![]() |
|
|
#1451 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буьйса ю - IиндагIа доьдучу дийнан. Iуьйренан къайле ю – сатасар. Бахьана цхьаъ ду со хиларан дийна - Ас хьоьга даггара сатасар. Иза ду, хетарехь, хьаргIанал къена, Хьо-м цуьнан верас ю хьалхара. Ткъа, дахар - мIаьрго ю гергарчу хенан Дуьненчу валаран, кхалхаран. 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1452 |
|
Вес репутации: 27 |
Седа уьду…
Седа уьду… Беттан хIоа луьйсуш, РагI а лаьцна, мархаш хийцало. Тховса уьш сан деган бIаьра хьуьйсуш, Ойла-боргIал ирах кхийсало… Седа уьду, стиглахь тача огуш, (Бода цуьнга жимма эшало) Дешнийн чIийш сан меттан буьххьехь догуш, Довха хьацар дагах лешало… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1453 |
|
Вес репутации: 9 |
* * *
Седарчий дегадо милла, ДогIанах Iена уьш лаьтта. Сан ойла дIаяхна тилла, Сан массо сатийсам аьтта. Баттана махо це етта, Дакъошка йирзина буьйса. Бехк боцчу гIайгIанна кхетта Къастарна ластийна буй сан. Сацкъаран тача ду тайша. Тийналла йолало зов дан. Кхин цкъа а гур дац-кха вайша Безамна доьлхучохь шовда… 1илман Юсупов |
|
|
|
#1454 |
|
Вес репутации: 27 |
***
Къоламан белаца кехат а охкуш, Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш. Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш, МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш. ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам, Букарчу цхьалло шен гехь латтабо. Суждане эгахь а ойланийн бIо, ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м. Кхолламан барам бу цкъачунна беса — Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац: Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац Дуьненан лазамо шен Iеса еса. Шардо ас упханаш массо а байтан, Воттанан меттана тIехьоькхуш са… Марчонна лоьру ас хьарчоза къа — Илланчин оьмаран цIеналла гайта… Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал, Массарна хетийла дацахь а дош. Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош, Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1455 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Эзарнаш шерашкахь седарчийн синошна Бутт лепа, теш хуьлуш лаьттахойн къиношна. Сан доьхна дог тедеш хаза а, говза а, Нур Iенош, цо новкъа воккху со тховса а. ХIора гIулч мел яьккхи ког астагIлелха сан, Буц лазош тхин тIадам шена тIехь белханза. Сагал-буц хилла, сан са санна, хIусамза - Шен къаьхьа мутт мийлош, кхобу цо узам сан. ТIулгаш тIехь ловзучу шовданан иллина Уллехь Iан лууш ю сан ойла йиллина… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1456 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Буто ша ма-биннехь хIорда чу хьоьдучу хишна, Гуьйренан эсаро гур боьгIча бацалахь тхишна, Безаман кхерчан цIе овкъарша яьккхича къайла, Хьан васт ас дIадуллу сайн дагалецамийн лайла. Малхбузехь гIорийча суьйренан зIаьнарийн мекха, Йиш хаьлла Iаьнан мох баьлча шен ма-хуьллу хьекха, Сайн дог ма-карийннехь, куьг доцчун пхьош санна, деса, Деллачу хьан вастан гIевлангахь ас доьшу еса… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1457 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
КIордийна сан дагна ял йоцуш дага, Лаьтта тIехь ког баккхар тIам тохар хеташ. ГIайгIано тахкийча ойланийн ага, Кхачий-те сан дегайовхонан хеттарш? КIордийна сайн цхьаллин набахтехь валла, Маршо ган йиссина мIаьргонаш лоьруш. Сайн цIена ниййаташ гуш хилча Далла, Со хIунда ву-те сайн халбатах кхоьруш? КIордийна сайн гIенийн дахкарлахь лийча, Тийналлех тешийна набаран гIовла. Шеконийн иэс лардан суо хилча кийча, Со хIунда гIерта сайн синков дIакъовла? КIордийна къежбан сайн ойланийн бода, Шеретан дарже а баьккхина иза. Сан оьмар – секх ду-те кхолламан Iодан, Я адам ду и - цо лазийнарг къиза? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1458 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
1омачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна, Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь. Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна, ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь. Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш, Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш. Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш, Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш. Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха, Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох. Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха, Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох. Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь. Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан? Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь, Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1459 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Сан бехко-гIалато схьаетта хьожа а ца лайна, замано вабанца Датадо сан дагалецамийн диттийн ша Iаьнарца кIаддина гонаш, Цу диттийн орамийн пехаша доьIу са хIаваах дIаэн ца дуьтуш. Сан хазахетарийн бIаьргаш а Iийжабеш «байттамал» олучу сабанца, Чопанах-марчонах хьерчаеш мискъалан зарратал сан ледарлонаш, Сан ирсан керлагIа маргIалш цо лийчадо, лазаман хи тIе а дуьттуш… 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|
|
|
#1460 |
|
Вес репутации: 27 |
* * *
Хьуьнчохь латта тIун а делла, некъан лар ца го. ГIанийн можа беркат оьгу дитташ тIера охьа. Кху дуьненчохь айхьа цхьаьнхьа дагалоцуш со Стиглахь лела Iаьржа мархаш тергалъелахь ахьа. Кеста Iаьно, шок а етташ, чекхдоккхур ду шо, Боьлакарчу диттийн баххьех дорцо етташ кхесаш. Кху дуьненчохь хьайна цхьаьнхьа виц ма-велли со, Стиглахь гой-те хьоьжур юй хьо мархийн къоьжа месаш? 1илман Юсупов
__________________
Дуьненчохь хьан меха цхаъа ца хета... Тешаме-тешаме, эсала-эсала...© |
|