![]() |
|
|
#1461 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Даймехкан гIаролехь хан йоккхуш сема, Бухтоха кийчча Iаш кхерамаш тIеман, Букъ тIехьа лоьцуш шен дай баьхна кхерч. Даггара вецаш шен халкъана, цIийнна, Ша хьанал даьккхинчу рицкъанан сийнна Лоьруш шен куьйгаш тIехь мел кхиъна берч, ДагтIера дIайохуш стешхаллин гIоьмаш, Даггара кхиош шен ойланийн стоьмаш, Поэзин дитта тIехь кходуш шен га, Цхьа маьIна билгалдеш, кхоллалахь шеко, Майрра бIобулуш шен иллин аз деко, Дош кхуллуш, дошамах ца етташ ка, Вар-валар гайтаран терахьийн йоза, Кадолуш шен байтийн терзанахь оза, Шен дагалецамаш абаде хьош, Халонех чекхвуьйлуш, ца лиеткъаш цкъа а, Шен юьхь тIе ца юллуш туьтмIаьжиг цхьа а Верг ву-кха хьакъ ала Даймахках дош… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1462 |
|
Вес репутации: 27 |
Сан дегайовхо
ЛагI ца ло мукъам сан дагчуьрчу эшаран, Гуьйрено хийцарх а Iаламан куц. Со кхетар вац-техьа тийналлех эсаран, Детица кхелича цо можа буц? Хьун а ю палтуьйсуш тIаьххьарчу шен гIашца, Эххар а хIун хир ду ца хууш сох. Некъашца маьI-маьIIехь Iохкучу нехашца Ларош хир бац-техьа гуьйренан мох? Замано латтайо, шех говза пхьар хуьлий, Лаьттаний, стигланний юккъера зIе. Ца тосуш Iийр яц-те тобанаш гIаргIулийн Бух боцу сингаттам сан дагна тIе? Дей-буьйсий хийцало – заманан терзанаш - Царна тIехь герканаш - сан хIора шо. Ца хабош ца Iар-те дахкаре дерзанаш Сан кхиэлан коьртара массо а чо? Абадехь тахане селхане санна ю… ЗIаьнаршца къагадеш ламанан дукъ, Можа малх чубузуш цIелетта анаюх Ца тосуш ца Iар-те сан кийра юкъ? Махкана тешамна ас йинчу чIагIонна Ца бетта муьтIахьчу иллеша пе. Сан къоман кхетаман таьптаран агIонна ТIехь юьсур юй-техьа, ванах, сан цIе? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1463 |
|
Вес репутации: 3 |
* * *
Юха а гIаьтти-кха сан гIайгIа хьан куьйгаш тIера, Доьлхучу бIаьргашна ахь дуьхьал дехкича уьш. Сан дагна тIехула хьийза и хьаргIанах тера, Сан иэсан хIаваъ шен тIуьначу тIемашца хьуьйш. БIаьрхиша хьан юхьтIе аьгначу муьлххачу харшо, Шена чохь дебайо сан дагахьбалламийн чалх… Со муха кхетар ву хIун боху хьан бIаьргийн Iаршо, Цо къобал ца бича сан дегайовхонан малх?.. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
#1464 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Хьайн месийн ча тухуш бина шовкъийн поппар дашо Сатийсамийн цIенош хьохуш чекхбаьккхи-те ахь? Ахь матта кIел Iалашдинчу бехкамечу дашо Ша-шех догуш хIоттийна-те хьан бIаьргаш чу къахь? Шех кхин суна са хир йоцу кху ойланийн баккхал Хьанна гайта лууш, ерзийна ахь сан хьиэ чу? Цо сан кийра, цхьамза санна, Iуьтту Iоттабаккхам Лан ма атта дац-кха суна - са карзахечу... ГIайгIано хьан ойланаш тIе IиндагI тасахь гIеххьа, Милт ахь хьалаийзарх, гIийла хир бу хьан стогар: Ирсан буьйсанаш сан оццул Iаьржа хиллашехьа Хуьлуш ду сан месашлахь а наггахь кIайн чо гар. Синхьааман моз а, иштта сингаттаман стим а Со-м цхьатерра хьокхуш варий сайн безамна тIе. ХIинца-м дог сайн хета тхин тIадамал бIозза жима - Оццул йоккха цхьалла цу чу муха тарло-те? Шимма кхин дIа лар ца бинчу синхааман къина Суна цхьанна аха диси вайн къастаран урд... Со вицвинчу цу хьан деган шагатIулгах дина Хуьлда тIаккха ахь сан ирсан коше доьгIна чурт... 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1465 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека, Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до… ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека, Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо? Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ, Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь… Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш, Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1466 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш, Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг. ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш, Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк? Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш - Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз. И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш, Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс? Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг - Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг. Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг, Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1467 |
|
Вес репутации: 27 |
Нене
Нана, аса-м хьан хебарийн Къахьа-дуьра йоза тидда. ГIеххьа хан ю сан даго и-м Хала гочдина. Хьаьжаюккъех доьду харш – Сан некъ бу кхерам болчу идда. Цунна уллехь – харш – сан гIалат, Ахьа гечдина… Шийла маьIна долуш ду-кха Бесни тIера кхин цхьа харш а: Со цкъа мацах, цомгаш хилла, Меттахь Iиллина. Хьан бIаьргашна гонаха ю Дахарера сан лараш а – ХIинца уьш а хершнийн куьцехь Го сан иллина… …КIентан кошан барз ларбечу Чуртан сема IиндагIа а Саццаза хьан юьхьтIе оьгуш, Харш хуьлуш ду шех…. КIант хьайх дIакъаьстичахьана Ахь ловш йолу хIара хан а КIоргга балдийн сенаш охкуш, Къиза хьерча хьиэх… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1468 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сайх къаста ца луу сирделла некъаш а тийжош, Са кхийдош гуьйренца даттанах яьллачу цIерга, Шеконийн кIуьралахь сайн деган бIаьргаш а Iийжош, Со вогIу вохвала хьан синан серлонна герга… Дахарх ас ен ойла яц хьуна хIинца сан аьрга, Гуьйренца ношъелла, чуйоьжна дагтIера вас. Беттасин гоьмукъах вогIалуш хьан коран бIаьрга, ХIусаман кIоргенехь дегор ду хьан гIаларт ас… Хьоь кхайкха мегий ас седарчий оьгучу ара, ДIагойтуш хьуна а сайна бен ца бевза некъ? ГIайгIа сан охьуш а, луьйсуш а хьо яцахьара, И муха ер яра сан деган цацанах чекх?.. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1469 |
|
Вес репутации: 27 |
Ши безам
Дозаллин акхтарган буьххье а баьккхина синхаам сайн дуьххьарлера, Массарна и гайта гIерташ, ас хьийгира ял йоцу къа. Кхолламан мох баьлча, акхтарган бохь бойна, чубужуш и цунна тIера ДIабуьзна ирсан малх ах бен схьакхетанза хIинца а хета-кха, ткъа… Къайлахчу ойланан кулла кIел лечкъабо тахана-м сайн безам керла. Дахаран эсаро сан син гIад чахчийча, цо во со гуттар а вох… Мел буьрса хьекхарх а, де-буьйса ца лоьруш, гойтуш шен инзаре дералла, Хийлазза цу куллах ког дIа а тасалуш, горбаха кхолламан мох… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1470 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна, Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна, Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла, Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла. Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха, Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха, Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса, Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|