![]() |
|
|
#1471 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Лаьттахь харш – сан некъ бу, ткъа, стиглахь – гIаргIулийн могIа. Лакхахь тIам мел туьйхи, бухахь а сих бо ас ког. Дахкарх чекх Iийдалуш, тIедогIу гуьйренан догIа, Шелоно жагIантIехь керчадо шовданан дог. Эгна гIаш Iохкуш ду, геш оьхьуш стигала хьала, Уллерчу коьллашлахь шур-шур деш ца хеза зу… Йиллинчу метте со вогIуш ву хьалхачул хала: Къастаран синхьехам тIеIаткъам бан говза бу. Гуьйре дIа ма-яхха, вайшиъ а хир дац-кха цхьаьна. Къастаран неIсагIехь ма къийса соьца къа, мел. ГIертар бу сан кхерч а, лалаеш маьргонаш Iаьнан, Шен цIеран маттахь дан хьоьх лаьцна соьца къамел… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1472 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Еларан малхаца къагадеш сан кхиэлан баххьаш, ГIортахьа башо сан дагтIера гIайгIанан ша. Хьуна ца моттийта со вогIу тешнабехк бахьаш, Хьан кераюккъе ас даржадо сайн цIена са. Хьан куьйгийн серло а, сан сих схьаIийдалун нур а Хирг хиларх со теша вовшашца Iаламат товш. Цаьршиннан барт гича, ешар ю гIайгIанан гIура, Вайшиннан дегнаш чохь хир яц и кхин меттаххьовш. Хьан васто бол битахь сан дагалецамийн хьерахь, Кхехкор ду безаман шовкъо сан дагчуьра мутт. Хьо юххехь хилча, соь дагарло седарчийн терахь, Хьо гена ма-яьлли, чубужу стиглара бутт. ГIийбатан букъ кагбеш, йолахьа тешамна берта, Хьайн куьцан хьурматна со лардеш хилча хьайн сий. Со-м реза ву хьуна гIаш ван а хьан гIенийн керта, Ирачу тIулгаштIехь тийсахь а когашна цIий. Ас хьуна гатдина са хIинца дуткъа ду тайл а, ХIетте а, сан денойн той ду-кха хьо ирсе гар. Дашочу хьан дагчохь хIумма а ца доьду къайла, Гуш санна даточу лайтIера массо а лар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1473 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш, Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг. ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш, Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк? Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш - Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз. И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш, Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс? Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг - Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг. Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг, Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1474 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржош шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хета гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций бохуш, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна готта-готта лол бетташ и еха… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1475 |
|
Вес репутации: 27 |
Дахаре
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон, Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1476 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Шерийн чкъурах зIаьнарш чекх а йохуш, Лепа суна бераллера седа. Батто шен хьонхалца стигал охуш, Хаьа цунна дог сан доккхадедан. Меттаххьедеш кхиэлан дашо терза МIаьргонашца тIехтиллачу хенан, Бераллера цхьа синхаам мерза Дагчохь даим бен бан гIерта шена. Олхазаран куьцехь тов-кха иза ТIемаш детташ тулгIенаш тIехь иэсан. Цуьнца цкъа а ма хуьлийла къиза Iаьржа дилха сан гIайгIанан хьесан. Лепа баьлча бераллера седа, Сан син оьмар шен серлонах хуттуш, Илли хIутту Iаьвшший дог сан хьедан Ирсан цIенойн кхин цхьа пен а буттуш. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1477 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш, Ас и айса тегна дела догуш долчу сица. Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха... Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол, ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха? Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу - Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш... Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?.. ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1478 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста, Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а. Лаьа гонах техка бецаш хьеста, Лаьа хIора дитте хьал-де хатта. Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий, Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште. Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий, Бацалахь сан ойла лахло гоштIе. КIорда ца до хьежа стигла хьала, Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а, Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а, Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1479 |
|
Вес репутации: 27 |
Iуьйре
Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш, ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш. Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш, Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш. Шовданан татол го басах чу хьаьдда, Ламанан букъ тIехьа малх айало. Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда, Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо. Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена. Бацо а баржийна лаьтта шен куз. Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1480 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьан б1аьргаш чохь пелаг хьедан х1утту г1айг1а-ч1ара, Ирсан б1аьрхиш лакъор лоьруш коьрта 1алашо. И-м схьабаьккхи сан б1аьро, шех хуьлуш дашо м1ара, Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха 1аь лашон… ХИинца-м хьан б1аьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина. Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн ц1азамаша, Сан даго шен 1аьнарх хьуна бацон мох бина. Сан г1евланга цуьнца х1отта ахь цкъа нигат делахь, Сан набаран дилха огуш, г1енийн сур ла1а… Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь, Цунна чохь а яц-кха т1аккха хьо бен х1уьрла1а!.. Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш, Ц1ийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!.. Уьш ма ду ас г1оьнна хьехна, деган пондар булуш, Тайна мукъам балабайта сайна т1аьхьара… Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча х1ара Ц1ена илли ала, хьан сий кховдош хастаме, Хьан куьцана хьог1о морса марчо дустур дара, Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|