![]() |
|
|
#1491 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема, Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман, Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч. Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна, Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч, ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш, Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш, Поэзин дитта тIехь кходуш шен га, Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко, Майрра бIобулуш шен иллин аз деко, Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка, Вар-валар гайтаран терахьийн йоза, Кадолуш шен байтийн терзанахь оза, Шен дагалецамаш абаде хьош, Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а, Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1492 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Юха а гIаьтти-кха сан гIайгIа хьан куьйгаш тIера, Доьлхучу бIаьргашна ахь дуьхьал дехкича уьш. Сан дагна тIехула хьийза и хьаргIанах тера, Сан иэсан хIаваъ шен тIуьначу тIемашца хьуьйш. БIаьрхиша хьан юхьтIе аьгначу муьлххачу харшо, Шена чохь дебайо сан дагахьбалламийн чалх… Со муха кхетар ву хIун боху хьан бIаьргийн Iаршо, Цо къобал ца бича сан дегайовхонан малх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1493 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош, Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга, Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош, Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга… Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга, Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас. Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга, ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас… Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара, ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ? ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара, И муха ер яра сан деган цацанах чекх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1494 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
ГIаргIулийн жатташна гIенах го стиглара мархаш, Бацана - цаьпцалгаш, говрашна – луьйтанаш, архаш. Дитташна гIенах го шаьш зазадаьккхина муьраш, Дорцана - тийналла, боданна – беттасин нуьраш. Къеначу жIаьлина ша даим кIезанах цIийзар, Мехкаршна шайх ирсе наной а хилла шаьш хьийзар. КIорггера ийманехь волчунна - КIорIа я Сунна, ТIаьххьара садаккхар - абаде дIакхелхинчунна. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1495 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Седарчий дегадо милла, ДогIанах Iена уьш лаьтта. Сан ойла дIаяхна тилла, Сан массо сатийсам аьтта. Баттана махо це етта, Дакъошка йирзина буьйса. Бехк боцчу гIайгIанна кхетта Къастарна ластийна буй сан. Сацкъаран тача ду тайша. Тийналла йолало зов дан. Кхин цкъа а гур дац-кха вайша Безамна доьлхучохь шовда… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1496 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Цхьалха гIа ду сан уьйтIарчу Iожан гонах летта, Лаьтта дожош, и хIаллакдан Iалашо ю механ. ГIалакхийл а даккхий куьйгаш цуьнан коьртах детташ, Бу и гергаялон гIерташ цу пекъаран ле хан. ДIасаетташ къерсиг евлла шен меженаш можа, Орца доьхуш санна хета бIарзделлачу гIано. Орамаш а лазадохуш шен да болчу Iожан, Узарш до-кха цуьнан синан кIайчу бIарлагIано. Готта хьийзаш долчу гIано ша-шен ларден сий ган Аьтто баьлла, декъалхилла и тIехь кхиъна цхьа га. Нийсо йоцу хIара къийсам кIордо яьлча стигал, Шега ехна ясакх кхуссур ю цо лаьттан бага. ГIора дойна тIамарш лестош тулгIенаш тIехь хIуонан, Нека санна хир ду гIанан тIаьххьарлера хьуьнар. Цо, мутт Iадош шен цIа санна хилла долчу гонан, Хезаш боцу мохь тухур бу охIланашка хьуьнан. И сурт гиначунна хуур ду сан ойланашна Эзар муо ца хьовзош доьрзур доцу даьIнаш хьан ди... ХIокху Iожо латон долчу гIашна-тIаьхьенашна Генийн иэсо дуьйцур ду-кха цхьа гIайгIане хьадис. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1497 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Дитташа бос хийцар ах бен ца гуш, Август а язбели таьптар тIе шеран. Шиъ хенан хIоттам бу къуьйсуш цхьа гIуш - ХIоттийнарг гIевланга маьлхан цIен кхера… Сентябро юьллуш ю гуьйренна хан, Оьгу гIаш кара луш, беснаш а хуьйцуш. Хийистехь диттана го дашо гIан: Шена кIел со лаьтташ хьоь безам буьйцуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1498 |
|
Вес репутации: 27 |
Сатоссуш
Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1499 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Юьхь тIехь хазахетар-бIаьсте яьлла БIаьргийн-диттийн ма самалхадаьлла! Царалахь цхьа суйнаш лепа хаза - Безамо бен хьоьстуш доцу заза. Даг чу халахетар-гуьйре йоьлла, БIаьргийн дитташ цхьаллин махах доьлла. Церан меда бIаьрхиш, лаьтта оьгун, Стоьмаш бу шайх гIайгIа бен ца хьоьгу. ХIора синхаам сан хьаьвза готта-м, Лохуш шена тайнна хенан хIоттам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1500 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|