![]() |
|
|
#1551 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна, Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна, Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла, Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла. Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха, Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха, Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса, Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1552 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Шеконо бохь буьйгIуш тешаман кертахь, Хетарехь, цуьрриг а дац лаа-тара Бендацар хилар а шовкъаца бертахь, Сатийсам хьерчар а гIайгIанна мара. Марзонца Iехадеш вайшиннан синош, Синхаам ца боьду кхин байракх олла Мэлана хьесталуш лелаче къинош, Дикаллех къехка ца къехкаче волла… Декъаза ирс лоьруш хьо суна йовзар, Син лам дIалаьцна Iа кхолламан аре, Ган лууш тезетан куьг лаьцна ловзар Вайн безам боьдучохь къастаре маре… 1илман Юсупов Лирика Юсупова удивительна,непохожа ни на чье другое творчество своей ясностью образов и естественностью. Стихи 1илмана Юсупова всегда настраивают меня на определенный лад, в них очень тонко чувствуется,угадывается то настроение, которое автор хотел вызвать. Оно всегда загадочное и романтическое. Талант этого поэта в своем роде неповторим. Для меня стихи 1илмана Юсупова дороги тем, что, читая их, можно слышать музыку, вдохновившую поэта на написание этих стихов. Именно поэтому произведения 1илмана Юсупова, как песня души автора, всегда будут понятны и доступны читателю, и несомненно любимы им.
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1553 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан. Iуьйренан къайле ю – сатасар. Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна - Ас хьоьга даггара сатасар. Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена, Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара. Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан Дуьненчу валаран, кхалхаран. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1554 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна, Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1555 |
|
Вес репутации: 27 |
КАРЗАХЕ БЕЗАМ
(сонетийн кочар) I. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Ма гIерта цунна тIе бендацар таса. Шортта хьагI хиллехь а дерзах тIесерса, Хьан куьцан цхьа а сиз ца даьлла баса. Ма-дарра кIайн ду-кха эзар шо хьалха Азаллин цIу хилла хьан юьхь-сибат а. Къоначу хьан некъан массо а пхьалгIа Сан дагтIехь тусуш ю хьан когийн тата. БIов хаьрцаш яьллачу гIовгIанах тера, Ас дина мукIарло хьийза хьан лере. Барташ луш куьйгашна хьо йинчу шеран, Ловзуш ю хьоьца сан кхиэлан тIекере. Доь доцуш, атало массо а къа сан, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. 2. Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза, Вас хилла хьаьвзар ю мехкарийн тоба. Ахь къайладаккхалахь, ца дойтуш лаза, Хьайн месийн цIевнаца ас дина товба. Еарин буьйсанна дIо беттан хаьштиг Айдина, вогIур ву со хьуна тIе а. Iеса ма даккхалахь вайн ирсан маьждиг, Къахка ма делахь вайн пIераска-де а. Ши адам дIакхачош шен Iалашоне, Баьлла-те вайшиннан синхаам суьпа? БIаьрг тухуш хилалахь хийрачу гуоне: Сема ду гIаролаш ачонан туьпан – Зиэн лиъна оцеран духар а, герз а, Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса… 3. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ойлане юьгуш хьо, гIаш оьгуш гича… СинхIоттам сайн хилахь жимма бе-берса, Ловр ю ас гуьйренан карзахе хич а… ГIаргIулийн аьзнаша зарзйина мархаш Хир ю-кха баттана чекх хьежа дика: Цунна а гайта вайн марзонан маргIалш, Цуьнан дог даийта вай ирсе дига… Хилийта яхъелла догIанийн гийзиг, Канашкахь хьекхабеш мажбелла сула, Сеалар – хьан хазахетарийн билзиг – Байракхах ийлур ю хьаннаш тIехула: Iаламна луур ду, горгделла хIазарх, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза… 4. Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза Ца вуьту безаман дагаро чомахь. Сан бIаьста даьккхина хьан дегIо заза, Хьан болар – чIара бу сан бIаьргийн Iомахь. Ахчанах санна, хьан даточу еларх Кисанаш дуьзна сан сатийсамаша. Суна хьо езарна баьллачу мэлах Хьекхалуш, дешна сан шеконийн шаш а. Дахаран ловзаргахь сайн бIаьрса дайча, Ас хьоьга узамца сакъоьрур дара. ДIабаккха, хьайн дуьхьа ас цхьалла лайча, Хьайн деган пIелгара кхоларийн тIара. Хьан гIайгIа иштта а, шабарш деш лохха, Iемина сан дагах мотт хьекха бовха… 5. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Цу тIера чов гина, къастаран жIаьлеш. Ахь а дан деза уьш цхьажимма човха, Царна тIе мохь хьекхна, сан озан Iаь леш. Йовха ю хIинца а, тIера Iаь гIуьттуш, Сингаттам оьзна, ас яьккхина шура. Iийр ю-те, соне а хиъна, и луьттуш Дуьненца къийсина сан ойла кура?.. Дуьйцур ду хьоьга сан син олхазарша Кхоларша юзар сан синтеман стигал. Iаржъелла сан дегайовхонийн варш а Шен дитташ хьеста хьо кхин ян ца тиггал… Тапъаьлла и Iахь а, бац хьуна лаан-м Ас хьоьга сатийса марзбина лаам… 6. Ас хьоьга сатийса марзбина лаам Азбелла, йиш йоцуш хьуна тIекхача. Бод санна, севсина сан дегабаам – Муьста хир бу цуьнах мел бина кхача. БаI санна, къахьлуш бу сан Iоттабаккхам, Ахь шена вас йина дешнаш а дууш. Гехь лело хала ю цатемийн баккхал, Ца хилча цуьнах хIун са йолу хууш. Шиъ вовшахкъастаран лендоцу маьIна Со а ву хетачех дуьненал шира: Соьца Iа байттамал, сеттаеш яьIна, Хьоьца хьан бIаьрхиш ду дахкарал сира. Делахь а, сан дагалецамийн товха Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха…. 7. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха Со карзахваьккхина хьан бетан буьхьиг. Хьоь лалахь, цо Iоьхуш, яьккхина гIовгIа, Хьан корехь яжор ю ас шовкъан буьйхьиг. Хьо йина де хилча сан рузма йолош, Сан шерийн хьаьж тIера сек хилча иза, Ма гIуо, сан ирзера хьайн месийн йол хьош, Докъар а ца хилча и доцург кхин сан. Вайн дегнийн бахам бу юкъарчу долахь, Хьуна ма догIийла и биекъа дага: Ишта а жимбина вайн ирсан бол ахь, Тийсина хьера мел веанчун бага. Хетарехь, багарбан дезар ду сан а-м ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам… 8. ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам Юха а буьллу ас Iуьйкъенан чета, Сатуьйсуш хиларе сайн синна хьаам, Бодано хIаваах иэдича вета. Сан набарх чекхдуьйлу хьан вастан ладар, Кхетаман тхьуздоьлла пардо а Iадош. Хьо гIенах гар а ду – хьуна тIе вадар, Собаран-Iаспаран баргол а хадош. Можачу балдашца хьан кораш дуий, Кхоладо батто шен юьхь-сибат куьйса – Хьо гушшехь, сан сахьтан сихдалар ду и, Цхьамзанийн куьйгашца дIатуьттуш буьйса. Ша цунна хетийта моз санна хьоьхан, Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. 9. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха. ЦIе санна, цIена ю меженаш цуьнан. ТIекхочуш сатийсам кийра дIабоь хан, ХIутту и якъон сан ойланаш тIуьна. Лела и, малх кхетта де хилахь декхна, Хьан дегIан IиндагIах шен духар дина. Ткъа, буса и беттан берд хуьлу текхна Седарчийн жагIанца хьан бIаьргийн Iина. Дийцахьа, хIун ду-те хьо къехкар цуьнах, Бахьанза даьккхина бехкаме орца? И кхиъна яц хьуна акхачу хьуьнах, КIомсаршна тIехьоькхуш мокхазан орцха. Цуьнгахь ницкъ хиларна шайн а бан чидам, Къона бу сан шерийн массо а битам. I0. Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьаж хабош яц хьуна ас хьоьх ен ойла. Нигат деш сингаттам улле ца бита, Хьан дегайовхонан Дала сий дойла. Ма гойла цкъан цкъа а хьан бIаьргийн чуьхьа Къеначу цхьалло шен можала Iенош. Дуьнено салт дуьллуш хьан ирсан дуьхьа, Маликийн дарж долуш хуьлда хьан денош. Эхь-бехко къийвале, чехкка со вига Безаман къинойх ца доккхуче гIуда. Реза ву со хIинцца дIаван а цига – Дан деза некъаш ахь сан кога туда. Дага а ца йолуш я соьх, я хьоьх а, Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха. II. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Сан коьртехь и атта йоха ца туьгу. БIаьрхиша юьзча хьан бIаьргийн ши пхьегIа, Хьан гIайгIа сайн синна ас маре юьгу. Стиглара доьссина хьо еза пурба, Лаьттаца ловзу и, хилла къоркхокха. Со лара ца войтуш ша лаца гур бан, Цу сохьта сан кийрахь шен бен цо бо-кха. Кхоьру со, хьуна сайн дог-ойла йотуш, Ларамза йисарна хьо сайн син къилахь, Стигалахь йоьлхуш ерг марха а йоцуш, Сан бIаьрза къанбелла сатийсам хилахь. Хала а хир ма ду и гIалат тида-м, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. I2. Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам, Со Iашшехь, хьо ядон кIелхуьйшу зама. Хьан акха испайлла идахь а ида-м, Цуьнан а-м дезар ду цкъа караIама. И хIунда ю-техьа, сай санна, сема, Дог тохаделча а, дIаэккха кийча? Ма хала хир ду-кха, дарж санна тIеман, И шовкъан Iома чохь резаяр лийча. И суна муьтIахь еш (хьайн долахь йолу) Хьо кхочур яц-техьа яьлла а-м хета… Ас цхьана къурдаца и ойла молу, Хьуна а некъ буьтуш сайн сих къахета. Хьо сайна евзинчу дийнахь ас аьлла: Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла… I3. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла, Чохь сирла са лела, дилхане тIадам. Бахьана хьо долуш, сан собар хаьлла, Ас динчу доIанна жоп хилла адам. Ас дагахь дуьйцург а хьуо хилча хезаш, Ойлае, оьший-те къехка, пебетта? Седарчийн даар ду – хьан сирла месаш: Уьш суна карайо хьаьвди чохь беттан. КIур тийса баьлча сан гIайгIанан къуьда, Нур дахьаш дахкийта хьай бIаьрийн секхаш. ЗIаьнарийн кхача бу – хьан беснеш хуьта, Уьш лохуш, херцадо ас маьлхан текхаш… Хьоьх лаьцна дош ала цкъа карахдаьлла, Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. I4. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла, Лууш хьан тешаме мухIажар хила. Шен бага йоьхкича хьестарийн гаьллаш, Терсарца гIадъоьху сан ирсан гила. Мустъелла хиллехь а, сан хенан гуьйриг ГIа хеццалц, ловза-м йи хьан деган кхаша. ТIелуьсту сан массо сиркхонийн уьйриг Де-буьйса цIе йолчу хьан урчакхаша. Дуьйлина латтадо хьайн бIаьргийн иэс ахь ГIайгIано лоьхучохь шен жоьра ижу, Хьекъадеш суна хьайн сибатан хесахь Довхачу балдийн ал-цIегIа ши гижу. Цундела бекаш бу сан иллин мерз а. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса. I5. Ма хета ас дуьйцург цхьа кега-мерса, Хьо цхьаъ ю аьлча ас дуьненал хаза. Тийналлехь ирдо ас вайн уьйран лерса, Ахь ечу бIаьцанийн къамелаш хаза. Iемина сан дагах мотт хьекха бовха Ас хьоьга сатийса марзбина лаам. Хуьлу сан кхетамна йоI-бIаьргал ховха ГIенаша хьох лаьцна мел бина хаам. Сан шовкъан Iалашо ца лела боьха, Къона бу сан шерийн массо а битам. Хьо хесто гулло сан ойланийн пхьоьха, Хьан вастан лар лаха векалбеш тидам. Хьо – Делан бIаьрхи ду – и воьлуш даьлла. Сайн кхиэлан зерат со хьоьх дина ваьлла. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1556 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржлш шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций боху, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1557 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь, Хьайн гIенийн хьаша со хилча. Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь, Мел хьуна хетахь а ирча… Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах Шераша даьккхинчу кесе, Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах, Яккха и сан некъан иэсе. ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а, БIаьрсица адамаш лоьIуш. Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а, Хезаш ахь ховха садоьIуш. Стигалан сийна кир берриг а лилхина, Мархаша тIе сизаш хьоькхуш… ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина, Безаман чIир суна йоькхуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1558 |
|
Вес репутации: 27 |
***
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза, Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1559 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан илли
Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли. Сан Даймохк ткъа — шаьлта, хьан пхьалгIахь йина. Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий, Хилийта сан хьуьнарш — буобераш къинан. Хьан кераюккъехь со вахана кога, Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна… Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога, Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна…. Маца а йожахь хьайн пIелгаш юккъера Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа, Хьайн х1аваъ хадорна болуш къинтIера, Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа…. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1560 |
|
Вес репутации: 27 |
Седа уьду…
Седа уьду… Беттан хIоа луьйсуш, РагI а лаьцна, мархаш хийцало. Тховса уьш сан деган бIаьра хьуьйсуш, Ойла-боргIал ирах кхийсало… Седа уьду, стиглахь тача огуш, (Бода цуьнга жимма эшало) Дешнийн чIийш сан меттан буьххьехь догуш, Довха хьацар дагах лешало… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|