Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 14.09.2008, 22:39   #1521
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Цхьа кхаъ бу ас хьоьга боккху берг къаьсттина.
Кадаьндерг дIалахка шеконаш хьан.
ХIинца а ца девлла вай вовшех къаьстина,
Синхаам баьллехь а вайн дегнаш хьаьстина,
Ченашла божабеш марзонийн кан.

Некъ жIара баьккхина ойланийн дагаро,
Хетийта гIерташ и боцуш ца терг.
Со йийсар лацале ахь синош дахаро,
Гара я нийса некъ бора сан дахаро,
Ткъа хIара хIун некъ бу когаш кIел берг?

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 22:43   #1522
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
(Тимиргаев Хьасайне)

Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна,
Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа…
Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна
И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха….

Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа.
Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ.
Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а,
Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ.

Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м,
Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах…
БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам,
Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах.


Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда
Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли.
Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан
Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли.

Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш
Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах,
Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ
Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 00:22   #1523
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста,
Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а.
Лаьа гонах техка бецаш хьеста,
Лаьа хIора дитте хьал-де хатта.

Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий,
Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште.
Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий,
Бацалахь сан ойла лахло гоштIе.

КIорда ца до хьежа стигла хьала,
Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а,
Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а,
Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 00:23   #1524
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Шераша тасахь а сайн дагчу Iеха,
Йиллахь а цара сайн коьрта тIе кIац а,
Со гIертар вац хаа со лийр ву маца,
Хаарна дуьненчохь со хIунда веха.

Лелар вац, Iожалле хьал-де а хоьттуш,
Кхоьруш цо вахьарна, сих цIе а яьлла.
Амма со эзарза валанза ваьлла,
Хьо сайна юххера дIаяьлла моьттуш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 00:28   #1525
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна,
Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна,
Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла,
Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла.

Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха,
Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха,
Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса,
Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 13:38   #1526
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
ГIаргIулийн жатташна гIенах го стиглара мархаш,
Бацана - цаьпцалгаш, говрашна – луьйтанаш, архаш.

Дитташна гIенах го шаьш зазадаьккхина муьраш,
Дорцана - тийналла, боданна – беттасин нуьраш.

Къеначу жIаьлина ша даим кIезанах цIийзар,
Мехкаршна шайх ирсе наной а хилла шаьш хьийзар.

КIорггера ийманехь волчунна - КIорIа я Сунна,
ТIаьххьара садаккхар - абаде дIакхелхинчунна.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 13:39   #1527
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина,
Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу…
ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина,
Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву.

Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна –
Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь,
Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна
Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь:

Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах
Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду…
Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах
Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 13:41   #1528
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Уьйриге хьаьрчина хиллачун-леллачун,
Дахар а дIагIур ду, хан теш а йолуш.
Дала соь хоттур ду: «Ас хьайна деллачун
Пусар деш варий хьо дуьненчохь волуш?».

Къа дуй-те ас кIеззиг ладегIар шовдане?
Са алссам ца тийсар сайн езар гаре?
...Жоп дала ца ваьхьаш, гIур ву со суждане,
Сатуьйсуш къиношна капарат даре...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 13:41   #1529
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Боккхачу тIулга тIе хиъна Iа буйннал цхьа хьоза,
ГIерташ шен эшаршца цецбаккха ламанан арц.
Цундела полланан йозалла белшаца оза
Ас лаьцна Iалашо, хетарехь, ца хир-кха харц.

Ишттачохь деба-кха шовкъаша даьккхина орца,
Керлачу иллешца лакхбеш сан поэзин бохь,
Хьозалго екаеш тийналла зоьрталчу орцан,
Ас узуш белшаца мискъалан зарратал мохь…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 15.09.2008, 22:18   #1530
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха
Сан сийна, муттане денош.
Сан дагна гергара хиллачу хийистехь
Г1аьттина боьмаша шач…
Х1ун бала бара хьо дагаян,
Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош?
Кхолламо биллинчу новкъара юха а
Со х1унда вели-те лач?

Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла,
Кхетаман буйнара ваьлла,
Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало
Цкъа мацах даьккхина кес?
Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна,
Ерриг а сирйина яьлла
Гилано-къоналло дозалла щех дина
1аьржа варкъ диллина кхес….


Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн
Легашкахь хьан сибат лаьтта,
Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш,
Синтемза 1ийжа сан дог…
Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо
Сендина б1аьстенан латта,
Хийисте вай ший а д1адоьхуш,
Бацалахь тачано йиттина ног…


…Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь
Хьан озан пиллигаш хьедеш,
Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира
Самалхадаьллачу сих.
Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш,
Т1етт1а сан дог доккхадедеш,
Лалийна к1айн деши иэделла хетара
Апари хьоьстучу хих…

И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта
Тахана со хьаьгна вацахь,
Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу
Бехкаман буржалийн къа.
Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь,
Со-м цкъа а вицвина вац ахь.
Цундела оху ас, б1аьсте а ялале,
Сайн дегайовхонан кха…


Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь,
Кароре ч1ог1а сатесна,
Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено
1аь тухуш, ц1андина х1у.
Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта,
Даггара цу т1е и тесна,
Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба
Хьежа а-м со кийча ву…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.