Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 15.09.2008, 22:21   #1531
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Делан лайн ойланаш

Суьлхьанаш-кепекаш оьхкина писаллин тай тIе,
Рицкъано Iехийнарш шайтIанна мэл кхайкхош бу.
Со-м тасбихь доккхуш ву ваккхале суо Сирта тIай тIе.
Со Делан кхетамехь Махьшаран майданхо ву.

КъорIано кула йо озачу ийманан дайшна.
Уьш дуьне тIекхетарх тешна бу, шаьш кхетта лахь.
Маликийн шапаIат кхочур дац Иблисан лайшна
БIешерийн ченашлахь, седарчийн буьртигашлахь.

Есаллин кIоргенехь цхьа шовкъе хьийзаш ду Латта,
Малхо а, Батто а ца дойтуш бодане гIел.
Дала ша пурба луш декъашна эхартахь гIатта,
Эххар а хьарчор ю Iожалла дахарна кIел…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:22   #1532
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *

Хьан бIаьргаш чохь пелаг хьедан хIутту гIайгIа-чIара,
Ирсан бIаьрхиш лакъор лоьруш коьрта Iалашо.
И-м схьабаьккхи сан бIаьро, шех хуьлуш дашо мIара,
Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха Iаь лашон…

ХIинца-м хьан бIаьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша
Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина.
Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн цIазамаша,
Сан даго шен Iаьнарх хьуна бацон мох бина.

Сан гIевланга цуьнца хIотта ахь цкъа нигат делахь,
Сан набаран дилха огуш, гIенийн сур лаIа…
Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь,
Цунна чохь а яц-кха тIаккха хьо бен хIуьрлаIа!..

Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш,
ЦIийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!..
Уьш ма ду ас гIоьнна хьехна, деган пондар булуш,
Тайна мукъам балабайта сайна тIаьхьара…

Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча хIара
ЦIена илли ала, хьан сий кховдош хастаме,
Хьан куьцана хьогIо морса марчо дустур дара,
Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме…


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:26   #1533
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ЦIу хуьлуш, син эрдаьбаьрче хьо яьлча,
Iеса ирс сан даго долийча худа,
Ца теша хьо лаьттахь кхиъна ю аьлча,
Стиглара сан даг тIе йоьссина зуда…

Хьан куьцан Iаткъам со ца волу ланза-м,
Туьллуш хьан амат сайн ойланийн кхерча…
Хьан карзахйийларан дIовш-мерза лазам
Лаьхьанах сан байтийн могIанех хьерча.

Хала ду суна хьо Iаьршашца къовса,
Лаьттахойн цIе хьуна гIушлакхехь туьллуш.
Ма Iаьржа дуьйхи сан иллино тховса,
Ахь хитIа ян делла дош коша дуьллуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:26   #1534
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь
Дарц а кеста дIатен герга ду.
Лайно шуьйрра баржийначу меттахь
Хехо санна, лаьтташ поп а бу.

Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли
БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй.
Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли,
Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй.

Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса,
Шок а етташ, текха лаьтта тIехь.
Амма бовха синхааман хьаса
Даго дохлуш, латтабо шен гехь.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:28   #1535
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан.
Iуьйренан къайле ю – сатасар.
Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна -
Ас хьоьга даггара сатасар.

Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена,
Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара.
Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан
Дуьненчу валаран, кхалхаран.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:29   #1536
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
ЖIаьлех къаьхкий, буьйса Iаьнан
Эвла йистехь гош тIе лахло.
Беттан серло лайла Iаьнна,
Цуьнца куьйгаш дохдо махо.
Сихвелла ша йолчу кхача
КIант цIа вогIуш нанна гIан го -
ХIинццалц и цIа лелла тача
Ненан даго лайх дIацIандо...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 23:03   #1537
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Тийжа хIутту можа назма беттан
Седа бахча лаьттан махка маре.
Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда,
Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре.

Карзахечу сайн дустарийн тидарш
Мел лаарх а суна хьох ца акха,
Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш
Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха.

Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг,
Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш...
Седарчашца беттан юкъаметтиг
Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш,

Са ма тийса мархийн белхар тере -
Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а:
Шина декъе декъна уьйран шерет,
Ахь безаман весет доха ди-кха...

Ойла хьоьжу сингаттаман кеда,
Лууш цунна чуьра лазам Iийша...
Лаьттан махка маре бахча седа,
Беттан можа назма хIутту тийжа...

1илман Юсупов


Одно из моих любимых стихотворений. Образность, яркость метафор и сравнений характерна для творчества 1илмана Юсупова.
Любовь ― это одно из необходимых условий человеческого счастья, и понимание человеком сущности счастья обычно с возрастом изменяется, так же как и понимание любви.Любовь и природа в лирике Юсупова взаимосвязаны и неразделимы. Среди стихотворений 1илмана видное место принадлежит тем, в которых поэт с изумительной поэтической силой и любовью рисует картины родной природы,что придает им особую поэтичность и таинственность.
Баркалла за такие прекрасные стихи,1илман!
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.09.2008, 06:52   #1538
Amazonka2
 
Аватар для Amazonka2
 
Вес репутации: 3
* * *
Шеконо бохь буьйгIуш тешаман кертахь,
Хетарехь, цуьрриг а дац лаа-тара
Бендацар хилар а шовкъаца бертахь,
Сатийсам хьерчар а гIайгIанна мара.

Марзонца Iехадеш вайшиннан синош,
Синхаам ца боьду кхин байракх олла
Мэлана хьесталуш лелаче къинош,
Дикаллех къехка ца къехкаче волла…

Декъаза ирс лоьруш хьо суна йовзар,
Син лам дIалаьцна Iа кхолламан аре,
Ган лууш тезетан куьг лаьцна ловзар
Вайн безам боьдучохь къастаре маре…


1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
  Ответить с цитированием
Старый 16.09.2008, 12:42   #1539
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Дахаре

Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш,
Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те?
Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш,
Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге…

Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара,
СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн…
Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара
Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани…

Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта,
ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан:
Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда
ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян…

Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон,
Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш,
Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо
Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?..

Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош,
Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша,
Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош —
Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша…

Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар,
Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар:
Ойланаш ярсин пардонна сийлахь даьIнаш дахар,
Илли аларйоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 16.09.2008, 12:43   #1540
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш,
Дуьненчохъ ас лехнарг итт эзар шарахь.
Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш,
Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь.

Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро,
Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла.
Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро
Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла.

ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь,
Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со…
Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь,
Галъяла герга ду безаман нийсо.

Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица
Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта…
Стигланан бIаьргара долучу хица
Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.