![]() |
|
|
#1541 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий, Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий. Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин, Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади. ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса, ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса. КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега, Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега. Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца, Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца. КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха, Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха. Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш, Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш. Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш, Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш. Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна, Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна. Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа. Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа. Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха, Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1542 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа, сан денойн догIа, Сиркхонийн къорано сан дегIах хьан вота йина. Лазаман хих бузуш хIора сан хебаран могIа, Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта ахь нигат дина. Со-м реза ву хьуна, дацахь а дог дакъо атта Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш, дашийна долу, Ахь дага тийсарна сан юьрта йистера латта Хьо саца ма-сецци, со шена чувуьжу волу... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1543 |
|
Вес репутации: 27 |
Безаман лами
Оьздачу хьан дешнех буцу ас безаман лами: Хьан деган Iаьршашка лууш ву со хьалавала. ХIуъа дийций а, со волччохь цхьаъ дийций яла – Хьан къамел кего кечбелла бу сан деган чами… Сан ламин тIегIанаш – мукъамах аьгна хьайн дешнаш – КIадо а ца еш, чуэгаде хьайн балдаш тIера. Хьан дешнийн оьланаш – со гуттаренна шайх тешнарш – Дахаран хазна ю сан ирсан кераюккъера… Сан болх бахийттина мерзачу чаккхенан герга, Там бара цIеххьана хьан дашо къамелаш кхачон? Хьанал ю ламина ас тIегIанашца ен кхачо, Беркате хуьлда ас хаддаза церан бен тергам… Ши тIегIа тIеоьшу со Iалашоне дIакхача. Йист хуьлуш ма яц хьо? Ас хIинца хьаьнга ладегIа? Тийналло мацдина, ирделла сан лерса хьегIа – Хьарам би цунна ахь хьайн балдийн и зевне кхача?.. Хийистехь садайна… Хьан кIудал тIехъеха ели… Ахь, даржехь совдоккхуш лааман кIоршаме собар, Эвхье схьахьажарца эли сан ойланна оба, «Хьо веза» - ши дош а - сайн лами со бина вели… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1544 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо, Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1545 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1546 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш, Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг. ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш, Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк? Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш - Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз. И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш, Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс? Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг - Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг. Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг, Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1547 |
|
Вес репутации: 27 |
Къаналлех лаьцна ойланаш
Хершнийн бой тосур ю шераша хьан юьхь тIе маса. Къизачу къаналлин гуро хьан лоцур ду дог. Тешаме гIоьнча а хилла хьан лелар ю Iаса. И цхьаьна ца хилча, хIуттур вац хьо баккха ког. Маьждигехь хутIба деш ца хаззал гIеллур ду лерса, Мера тIе дазлур ду чекх сагун куьзганийн дукъ. Сиркхонийн йозалло дулур ду хьан дегIан терза, IаддаргIах тарлур бу хено хьан саттийна букъ. Кегийнаш гIертар бу ма-хуьллу хьуна пебетта, Царна а къордор ду ахь шайна хьехамаш бар. Цхьа синтем хир бу хьан дахарехь хьайна ма-хетта: Хьуо санна баккхийчу нахаца къамелаш дар. КIант хир ву кхоьлина, нус хир ю оьгIазе, дера, Де-дийне ца лууш хIусамехь дека хьан аз. Лазам сов бийларна, вирзина хьекъале беран, Iасане юьйцур ю ахь хьайна мел хилла вас. ТIаьххьара мIаьрго а хир яц хьан дегIана аьхна, Цо аьлча хIоттор ду хьан сино ловзийна гIулг. Юьртахойн тобано барам тIехь кешнашка ваьхьна, Хьо лаьттах вуллур ву, гIевланга хIоттийна тIулг. Амма ахь кхиийнехь хьайн кертахь бакъволу къонах, Хир воцург осала, тIедеттарх халонийн дарц, Адамийн иэсехь хьан цIе хир яц къух даьлла гонах, Хьан кхерч а шеллур бац, цIенош а тIекхетар дац. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1548 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ДоIа деш хьо вацахь, хир яц хьан мIаьргонаш тIома, Умматан могIарша юккъера кхуссур ву хьо. Маликаш хир ду хьан гIуллакхийн терахьца гома. ШайтIанан баккхале доьрзур ду хьан хIора шо. Де-дийне Iожалла тIегIерта, цхьацца ког боккхуш, Цо шеца дIахьош верг цIеххьана катухий хьо. Хьо вацахь дуьненчохь доIанехь Делан цIе йоккхуш, Махьшаран майданахь хIун ала волу-те хьо? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1549 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам, Кехатах тешабеш сан дешнийн болам, Байташка дерзадеш ойланийн сур? Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена, Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена, БуьйгIуш сан безамна шеконан гур? Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол, Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол, Тахана ахка шех хилла Iаш дерг? И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш, Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш, Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1550 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ДогIа чIогIа марсадаьлла тховса, И-м дIахIоьтти сира пен а хилла... Цхьа а дош сан дац-кха хьоьца къовса, Бехк а бац сан цхьа а хьуна билла. Стигал г1ерта, йовхарш етташ, къовкъа, Ткъес а дац-кха дуссуш мархийн гира… Хьо соьх къаьсташ, дIаяханчу новкъа ЖагIа бижна, кIохцалг санна, ира. Муха Iийр ву, гIайгIа юьтуш сайнна, Халбата а хиъна цхьаллин керта? Барзах кхераделла кIезий санна, Хьан аматаш дагна улле гIерта... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|