Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 13.09.2008, 21:29   #1511
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

«Еза» аьлла, ас хьан даге дашо даре дира,
Марзо эца меттахйоккхуш массо меже меттан...
Иштта хьайх сан хьегар хилча шаьлтанал а ира,
БIостанал а аьрта хьажар ахь сан сих ма детта.

И хьан бIаьргаш - ткъесал нуьре, дахкарал а сира
Ши малх бу-те сатийсаман гIушлакхенехь кхетта?
Хилча хIун ду ас хьо йийцар дуьненал а шира:
СадеIарал бIозза керла цIе сан кийра летта...

Мох а сецош, ца хьекхийта цуьнга Лаьтта нуй,
Массанхьа а йоза лийхи ас хьан когийн ларийн.
Амма син левсица кховсуш синхааман суй,
ЦIарна лулахь йоллушехь, хьо суна шийла карий.
ХIинцца хии суна безам йолу цамгар юй -
Иза ишта дацахьара хьо сох къехкар ярий?..


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.09.2008, 21:29   #1512
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
СОНЕТ

Аматийн зазашлахь, баI санна, къеста
Шераша сан юьхь тIе даржийна йоза.
ХIетте а, хьан белшийн зезагаш хьеста
Лууш бу сан куьйгийн ши накхармоза.


Азаллехь кхаж баьлла сан даг тIехь леста
Безаман пачхьалкхан байракх ю хьо сан...
Хьан марзо кхачийна со висахь кеста
Реза ву со Лаьттан букъ тIера восса...


ЦIеххьанчу Iожалло куьг кховдош деха,
Син серло дIаэцча сан бIаьргаш чуьра,
Сох дуьсур долчу кху дуьненан меха
Хир бацахь, езар, хьан сингаттам дуьра,
Битахьа хьайн куьце къин сагIа деха
Цхьа лаам сан шовкъан тIаьххьарчу муьран...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 13.09.2008, 21:32   #1513
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш,
ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша.
Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш,
Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са.


Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а
Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш.
Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура,
Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш.


Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь,
Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт.
Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь,
Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт.

ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта,
Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий.
Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта,
Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий.


Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а,
ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар.
Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла,
Гуш санна даточу лайтIера массо а лар…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 00:24   #1514
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц.
Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда.
Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц
Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан.

Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш,
Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш.

Дитташа тIедетташ зазанийн дарц,
Сахиллалц екар ю сан деган бухIа.
Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац
ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха.
Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш,
Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш.

Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа
ГIерта сан безамца даста шен марха...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 00:25   #1515
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан бехко-гIалато схьаетта хьожа а ца лайна, замано вабанца
Датадо сан дагалецамийн диттийн ша Iаьнарца кIаддина гонаш,
Цу диттийн орамийн пехаша доьIу са хIаваах дIаэн ца дуьтуш.
Сан хазахетарийн бIаьргаш а Iийжабеш «байттамал» олучу сабанца,
Чопанах-марчонах хьерчаеш мискъалан зарратал сан ледарлонаш,
Сан ирсан керлагIа маргIалш цо лийчадо, лазаман хи тIе а дуьттуш…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 00:28   #1516
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Газель

Хьо - кIур бу сан дагах цIе яьлча баьлла.
Сан бIаьргаш ца Iийжо хьо генаяьлла?

Стигалахь хьан васто йитинчу лорах
Мох хилла вогIу со хьан Теза-Кхаьлла.

Цхьа тамехь зов хазахь хьайн лерехь декаш,
Лара со иллица хьайн дола ваьлла.


Сан кхиэлан тхов тIера чоргIе а йохош,
Безаман ладар сан дагах чекхдаьлла.

Со гича хьайн коран юьхьлаьцна лаьтташ
Хаалахь со лелий, собар а хаьлла.

Деган цIе шен кIуьрах дIаэнза йисахь,
1илмана ша дуьне дуьтур ду аьлла...


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 13:09   #1517
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 13:11   #1518
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш,
Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг.
ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш,
Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк?

Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш -
Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз.
И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш,
Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс?

Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг -
Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг.
Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг,
Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 13:13   #1519
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
***
Хьан б1аьргаш чохь пелаг хьедан х1утту г1айг1а-ч1ара,
Ирсан б1аьрхиш лакъор лоьруш коьрта 1алашо.

И-м схьабаьккхи сан б1аьро, шех хуьлуш дашо м1ара,
Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха 1аь лашон…

Х1инца-м хьан б1аьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша
Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина.
Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн ц1азамаша,
Сан даго шен 1аьнарх хьуна бацон мох бина.

Сан г1евланга цуьнца х1отта ахь цкъа нигат делахь,
Сан набаран дилха огуш, г1енийн сур ла1а…
Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь,
Цунна чохь а яц-кха т1аккха хьо бен х1уьрла1а!..

Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш,
Ц1ийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!..
Уьш ма ду ас г1оьнна хьехна, деган пондар булуш,
Тайна мукъам балабайта сайна т1аьхьара…

Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча х1ара
Ц1ена илли ала, хьан сий кховдош хастаме,
Хьан куьцана хьог1о морса марчо дустур дара,
Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 14.09.2008, 21:55   #1520
морчель
 
Вес репутации: 0
Сингаттаме ойланаш

Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг:
Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш.
ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг,
Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш.

Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба,
ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан.
Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат,
ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан.

Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта:
ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар.
Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан,
Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар.


1илман Юсупов


х1ар ойланш сайчарех тера ю...
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.