![]() |
|
|
#151 |
|
Вес репутации: 3 |
Беран Iожалла
Цхьайтта бутт кхаьчначу беран са дIадели, ДIадаха, акхтарган пухI санна, тIома. Стигална лаьтто шен цхьа дакъа дIадели Лазаман йочанан къаьхьачу чомах. Къийделла хилла-те азаллехь шекъанаш Дала кху пекъаран рицкъа дIаяздеш? ДIабаха эхарта кхетамза текъамаш, Даанза дитинчу дуьнене арздеш... Чиркх санна, дIаяй-кха хьан сирла йозалла, БIаьрзечу бIагоро техкаден ага, Къиза ю хьан кохкарш хедийна Iожалла, Дац цуьнан амалехь ша динчух ягар... Сенбелла Iохкучу кегийчу когашна Дуьнен чохь цхьа мача ца хили-кх хьашт а. Хьозарчийн коьрттел бен доцучу куьйгашна Хан-зама ца тоьи-кх ненан дог хьаста.... Хьайн боьза мотт Iовший, марчо, хьо делхахьа, Дуьтуш хьайн бендоцуш лахьти чу диссар - ТIе бIаьрхин хьоькх лацарх хIуммаъ ца телха хьан, ДIахьарчош хьайн жима декъаза йийсар... Беран ден бIаьргаш чохь детталун ов гарна Къурдашлахь горйоьду сан дегайовхо. Дилха шелделлачу жимачу овгална ЙоьгIна ца хилла кхин дахаран йовхо... Суй-седа шех хилла, баьгначу кхолламан МIаьргонийн чимаш сан ойланехь хьегIа... Даш лозу цундела сан шерийн къоламан Кагйинчу даьIахкан тIум санна, цIегIа... ДоIанна пурба луш шен коьртехь бохь бегIа, Бер Iуьллу, тIаьххьара садеIар хаьлла. Дуьненчу ша долуш цо тоьхна мохь беха Ненан син баххьашца йилбаз а баьлла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#152 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Бесарчу хетарийн Iехаме туьйра, Суна букъ берзийна, хьо-м эрна лаьтта: Ластае суна хьайн марзонан куьйра, Луо суна цхьажимма са хьандан даьтта. Лаамийн боьранахь, дохк хилла, йижахь Сан шерийн чкъура кIел мел лаьцна шеко, ДIалакха сан ирсан хелхаран йиш ахь, Со хьакъвеш ойланийн геманаш еко. Езачун кIажарша вихкинарг хийла Беттасин кираша кIайбинчу ломах, Шовкъан гел идийнарг син гуо тIекъийла ТIаккха бен кхетар вац хьан вастийн чомах. Дахаран хьашташ а, кхолламан буьйр а Со далон ма-хьаьжжи вовшашца уьйре, Сийлахьчу хетарийн дош говза туьйра, Iехае сан ирсан буоберийн гуьйре! Мацца а ларор хьо къа латор лара-м Иллина вирд даккха Iемина со гар. Дала а богуьйтур бац хьуна хьарам Ша хIокху сан кийрахь латийна стогар. Цо иза, милт къайлаяллалц, чуузуш, ТIаьххьара къегича бIаьвнаш сан деган, Наха мах хадор бу, соьгахьа узуш, Юсупан Iилман цIе хиллачу стеган... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#153 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Лаьттахь цхьа а хийцам ца го-кх суна Хьан ойлано сайна тоьхна букъ бен. Уьйран баккхал хьанал йо ас хьуна, Дагалецам боцург сайн садукъден. Бехказлонийн базар хьайна йита, Хилларг хIун ду дерриг суна хии: ХьогIан къутIа - дIаьвше эладита Хьан тешаман кертахь даха хии. Хьан шеконийн чолхе IалагIожа Къар ца елча, хIоьттиний со-м холчу. Сан садеIарх йоьлла цхьаллин хьожа - ХIинццалц суна тебаш лелла йолчу... Син кхаш тIе а дуьллу цо шен дера Набарзаллин буьйса санна, екха... Амма васт хьан нIаьвцицигах тера Дашо тача дуьллуш, даг тIе текха... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#154 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Маршонан бIов латтош турпалчу къийсамна хехь, ГIазотан дин кхайкхо дутту ас доьналлин маьждиг. Нохчийчоь ларъяр а цундела ду суна тIехь, Бекхаман биргIане лоьцуьйтуш мостагIчун бIаьштиг. Дайн иэсан гоьрга тIехь даьккхина назманийн дос, Син кхерча тохкуш, ас бохбина сайн суьпа кхетам. ХIора сайн доIане эцийти ас дашо бос, Оьмаран йохаллехь хестабеш Делан къинхетам, Хьаьрка тIе, элпа тIе хьоькх лаца ларийна стих, Бакъдолчун хих йоккхуш, вийлла со даим а хене. Дош гал ца далийта, со цкъа а ца велла сих Байташца къамел деш Даймахке, нене, дуьнене… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#155 |
|
Вес репутации: 3 |
Нохчийчоьне
(сонет) Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош, Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал. Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош, Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза. Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош, Адамийн бендацар векалдеш со вайъа доьза, Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош, Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах. Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош, Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан, Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош, Ахь декъалвелахь со даггара, хIай Нохчийчоь сан... Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт, Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#156 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь Дарц а кеста дIатен герга ду. Лайно шуьйрра баржийначу меттахь Хехо санна, лаьтташ поп а бу. Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй. Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли, Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй. Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса, Шок а етташ, текха лаьтта тIехь. Амма бовха синхааман хьаса Даго дохлуш, латтабо шен гехь. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#157 |
|
Вес репутации: 6 |
испайлла-?
къоьза-? назманийн дос-? 1алаг1ожа-? н1аьвцициг-? ))Шортта хаттарш-м ду сан, Амазонка. Дуй? ) 1илманан байташна юккъера дешнаш. |
|
|
|
#158 | |
|
Вес репутации: 11 |
Цитата:
Эни, со а еана хьуна дуккха а 1илманан байташкара суо ца кхета дешнаш а дахьаш)) Со-м уьш Б1арлаг1и темехь яздан йоллу... P.S. Испайлла - грация)
__________________
"..Дoккхa дуьнe т1aрaл гaтдeлчa, хьo, сaхьийзaш, хьaйн г1aйг1aнцa висчa, дeгaн oзe aхь лaдoг1aлaхь, хьaйн сaтийсaм мaьршa битaлaхь..." |
|
|
|
|
#159 |
|
Вес репутации: 3 |
САН БАЙТАШ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн кIотара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#160 |
|
Вес репутации: 3 |
Испайлла - дег1ан куц, къоьза (от къез) - уьшалахь йолу буц, дос - даьккхина дечиг, 1алаг1ожа - цхьа х1ума даьржина хилар, н1аьвцициг -гусеница (личинка бабочки). Тут в своей книге Ильман делал сноски на некоторые старинные слова, которые он использовал в своих стихах.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|