаш, шех хьалха даьзнарш. Ткъа, арахь - кхозлагIчу боргIалийн аьзнаш, Сан цхьаллин са эца балхош шайн лаам, Оьшуш а цахилар и орца гIатто, ГIайгIанан ченаша сан бIаьргаш букъарх, Иэсан шед етташ дIадаьллачун букъах, Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто... Чуй, арий вийлар сан - сингаттам хьахар - ХIордал а доккхачу къастаран цамгар. Цуьнан цхьа дакъа ду - гича со цамагар, Бодано боршам беш сайн кораш хьахар. Делахь а, кIорггера теша со-м: кхано Дарбане наб кхеташ, ваьлча со паргIат, Дала сан къиношна дийр ду капарат, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... Iилман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1610 |
|
Вес репутации: 27 |
СОНЕТ
Сайн меттан зевнечу махкахь со веха Сай санна, оьздачу гIиллакхца цхьаьна. Ца хьерча сан дагах ачонан Iеха, Ца бо сан ойланна шеконан нIаьна. Кхузара бахархой - дешнаш ду зевне, Даггара къобалъеш сан къоман амал. Уьш соьца цкъан цкъа а ца хилла девне, Цундела со царна еш ву сайн Iамал. Дешнашна со а цхьа дош хета шайлахь, Суна а хета уьш адамех тера. Дуьсуьйтур дац цара сан илли байлахь Мацца а дIаваьлча да цунна тIера... Стогалла санна ду дошаман низам, Цо хьакъво со латто харцонца къийсам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|