Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 11.09.2008, 19:30   #1481
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
Сингаттаме ойланаш

Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг:
Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш.
ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг,
Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш.

Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба,
ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан.
Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат,
ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан.

Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта:
ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар.
Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан,
Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 11.09.2008, 19:31   #1482
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Уьйриге хьаьрчина хиллачун-леллачун,
Дахар а дIагIур ду, хан теш а йолуш.
Дала соь хоттур ду: «Ас хьайна деллачун
Пусар деш варий хьо дуьненчохь волуш?».

Къа дуй-те ас кIеззиг ладегIар шовдане?
Са алссам ца тийсар сайн езар гаре?
...Жоп дала ца ваьхьаш, гIур ву со суждане,
Сатуьйсуш къиношна капарат даре...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 11.09.2008, 19:32   #1483
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла,
Хьоьга сайна ца беттийта пе:
БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла,
Оьгур ву со хьан месашна тIе.

Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах,
Аьхка аса-м тухур ду хьан кор.
Гурахь ван а хьожур ву со гIенах,
Бахьаш хьуна сатийсамийн мор.

Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча,
Дагчохь санна, арахь угIуш дарц,
Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан,
Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:13   #1484
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш,
Къастаран мукъамаш царна чохь го,
Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш,
Пайденза дIадахна сайн хIора шо.

Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа,
Къеж а деш уьйранза гатлун синош.
ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа,
ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош.

И гаро цхьажимма сан дагна ялйо:
Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа…
Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло,
Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа.

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:13   #1485
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Со-м вара тIемаш бен дац моьттуш механ,
Ткъа цуьнан-м хиллера цхьа ховха дог а -
И а ду, хетарехь, дуьненан мехха,
Шена чу тар а луш стигланан бога.

Бух боцу бIаьргаш а хиллера механ,
Балдаш а - хьуьнхарчу цIазамех терра,
КIажарш а - ламанан чухчарийл еха,
Хьагаме беснеш а, цхьа тамехь лер а.

Сан езар, сихха хьайн хи эций яла,
Хьо яллахь илланча галваьлла ала

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:16   #1486
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Ас беттан бIаьштиг тIе огу хьан амат,
Лаьтта тIе дегадеш седарчийн тхи.
Ца боху ас хилла кхиэлан кхаж ямарт,
Хилла ца бахахь а тешаме и.

Хьан сийнна ас олу гIаргIулийн илли,
Латкъаме декадеш гуьйренан де:
Вас кхобуш ма Iелахь, суна бехк биллий,
Цо гIайгIа тийсахь а хьайн дагна тIе…

Ас маьлхан зIаьнаршца яздо хьоь кехат,
Уьш хьоькхуш сийначу стигална тIе…
Ахь суна дитина безаман эхарт
Хьан ирсан дуьненна ган лаьий-те?


1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:17   #1487
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Шераша тасахь а сайн дагчу Iеха,
Йиллахь а цара сайн коьрта тIе кIац а,
Со гIертар вац хаа со лийр ву маца,
Хаарна дуьненчохь со хIунда веха.

Лелар вац, Iожалле хьал-де а хоьттуш,
Кхоьруш цо вахьарна, сих цIе а яьлла.
Амма со эзарза валанза ваьлла,
Хьо сайна юххера дIаяьлла моьттуш...

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:19   #1488
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
ТЕЗЕТАХЬ

Адам кхелхаш, лаьттахь хIутту син баррамал къелла:
Са легийна довлар - парз ду кхиэлан дожарийн.
Цхьана кертан доьзал тахана а бекъабелла -
ЦIа чохь кадеш - зударий, ткъа, арахь - божарий.


Хийла некъо дагахь доцуш кхуза голатуьйхи,
Нах а бахьаш мухIажарийн куьце бирзина.
Лула-кулахь са мел доIуш долчо Iаьржа дуьйхи,
Бехха белха беза бIаьргаш бохуш берзина.


Ламасташа говза дина дешнийн тускарш - цхьацца -
ДIало кадам оьцучуьнга тIе мел веанчо.
Бохам-хьаша лан тIелаьцна юьртан хIара цхьа цIа
Собарх-лоьрах тешон гIерта шена хилла чов.

Воно даI даьккхинчу даг тIе доIа дуьжуш деза,
Доглазаран коьртехь IаьIа бIаьрхиш дарба ден...
Мила хир ву ишттачохь шен бIаьрса дуьтуш теза,
Шен а хир дуй хууш хилча тIаьххьарлера де?

Къилахь хилча веллачуьнан даьгна дахар хьедар,
Лохуш верасашна аьхна хиндерг весетал,
Стаг дуьненчу ваьлла аьлча хилла хазахетар
Дайн хуьлий-те цунна хIуттуш долчу тезетал?..

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:21   #1489
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Боккхачу тIулга тIе хиъна Iа буйннал цхьа хьоза,
ГIерташ шен эшаршца цецбаккха ламанан арц.
Цундела полланан йозалла белшаца оза
Ас лаьцна Iалашо, хетарехь, ца хир-кха харц.

Ишттачохь деба-кха шовкъаша даьккхина орца,
Керлачу иллешца лакхбеш сан поэзин бохь,
Хьозалго екаеш тийналла зоьрталчу орцан,
Ас узуш белшаца мискъалан зарратал мохь…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Старый 12.09.2008, 00:24   #1490
цветок Зандака
 
Аватар для цветок Зандака
 
Вес репутации: 27
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха
Сан сийна, муттане денош.
Сан дагна гергара хиллачу хийистехь
Г1аьттина боьмаша шач…
Х1ун бала бара хьо дагаян,
Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош?
Кхолламо биллинчу новкъара юха а
Со х1унда вели-те лач?

Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла,
Кхетаман буйнара ваьлла,
Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало
Цкъа мацах даьккхина кес?
Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна,
Ерриг а сирйина яьлла
Гилано-къоналло дозалла щех дина
1аьржа варкъ диллина кхес….

Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн
Легашкахь хьан сибат лаьтта,
Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш,
Синтемза 1ийжа сан дог…
Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо
Сендина б1аьстенан латта,
Хийисте вай ший а д1адоьхуш,
Бацалахь тачано йиттина ног…

…Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь
Хьан озан пиллигаш хьедеш,
Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира
Самалхадаьллачу сих.
Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш,
Т1етт1а сан дог доккхадедеш,
Лалийна к1айн деши иэделла хетара
Апари хьоьстучу хих…

И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта
Тахана со хьаьгна вацахь,
Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу
Бехкаман буржалийн къа.
Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь,
Со-м цкъа а вицвина вац ахь.
Цундела оху ас, б1аьсте а ялале,
Сайн дегайовхонан кха…

Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь,
Кароре ч1ог1а сатесна,
Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено
1аь тухуш, ц1андина х1у.
Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта,
Даггара цу т1е и тесна,
Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба
Хьежа а-м со кийча ву…

1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета...

Тешаме-тешаме, эсала-эсала...©
  Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




vBulletin, Copyright ©2000 - 2009, Jelsoft Enterprises Ltd.